ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мила ву Оьрсийчохь дика вехаш?


Опиум узуш ву хьал долу ши китайхо. XIX бIешерера миниатюра.
Опиум узуш ву хьал долу ши китайхо. XIX бIешерера миниатюра.

Оьрсийчура элита уггаре а теллина йоцучарех ю кху дуьнентIехь. И нах буьйцуш биллгала кхеташ дац буьйцурш муьлуш бу. «Лента.ру» онлайн газето инфографика хIоттийна уггар бехаш болчу нехан хьолах а, уьш муьлхачу къаьмнех бу а бохург дуьйцуш.

Мел "советан халкъ" бохуш, коммунисташ шен хенахь керла юкъаралла кхолла гIиртинехь а, Оьрсийчохь бехачу нахах лаьцна дуьйцуш коьрта дуьсуш ду и нах муьлхачу къомах бу бохург. Лента.ру интернет портало шен талламехь коьрта тидам тIебахийтина цу агIонна. Иштта цо зорбане яьккхинчу материалаца а догIуш, 2010-чу шарахь махкахь бахархой лоруш 143 миллион хиллал болчу Оьрсийчурча бахархойх 137 миллион сов стага шаьш къомах муьлуш ду гойтуш хаам бина.

Адамашна мехала ду шьаш муьлхачу къомах ду бохург. Цундела ларамаза дац Оьрсийчурча бахархошна мехала хеташ хилар шайн махкара хьал долу нах муьлхачу къомах бу бохург. Iедалехь йолчу элитех лаьцна хаа лаьа нахана.

"Лента.ру" дийцарехь, Оьрсийчура уггаре а бехачу нехан ахчанан барам бу 481,15 миллиард доллар. Дукха ду иза я къеззиг ду аьлла хаттар кхоллало. Дерриг а кхузахь далош долу терахьаш далийна ду «Лента.ру» интернетера газето. Уьш иштта ду.

Оьрсийчоьнан бюджетана 2014-чу шарахь хилла са ю 339 миллиард доллар. Оьрсийчоь кхечу пачхьалкхашна декхарелахь ю 71 миллиард 100 миллион доллар.

Уггаре а Оьрсийчохь хьал долчу нахана юкъахь бу 22 къоман векалш. Царна юкъахь тIе тидам бахийта мегар ду кхаа тайпанчу нахана. Хьалхарчу декъанна, уггаре а дукха ахча долчу нахана юкъахь бу оьрсий, жуьгтий, украинахой.

ШолагIа ю юккъера хьал долу тоба. Иза лаьтташ ю гIезалойх, эрмалойх, ломара жуьгтех, азербайджанахойх, гIалгIайх, нохчех, хIирийх, узбекех.

Цхьацца ала мегар долуш болчу хьоладайх лаьтташ ю кхолагIа тоба. Цу юкъахь бу суьйлий, Iаьрбий, белорусаш, грекаш, гуьржий, гIебартлой, кзахаш, курдаш, лезгой, литовцаш, молдованаш.

Иштта уггаре а дукха ахча дерш бу оьрсий. Церан ду 165 миллиард доллар. ШолагIчу меттехь бу жуьгтий – 122, 3 миллиард доллар. Украинахойн ду 70, 4 миллиард доллар.

Нохчех а, вайн лулахойх а лаьцна аьлча, хьал иштта ду. ХIирий – 5,2 миллиард доллар, гIалгIай – 4,7, суьйлий 1,2 миллиард доллар. Ткъа уггаре а хьал долчу нохчийн долчу ахчанан барам бу 1 миллиард 900 миллион доллар.

Кхеташ ду цхьаболчара шаьш оьрсий бу а аьлла кехаташ тIехь билгалдаьккхина хилла хилар. ХIунда аьлча оьрси ца хилча вуно хала ду Оьрсийчохь бизнес лело.

XS
SM
MD
LG