ТIекхочийла долу линкаш

Жириновскийна оьгIазбахначуьра юха ца боьрзу нах


Оьрсийчоь -- Либерал-демократин партин лидер Жириновский Владимир, 13ГIу2012

Оьрсийчоь -- Либерал-демократин партин лидер Жириновский Владимир, 13ГIу2012

Оьрсийчоьнан парламентан вице-спикеро, либерал-демократин партин куьйгалхочо Жириновский Владимира телехьожийлехула шаьш сийсаздеш дина къамел дита лерина бац кавказхой. Нохчийчоь, масала, тахана ю Жириновскийна луьйш.


Цо аьлларг тергоне эца а оьший те аьлла, цхьа «чан яккха» говза политик а, бозбуанчаллин говзанча а, Пачхьалкхан Думан жухарг а санна тIеоьцуш ву иза, Нохчийчохь хьовха, Къилбаседа Кавказан дукхахйолчу кIошташкахь а.

Цо Кавказ а,цигахь деха къаьмнаш а хьокъехь, федералан телеканалехь динчу къамелана гонах лаьтта гIовгIа тIекхетахь бен йижа туьгуш яц. Кегий къаьмнаш дебарна иза дуьхьала стенна ву? Стенна бу цуьнгахь кху меттигашка а,кхузахь бехачу нахе а оццул цабезам? Гонаха кIохцал сара а лаьцца, Кавказ дIакъастош херйича, Оьрсийчоь ирсе хир ю моьтту те цу жухарг-политикана?

Оьрсийчохь доладан стагга а воцуш, адамех яссаелла эзарнаш ярташ, тийсина лаьтта миллион гектараш кхаш-аренаш ца го те цунна? Кавказера а, кхечу меттигашкара а кегий къаьмнаш а доцуш, Оьрсийчоь ша яхалур йоций ца хууш ву те и стаг? Ишта а, кхечу кепара а хеттаршка буьйлу Жириновскийн хьокъехь бахархой. Цара кхеторехь иза Оьрсийчоь йохарехь сихо ян араваьлла стаг ву.

Жириновский Владимирах а, цо Кавказах доьзна дийцинчух а сан къамел хилла
Новр-кIоштерчу вахархочуьнца Саламов Мохьмадца.

Саламов: «Цо дина къамел суна цхьа абсурд хета. Россехь эр ду-кх вай цхьа бер долуш дукха бу, наггахь берш бу ши бер долуш, ткъа кхо бер дерш-м церан турпалхой бу. Вайх дIакъастахь, церан дебар хир а ма дац! Кхузахь, Кавказехь, адам дебар чIогIа ма ду.Кхузахь бераш дар алсам хилар бахьанехь лаьтташ ма ю Оьрсийчоьнан къоман дукхалла а».

И ца хууш ву кхин и стаг ша?

Саламов: «Валлай Iазамора и ца хууш –м хаац суна, цхьа хьекъална дика воций-м хаьа суна. Нохчий дебаш а бу, шайх жоп луш а бу, шаьш хIун леладо хууш а бу, къахьогуш а бу. Ша хаац Кавказан къаьмнаш ца дезаш и лелаш вацахь.

Къаркъанаш муьйлурш дукха хуьлу-кх Оьрсийчхь. Соьца дешначу сан накъоста а дуьйцура, болх охьа а тосий, оьрсий маларе бирзича, къанбеллачу зударша белха а боьлхуш, даьхнех къахеташ, цаьрга хьовсура бохуш. Цу шина йоккхачу стага узу, бахара, бежаний,ткъа колхозан хьаькамо шура дIахьо, бохура. лапа эцначу кхаа –деа дийнахь шаьш и леладо, бохура. ХIара дича и хир ду, кху аьттан тIаьхье дика ю и кхио еза, кханенна, ламанне а ойла а еш, тIаьхаьло а йолуш, церан белхалой бан а ма бац».

Маршо Радио: И ца хууш ву Жириновский?..

Саламов: «Хьалха заманахь хьоладайша шайна самукъаненна лелош жухIаргаш хилла-кх. Изза ву-кх иза а. Хьекъал хилча, цо и къамел дийр ма дац. Тергал а ца веш витар бен молха а доцуш цхьа жухIарг вара иза-м».

Къилбаседа Кавказана гонах керт яхьа а еза, кхоалгIа бер дуьнентIе даьккхинчарна гIуданаш тоха а деза, аьлла, Жириновскийс хааме даьккхинарг дийцаре дина нохчийн депутаташа а. Цара сацамбина цуьнга мандат охьа- диллийта, иза депутатан даржах мукъаваккха болх дIаболо.

Шайн коллегас дийцинарг лартIехь хеташ бац Къилбаседа Кавказера Пачхьалкхан Думан цхьаболу депутаташ а. Царех ву Саралиев Шамсаил а.

"Масийтта шо ду, - боху цо, - Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсашкахь Кавказ нажжаз еш, вон мел дерг кхузара схьадолуш санна, ялхош йолу. Къоман кхетамехь уьш Кавказе цабезам кхион лелош хIуманаш ду…къаьмнийн барт эгIо, уьш чуьчча дахийта, мостагIалла дебон, Iалашо цхьаъ ю - Оьрсийчоьнах Къилбаседа Кавказ дIа а къастийна,пачхьалкх дакъошка ерзо…Тоьур ду Кавказ бехке яр!»

Герггарчу барамехь ишта дIахьедар гIардаьккхина депутата Саралиев Шамсаила. Цуьнца яхье бевлча санна, Жириновскийс дина къамелн хьокъехь, цунна тIеIаткъам бан леррина гIулчаш яха дагахь бу Дагестанара а, Хирийчуьра а депутаташ а.
XS
SM
MD
LG