ТIекхочийла долу линкаш

ГIирма гIайренна йина йолу аннекси бакъйан цхьа а бахьана дац, ткъа Оьрсийчоьнна дуьхьал керла санкцеш ца йича евр яц, аьлла дIахьедар дина Меркел Ангелас.

Немцойн кацлера ша кхеташ ю элира, Оьрсийчоьнний, Украиний юкъаметтигашкахь хазнесанна халонаш кхоллалур юйла, тIаьхьарчо Европица шен гергарло чIагI мел до а, къаьстина Киево Евробартица маьрша мах лелорах болу барт тIеэцначул тIаьхьа. И хIума ша хийлаза Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца дийцаре а дина, аьлла.

Иштта ша хаийтина цунна, цхьа а бахьана дац кху дуьненчохь ГIирмина йина йолу аннекси бакъйан а, Оьрсийчоьно Луганскехь а, Донецкехь а тIемашкахь дакъалацар а, иза тIемаца Украинин чутаттаялар а бакъдан, бохуш дийцира немцойн канцлеро кхаари дийнахь Бундестагана хьалха йистхуьлуш.

Цуьнца цхьаьна Меркела билгалдаьккхира, ша Украинин президента Порошенко Петрос юхьаралаьцна хIума а- и мохк НАТО юккъе бахаран хьокъехь референдум яр, - къобал ца до, аьлла. ХIунда аьлча, немцойн канцлерна хетарехь, карарчу хенахь иштта а чолхе йолу йолу Оьрсийчоьнца юкъаметтигаш цу тайпанчу гIулчано кхин а марсайохур ю.

Ала догIу, Европерчу пачхьалкхийн куьйгалхошна юккъехь уггаре а ира Путин Владимирна а, Оьрсийчоьнан Украинерчу талоршна а критика еш ерг а, амма цуьнца цхьаьна уггаре а жигара цу кризисехь дипломатийн некъаш лоьхуш, Кремлаца цхьа барт карон гIерташ ерг а Германин куьйгалхо ю. Деккъа цхьана даханчу шина кIиранахь цуо 36-за телефонехула къамел динера Путин Владимирца.

Амма, схьахетарехь, цу къамелех пайда хуьлучух тера дац. ХIунда аьлча, шинари дийнахь Берлинехь ша къамел деш Меркела мукIарло дина, Оьрсийчоьнна дуьхьал керла санкцеш ца яьхча гIуллакх хир долчух тера дац, аьлла. И санкцеш шен, Европин, экономикана а пайдехьа яцахь а, амма дуьненаюкъара низамаш а, къепе йохош хилар кхин а зенехьа ду, элира немцойн канцлеро.

Ала догIу, Меркелс куьйгалла дечу немцойн урхаллехь массо а бац иштта Оьрсийчоьнан хьокъехь дера. Цуьнан кабинетан арахьарчу гIуллакхийн министр волу Штайнмайер Франк-Вальтер, ала дашна, хьалха Путинан доттагI волу Шредер Герхард Iедалехь волчу хенахь а арахьарчу гIуллакхийн министр хилла волу, Кремлан доттагIийн тобанах ларалуш ву.

Иштта Меркелца урхалла доькъуш йолу социал-демократийн партин декъашхой а, аьлча а, Шредеран партин накъостий. Цу накъостех цхьаъ – Малхбалерчу Германера орамаш долу Кремлан доттагIа Платцек Маттиас кху деношкахь гIарвелира, ГIирма Оьрсийчоьнан долахь хилар къобал а дина, дита деза аларца.

И санна болчу политикийн риторикно тIеIаткъам бар бахьана долуш могIарера бахархойн доккха цхьа а дакъа ду, дукха хан йоцуш Германехь бинчу хеттамаш ма-гайтара, ГIирма Оьрсийчоьнна йита мегар ду аьлла хеташ. Амма цу хьокъехь политолога Чапханов Руслана Маршо радиога хьастагIа ма-аллара, нехан лааме я цхьаццачу политикийн лааме хьаьжна кхоллалуш яц Германин арахьара политика. Дуьненаюкъарчу низамашна тIехь кхоллалуш ю.

Чапханов Руслан: „Германин Iедало сагатдеш дерг хIун ду аьлча, дуьненаюкъара Iедалан кеп йоха а йина, Оьрсийчоьно Украинин цхьа дакъа схьадаккхар ду. Цигахь цхьа ГIирма хилла ца Iа, шаьшна а изза дарх кхоьршу ю Балтикан хIурда уллера пачхьалкхенаш а, Молдави а, Кавказера пачхьалакхаш а“.

Шен Германерчу оьрсийн векалца Гринин Владимирца долчу доттагIаллийца вевзаш волчу оцу Платцека Путинах демон ван гIертар дита деза, мелхо а, цуьнца цхьа мотт лаха беза, элира. Ала дашна, Платцек „Оьрсийн-Немцойн Форум“ олуш йолчу тIеIаткъамечу цхьаьнакхетараллин куьйгаллехь ву, ткъа журналисташа Германехь Кремлан лобби лелочу нахех цхьаъ лоруш а ву.

Бакъду, кхин еха цуо иза лелаяхь тамаша бу, хIунда аьлча, цуо куьйгалла деш йолчу форумна реформа ян лерина ю немцойн урхалла, ткъа ша Платцек балхара дIавала веза боху аьзнаш алсамдевлла Германин лакхарчу политикан гуонашкахь.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG