ТIекхочийла долу линкаш

"Тоьр ду Канзас кхабар" - нацистийн рогIера перл


Cеменов Александр, "Тоьар ду Канзас кхабар" эшарца питана даржадечу "Рабфак" рок-тобан куьйгалхо

Cеменов Александр, "Тоьар ду Канзас кхабар" эшарца питана даржадечу "Рабфак" рок-тобан куьйгалхо

Москох жигара хьийзачу нацистийн могIаршка яьлла хIинццалц протестан эшарш лекхарца евзаш хилла "Рабфак" цIе йолу рок-тоба. ХIиллане трюк хьовзош, "Тоьар ду Кавказ кхабар" боху лозунг цхьана дашехь а хийцина, шен керла йиш яржийна цо Оьрсийчохь. Оцо юха а оьгIазбахийтина кавказхой. Амма Маршо Радиоца къамел деш "Рабфакан" куьйгалхочо аьттехьа а ца дитира ша лоькху йиш зуламе хилар...


Я нохчий а, я кавказхой а бац "Тоьар ду Канзас кхабар" эшаран дешнашкахь хьехош. Амма видеогайтаме йиллинчу цо хаддаза гойту нохчий а, дагестанхой а, гIалгIай а хелхабовлуш, гойту цара ирх герзаш кхуссуш а, зуда ялийначохь машенаш вовшахъетташ а.

ТIаьххьарчу хенахь оьрсийн нацисташа хьалхатоьтту «Тоьар ду Кавказ кхабар" бохуш лозунг ца хезначо цкъа а кхетор дацара и эшар хIунда халонга яьлла кавказхошна. Эшаро далхадо, цхьа шайх, оьрсех, боцчу наха, шайна юкъа а баьржина, шайн дахар хIаллакдеш ду бохуш. И нах "бандидаш" а, "шобла" а ю боху Рабфако.

Дуьххьара, оцу эшаро къаьмнашна юкъа питана туьйсу аьлла, тидам бинарг ву Оьрсийчоьнан коммунистийн партийн Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхо Ахматов Мохьмад. Цо Маршо Радиога дийцира шена цатайнарг хIун ду.

Ахматов: «Иза дерриг а хIун ду аьлча, иза - провокаци ю. Кхин мел провокацеш йийр ю и йиш локхучу артисташа, хууш дац. ХIинцалц церан эшаршка а хьоьжуш, велла со, амма ас ойла йича, бакъболу расисташ бу уьш, фашисташ бу а ала мегар ду».

Ю-Тубехь яьржинчу оцу эшарна тIедихкинчу суьрташ тIехь дукха чIогIа тидам тIебохуьйтуш ду, зуда ялийначу меттигашкахь кавказхоша машенаш вовшахъетташ хиларна. Иза цхьа акхалла санна гойту клипан авторша, боху нохчийн политико.

Ахматов: «ХIора къоман шен-шен цхьацца гIиллакхаш ма дай. Кавказан къаьмнаша зуда ялийначохь говраш хохкуш хилла, шайн хьуьнарш гойтуш. ХIинца говрийн меттана машенаш ю. Кхечу къаьмнаша зуда ялийначохь, къаркъа а молий, батош йохайо. Соьга хаьттича, машенаш йохор тоьлу, батош йохочул».

Ахматов Мохьмадна хетарехь, и тайпа эшарш язъечарна а, уьш дIаолучарна а тIехьа лаьтта Оьрсийчоь йохо лууш хьийза ницкъаш.

ГIараяьллачу клипан автор ву Рабфак тобан куьйгалхо Семенов Александр. Ша ца кхета боху цо, кавказхошна хIунда новкъа ю и эшар, цигахь "Кавказ" дош хиллане а ца хилча, юьйцург Канзас хилча.

Семенов: «Оцу эшарехь цкъа а хезаш дац "Кавказ". Я видео а тIеоза а мегар дац оцу эшарна, цхьа ассоциацин бух тIехь бен. Артистийниг уггаре баркалла доцу хуьлу болх бу. Иза а аьлла бехказвала а ца гIерта со. Тхайна ала луург а, ала гIиртинарг оха аьлла даьлла».

Канзас хьахийча, ахь Кавказ юьйцийла цхьанне а хуур дац аьлла хьо хеташ велахь, муха, маца, хIун бух болуш дагадеана хьуна и йиш язъян а, цунах клип ян а, хаьттира Маршо Радионо.

Семенов: «Цкъа а хууш ца хуьлу, я ала а ца ло, хIун бахьана дара йиш язъян. Амма, эшарехь а, оцу клипехь а гойтушдерг ду юккъараллехь лаьтта хьал. Оха мел язъе эшар дахарера схьаоьцуш ю, юккъараллехь лелачу хьоло хIоттийнарг ду оха гойтуш».

Канзас а, Кавказ а юзо оьшуш дац бохучу ницкъийн и ший а лозунг цхьана йогIуш хилар даре ца дечу музыканта Маршо Радиоца шен хиллачу къамелехь некъ баьккхира шена, пачхьалкхехь лаьтта хьал бехке а деш, ша цIанвала.

ХIунда ца лоькхура аш эшарш, Нохчийчохь, шуна деза хета миллиардаш долларш а дойуш, къиза тIемаш Оьрсийчоьно бечу хенахь, аьлла, шега деллачу хаттарна ишшта жоп ло «Рабфак» рок-тобан куьйгалхочо.

Семенов: «Оцу хаттарна ас ишшта жоп лур ду: юккъаралла йист а ца хуьлуш Iаш яра, стохке кхаччалц. Даима а бист а ца хуьлуш Iийначу наха стохка гуьрахь гуламаш буьйлабелча, хина дуьхьал йоллу чIинг йоьхча санна, дийца долийра шайна луург. Иза историн цхьа агIо ю. Ас даиманна дийцина, и нохчийн тIемаш бина ахча декъархьама, бохуш. Иза оьшуш дацара, ян оьрсашна а, я нохчашна а. Ас даима а баьхна, бохур а ду, дика политик а кхераме ву хьерадевлачу жалийн тобанал».

Нохчийн коммунистийн лидер Ахматов Мохьмад говзанчашка "Рабфако" лекхначу эшаран мах а хадабайтина, церна зераш бухе а дехкина, кхеле вала дагахь ву, рок-тоба оцу эшарца нохчийн а, кхечу кавказхойн сий дайа гIерта аьлла.

Кхунах тера

XS
SM
MD
LG