ТIекхочийла долу линкаш

Дуьххьара дайлуш дац Оьрсийчоьнан сом


Оьрсийчоь -- Москох, долларан а, еврон а мехаш гойтуш ю хIара табло, ГIуран-бутт 3, 2014

Оьрсийчоь -- Москох, долларан а, еврон а мехаш гойтуш ю хIара табло, ГIуран-бутт 3, 2014

Ахчанца боьзна кегаре бу Оьрсийчохь лаьтташ. Мехкадаьттан мехаш а, Малхбузенан санкцеш а бахьана долуш дайлуш ду сом. Амма кризис дуьххьар ловш яц соьмо. Цунах лаьцна материал кечйина Маршо Радион корреспонденто Шрек Карла.

Кху кIиранах юха а дайделла сом. Тахана цхьана долларх ло 52 сом. И бахьана долуш синтем байна бу кху тIаьхьарчу 25 шарахь шайн ахча мосуьйттоза дайдалар гина болу Оьрсийчура бахархой.

1998-чу шарахь Марсхьокух беттан 17-чу дийнахь дайдала доладелира сом, махкахь дефолт а хилча.

Алексашенко Сергей Елцин Борис президент волуш финансийн министран когаметта хилла ву. Карарчу хенахь соьмаца хуьлучо и хан дагайоуьйту шена боху цо.

«Кху тIаьхьарчу месийтта дийнахь а, кIиранах а хуьлучо 1998-чу шеран Марсхьокху-беттан 17 чу дийнахь дефолт хиллачул тIаьхьа хилларг дагадоуьйту суна. Бахархой а, бизнес-юкъаралла а тешаш яцара къоман валютах. Соьмах муьлххачу а агIор бовда лууш бара уьш», - бохуш дуьйцу Алексашенкос.

Неха ойланах эххаре а уьш бохар хилча, халахуьлу Коьртачу банкана девалваци – ахча дайдалар -- сацо аьлла хета Алексашенко Сергейна. Ахчанан-кредитийн кегарий хилар керла хIума дац Оьрсийчоьнна. Кху тIаьхьара 25 шарахь цу тайпа хIуманаш масуьйттозу хилла.

Советан пачхьалкхан боданаш

1991-чу шарахь Советан Союзан куьйгалхочо Горбачев Михаила указ даьккхира 5 а, 10 а туьман кехаташ кхин дIа болх беш хир дац аьлла. Цуьнан Iалашо яра валютан рынкехь лелачу зуламхошна тохар дар. Советан пачхьалкхехь бехачу бахархошна кхо де деллера шайгахь долу 5, 10 туьман кехаташ хийца, я и ахча дохка. Банканаш гIорасиз хиллера и дан гIерташ.

ТIаьхьо оццу шарахь Iедалша сацам бира махкал арабовлучу нахана доллар 6 соьман метта 27 соьмахъ дохка деза пачхьалкхан банкаш аьлла. Цу хенахь дуьйна кхин а дайдала доладелира сом. Цундела Оьрсийчохь бехачу наха ахча IаIош хоржуш дерг дара доллар. 1991-чу шарахь ГIуран-бутт болалуш долларх даккхар 10 туьма. ТIаьхьо оццу баттахь юьйхира Советан пачхьалкх.

"Лазаме терапи"

Оьрсийчохь маьрша рынок ю аьлла дIакхайкхийча кхин дIа а дайлуш дара сом. 1994-чу шарахь цунна дуьхьало ян дагахь Дечкен-баттахь Iедалша дихкира пачхьалкхехь йохка-эцар лелош долларх а, кхин долчу валютах а пайда эцар.

Оццу шарахь ГIадужу-беттан цхьана дийнахь сом дайделира 27 процентана. И де девзаш ду Оьрсийчоьнан исторехь «Iаьрша Шинарин де» санна. Цул хьалха къоман валютан гIортор ян гIоьртинера Оьрсийчоьнан Коьрта банк. Цу Iалашонца динарг дара соьмийн кхо ноль дIахадор. 1998-чу шарахь Дечкен-баттахь долларан мах бара 6000 эзар сом. Ткъа цIога хадийча цуьнан мах хIоьттира 6 сом.

1998 шеран Марсхьокху-бутт

1998-чу шарахь Марсхьокху баттахь Оьрсийчоьно дIахьедар дира шена тIелаьцна декхарш кхочуш дарехь гIорасиз ю пачхьалкх аьлла. И бахьана долуш, дуккха а банкаш юьйхира. МогIарерчу бахархойн цу банканашкахь хилла ахчанаш дайра.

Цул тIаьхьа цхьа бутт а балале сом дайделира долларх луш долчу 6 соьманна тIера 16 соьме кхаччалц. Эххаре а цуьнан мах хIоьттира 24 сом. Шарахь хиллачу инфляцин (ахча дайдаларан) барам бара 84 процент. Цу хеннахь Оьрсийчохь дечу дерриг а сурсатийн а, сервисийн а барам лахбелира 4.9 процентана.

Инзаре йоккха рецесси

Цул тIаьхьа 10 шарахь мехкадаьттан мехаш лакхара хилар бахьана долуш экономика кхуьуш яра Оьрсийчохь. 2008-чу шарахь хилла экономикан кризис хьакхаелира цунах а.

Оцу шеран Марсхьокху-бутт болалуш цхьана долларан мах бара 23 сом 40 кепек. Оьрсийчоьнан Iедалша сацам бира, Iуналла а деш, сом дайдон политика дIаяхьа. Цуьнан Iалашо яра шаьш IаIийначу валютах пайда а оьцуш сом дайдалар лахдар.

«Кхераме хIуманаш лехаран арахьара политика"

Оьрсийчоьнан финансийн министран когаметта хиллачу Алексашенкос дуьйцу, карарчу хенахь сом дайдалар мехкадаьттан мехаш охьадовларца а, Оьрсийчоьно Украинехь лелочух а , Малхбузено санкцеш кхайхкорца а доьзна ду бохуш.

XS
SM
MD
LG