ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керла санкцеш кхайкхон мега Оьрсийчоьнна


Украинин а, Евробертан а, Iамеркин Цхьаьнатоьхначу Шатийн а, Оьрсийчоьнан а байракхаш.
Украинин а, Евробертан а, Iамеркин Цхьаьнатоьхначу Шатийн а, Оьрсийчоьнан а байракхаш.

Оьрсийчоьнна дуьхьал яьхначу санкцийн кхин дIа болу кхоллам бийцаре бан мега Евробертан арахьарчу гIуллакхийн министарша гергарчу хенахь.

Оьрсийчоьнна дуьхьал яьхна йолу санкцеш аттачу яхар я уьш, мелхо а, кхин дIа а чIагIйар – и хаттар Европерчу тергамхойн а, лакхарчу политикийн гуонашкахь а хаддаза дийцаре деш долу масех бутт а бу. Ма-дарра аьлча, дуьххьара ГIирма ахгIайренна Оьрсийчоьно аннекси яр бахьана долуш Малхбузенан санкцийн хьалхара гуо нуьцкъале баьлчахьана схьайогIуш ю и дискуссеш, амма хIетахь дуьйна шина агIонан – Кремлан а, Малхбузенан а, - леламашкахь хийцаделла хIума а дац, ша вуочу агIор дацахь. ХIунда аьлча, Малхбузенан санкцеш Кремлан Украинерчу политикаца йоьзна ю, ткъа и политика Кремл хийца дагахь ю бохучун цхьа а хьарк дац цкъачунна гучудаьлла.

ХIетте а, кхин дIа а юкъ-кара даьржа Малхбузерчу хаамийн гIирсашкахь санкцеш малйарх долу дийцарш. Иштта кхаари дийнахь Цхьаьнатоьхначу Штаташкарчу The Wall Street Journalа зорбане яьккхина, гергарчу хенахь Оьрсийчоьнна дуьхьал йолу гIуданийн гIулчаш малйар дийцаре дан кечлуш ю Евробертана юккъера пачхьалкхаш аьлла йолу артикал. Нагахь санна Москохано Украинера кризис машарца ерзорехь гIо дахь, Евробарт кийча бу, санкцеш юхалиста, бохуш яздо цу артиклехь, Цхьаьнакхеттачу Европерчу хьостанашкарчу хаамна тIетевжаш йолчу. „Украинерчу хьолехь прогресс кхоллалахь, Евроберто Оьрсийчоьнца юха а визанаш йоцуш Iдасалелалх долу дагадийларш дIадоло мега, ткъа иштта карладаккха там бу экономикехь долу партнералла а, Либехь а, Шемахь а, Иракъехь долчу тIеман хьелийн хьокъехь цхьаьнаболхбар а“, - иштта дуьйцу The Wall Street Journalо. Цу хаамца, санкцеш малйан аьттонаш талларх долу кехат Евробертан аналисташа дечкен беттан I9-чохь Брюсселехь дIаяхьа леричну Евробертан арахьарчу гIуллакхийн министрийн цхьаьнакхетарна лерина кечдина ду.

Санкцеш малйайтархьама, цу кехатца, Оьрсийчоьнера оьшуш дерг ду, цуо Минскехь бина барт ларбан болор а. Украиница газ хьокъехь ша бина барт ларбар а, ткъа иштта Оьрсийчоь Украинин а, Евробертан ассоциацех болчу бартана дуьхьалонаш яр сацор а ду.

Евробертан аналисташа шайн документехь санкцеш шина декъе екъа а екъна, уьш бен-бен тергаме эцар пайдехьа лору – ГIирма ахгIайренна аннекси йар бахьана долуш юккъеяьхнарший, Донбасехь Оьрсийчоьно сепаратисташна гIодар бахьана долуш юккъеяьхнарший вовшех къаста а еш.

Нагахь санна ГIирма бахьана дошлуш юккъеяьхна йолу санкцеш дIаяха кесталгIа цхьа а бахьана хир дац аьлла Евробертан аналисташа тешна белахь, Малхбалера Украина бахьана долуш Оьрсийчоьнан экономикана тоьхна долу гIуданаш юхалиста мегар ду, царна хетарехь, Кремло Минскехь бина барт кхочуш бан болийча.

Бакъду, я Минскехь бина барт бакъдолчехь кхочуш бан Оьрсийчоь кийча хилар а, я шен Малхбалера политика мискъазаратталла хийца иза дагахь а хилар а цкъачунна цхьанна а кепара гуш дац. Цундела санкцеш кесталгIа малйийр ю бохуш теша хала ду, аьлла хета Европерчу стратегикаллин талламийн институтан Iилман белхахочунна Асхабов Хьамзатана.

Асхабов Хьамзат: „Иза атта хир долуш хIума дац. ХIунда аьлча, Оьрсийчоьнан карарчу хенахь цу Донбасехь йолу коьрта Iалашо ю, муьлхачу а кепара а и цигара сепаратисташ, нийса накъостий а бина, Украинин Iедалца керлачу дагадовларшка охьахааор. Ша, Оьрсийчоь, йистах а соцуш, цигахь ша декъа а йоцучуха. Цу сепаратисташна ша тIехьа а сецаш. Иза ца дан гIерташ, цунах уьдуш Украина а ю, хIунда аьлча царна хаа, шайн тIом а Оьрсийчоьнца буйла. И хьал иштта мел лаьтта санкцеш юхайаха аьтто хир бац Малхбузенан“.

Санкцеш малйар дийцаре дан цкъачунна дукха хьалхехь ду аьлла хеташ ву иштта Еврокхеташонан куьйгалхо Туск Доналд а. Шинари дийнахь Европарламентехь ша вистхуьлуш цуо билгалдаьккхира, Оьрсийчоьнан экономикана дуьхьал яьхна йолу массо а гIулчаш цкъачунна нуьцкъалехь йита еза, аьлла. ТIебогIучу зазадоккху баттахь бен Евробертан куьйгаллин тIегIанна тIехь и хаттар дийцаре дан лерина а дац, Туска Доналда дийцарехь.

Цу юкъана тIаьхь-тIаьхьа санкцийн хьокъехь Малхбузенца барт бан а, Украинехь шена луучу кепара политика дIакхехьа а Кремлана халох хир ду аьлла хеташ бу аналисташ. Бахьана – Цхьаьнатоьхначу Штаташкарчу Конгрессе хилла харжамаш а, цу харжамашкахь республикахойн партин векалш алсамох кхаьжнаш дахар а. Цул совнаха, хьастагIа Цхьаьнатоьханчу Штатийн Сенатан тIеман гIуллакхийн комитетан куьйгалхо Маккейн Джон харжар а Кремлана вуно лазаме хилар хьулдеш бац Оьрсийчоьнан куьйгаллина гергара аналисташ. Царна хетарехь, сахьт дац хIинца Вашингтоно Украинина герзаца гIо дан сацам тIеэца а.

XS
SM
MD
LG