ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийн Wikipedia: «Дешан маршонна хорам беш ю парламент»


Википедин оьрсийн сайт

Википедин оьрсийн сайт

«Википедин оьрсийн сегменто шен болх сацабо цхьана денна. Иштта ю оха информацех долу низам юкъадаккха кечлучу Оьрсийчоьнан пачхьалкхан думана тхаьш резадацар гойтуш айина протест», - аьлла йоза ду интернетерчу Википедех пайда оьцучу миллионашна, шаьш лоьхучу информацин меттана, цуьнан сайта тIехь деша дисина. Кхин хIумма а дац. Бахьана иштта ду...



Шинарий дийнахь пачхьалкхехь яржочу информацин хила тарлучу хотΙах лаьцна, аьлча а, цунна нуьйр туьллуш, дийцарш дlахьош яра Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Дума. Муьлха хиламаш, дахаран агΙонаш йийца тарло, уьш муха йийца мега, бохург къастош бара парламентхой.

«Лелачу низамна юкъадахка кечде керла маьΙнаш чекхдовлахь, интернет литтаршкахь хир ю – билгалйохуш ю лела бакъо хир йоцу сайташ, чΙогΙурйолу интернет-ресурсаш.

И юкъадахкарш низаме кхачо гΙертачу депутаташа, шаьш иза берашца интернетехула эвхьазлонаш ца лелаяйта до, боху. Амма дийцаре дечу хΙуманийн шоралле хьаьжча, гуш ду, низам хийцинчул тΙаьхьа Оьрсийчохь ерриг а интернетан а маршо юкълур юйла. Оцо дахар кхачор ду Википедин а, и санначу а сайтийн», - боху, хьо цхьа дош талла дагахь, Википедин агΙонтΙе ваьлча, лоьхучу маьIанан метта дуьхьалхΙуттучу йозано.

Цхьаъ делахь, Википеди, ша интернет а санна, муьлххачу а Ιилманчанна, студентана, журналистна хΙора денна, дахарх Ιилма а дузуш, оьшучу информацех пайда оьцучунна ца хилча ца йолу ресурс ю. Цу тΙе, вайн заманахь хаам лелачу генашлахь телевизионал, радионал я газетал хьалха ю интернет, боккха мах болуш ю муьлхачу а дешан лугΙат деш, оьшучунна сихонца муьлхха а хаар схьакхачош йолу Википедин сайт а. Цундела миллионаш адамашна бен башха дац иза балхах юкъарялар.

ШолгΙа делахь, бух болуш ду цо протест кхайкхоран бахьана а.

Информацех долу низам дузуш дийцарш Думано дΙадолийра кхо-диъ де хьалха. Депутаташ, шайн коьртехь «Цхьааллин Оьрсийчоь» парти а йолуш, лакъо дагахь бу, Кремло билгал кΙезиг доккхуш делахь а, цунна товш йоцу интернетан таронаш, аьлча а, гура лаца гΙерта Оьрсийчоьнан бахархоша цкъачунна парггΙат пайда оьцуш йолу интернет. Цунах тешна ю кху деношкахь оппозици а, шайна чохь маьршша компьютерш чухула цкъачунна дог-ойла дерриг дуьненна а йовзийта таронехь болу дуккха а нах а.

Дуьйцучу низаман проект ма-ярра чекхъялахь, Оьрсийчохь хΙора а сайт къевлина хила езаш ю 5 неΙарца. Сайт схьайоьллуш, хьо декхаре хуьлу хьайн шерийн категори а къастийна, иза билгалъяккха – тΙаккха бен еша а лур яц сайт.

Берашна йовза мегаш йоцу информаци царалахь яржор, я берашца эвхьазлелар гойтучу сайтан долахо низаме озош хир ву, лаккхара таΙзар а деш. Амма Ιедалан цΙарх муьлхачу а хьаькамна таро хир ю шена товш доцург оцу доза дацарца шорлучу низаман гура чутакхо, аьлла хета Думано гΙаттийначу балхана резабоцчарна.

КхидΙа. Низамо бакъо ло Ιедалхошна товш йоцу муьлхха а сайт зΙенан урхаллашкахула дΙалакъо. Кхуллур ду, низамца а догΙуш, яха бакъо йолчу а, йоцчу а сайтийн тептар. Масала, сайт дΙакъовла бахьана луш хир ду цу тΙехь нислахь дешнаш «калий», «селитра», «ацетон», кхидерш. Оцу коьчалех еш ю бомба террорхоша, оцу дешнашна маршо луш йолу сайт терроризм тΙекъаеш а, эсктремизмехьа йолчех а лорур ю Ιедалехь болучара, шайгахь лаам хилахь.

ТΙеоьцуш долу низам, шеко а йоцуш, Оьрсийчуьрчу оппозицина духьал доккхуш а, муьлххарг а Ιедална резавоцург охьатаΙон кечдина а ду, боху кху деношкахь интернетехь вуно дукха-дукхачу наха. Хьалхо гуламийн маршо йоьхкуш арадаьккхинчу низамна чΙагΙо еш ду хΙинца пачхьалкхан думано дийриг а, бохуш ду Оьрсийчуьрчу эзарнаш сайташна тΙера йозанаш.

Юкъадала тарлучу низамна резадацар дΙакхайкхийна президентан гонерчу дакъоша а тIехь. Адамийн бакъонашкахула йолу кхеташо ю царех цхьаъ, масала.

«Интернет нахана йоьхкуш долу адамийн бакъонаш лакъош долу низам ду иза. Цензура ю юкъайоккхуш. Интернетна и гураш хΙитторна тхо дуьхьал ду, цо демократина зе дохьур ду», боху кхеташоно парламенте а, президенте а ша дахьийтинчу кехата тΙехь.

Амма кхеташ ду, Википеди протесте ялар я президентан цΙарах адамийн бакъонаш Ιалашъен кхеташо резаяцар Оьрсийчоьнан пачхьалкхан думерчу депутатийн дага бала боссош хIума дац . Цундела кхета дукхахболу оьрсий, интернетна кестта нуьйр туьллур юйла. Ткъа дан хΙума дац-кха, бохуш ду, тахана интернетхоша, даккхий доху синош.
XS
SM
MD
LG