ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхин цхьаннах а «вахьабхо» веш ю Оьрсийчоь


Оьрсийчоь --Валеев Ринат, Петарбухарчу "Макка" юкъараллан куьйгалхо.
Оьрсийчоь --Валеев Ринат, Петарбухарчу "Макка" юкъараллан куьйгалхо.

Кест-кеста динашна а, мехкашкахь дехачу къаьмнашна а юкъа цим тасарх пайда а оьцуш бехачу Оьрсийчуьрчу хаамийн гΙирсаша рогΙера питана даржийна, Петарбухарчу «Макка» цΙе йолчу бусалбанийн юкъараллан хьалханчас Валеев Рината аьшнаш бо Дуьненан ШолгΙачу тΙамехь белла Оьрсийчоьнан эскархой а, керста дин а, Iедал къобалдеш болу муфтеш а, имамаш а, бохуш.



Бусулбанашна даΙваташ дарца а, интернетехула динан агΙонаш йовзийтарца а гоьваьллачу Петарбухарчу Ιеламчас Валеев Рината шен «Муфтешка дош» аьлла цΙе а тиллина, Толаман де олу дезде тΙекхочуш даржийра шен кехат.

Шен «Макка» олу юкъаралла Оьрсийчоьнан муфтийн кхеташонна юкъахь а йолчуш волчу цо аьлларг иштта ду.

«Сан дош ду «вевзаш воцу салти» олучу Оьрсийчохь дуккха а долчу кешнаш тΙе зезагаш дохкуш хуьлучу меттигашкарчу муфтешка а, имамашка а. Исламан кхетамца аш дечуьнга хьажча, иза, тΙамехь эгначу бΙаьхошна ларам бо а бохуш, цΙунашна Ιамал яр ду. Вазван вогΙург цхьа АллахΙ бен вац. Ткъа аш тΙе зезагаш а кхоьхьуш, Ιамалш йо хΙолламашна. Иза вайн динехь дац».

ШолгΙачу дийнахь Валеевс бохучуьнца бала а боцу Оьрсийчоьнан муфтин Гайнутдин Равилан гΙовсаш а, Москох муфтий Аляутдинов Илдар а вахара пачхьалкхан шахьарарчу Вевзашвоцчу Салтичун хьолламна тΙе зезагаш дахка.

Тахана дуккха а хаамийн гΙирсаша, и дΙахьедар коьрте а эцна, гезвоху Валеев Ринат. Маршо Радиона лиира хилларг цо ша довзуьйтийла. Цо иштта дийцира.

Валеев: «Иза деккъа дΙа суна хетарг дара, цара деста а дина, экстремизм ю иза аьлла даржийна. Оьрсий цабезар, кестанаш емал бар, Ιедална со дуьхьалхилар ду боху иза. Со цкъа а ца хилла экстремист, ас куьйгалла ден «Макка» юкъаралла муфтийн кхеташонна юкъахь ю, со цигахь а воцуш, Бусулбанийн урхалла олучу Таджуддинан юкъараллехь велахьара и тайпа со сийсазвен реакци хир а яцара. Ас яздинарг исламан бухе а хьажна яздина ду.

Цо, ас дешна дуккха а, доьхку хΙолламашка лелар а, уьш баздар а, царна суждане эхар а. Суна сайна дайна, оцу хΙолламашна тΙе а оьхуш, куьйгаш ирх а дой, доΙанаш деш имамаша. И, суна хетарехь, хΙолламашкахь делан ницкъ гар, царна ламазаш дар ду. Иза ду-кх исламо доьхкуш. ЦΙунашна голаэхар, дуккха а деланаш бу бохург санна. Царех олу кяфирш. Амма ас сайна байначу имамех ма ца аьлла уьш кяфирш бу, сан сайн да а ма хилла оцу тΙамехь дакъалоцуш».

Оьрсийчуьра муфтеш а, кхиболу Ιеламчаш а меттахбовлале, Валеевх мостагΙ веш, зорбане ваьлларг ву интернетах пайда оьцучарна иза а санна шуьйра вевза, ша-шех исламзерхо олуш волу Силантьев Роман.

«Муьлххачу а кешнашка цабезам баржораш вахьабхой бу. ФСБ-но тидаме эца веза и Петарбухара имам», бохуш даржадо цо Валеев Ιедало сацор доьхуш.

Муха кхетадо бусулба дино цхьа хΙума, хΙоллам, масала, наха Ιамалъечу меттиган могΙара хIоттор, хΙун бохург ду Валеев Рината дуьйцу цΙу-деланашна Ιамал яр? - хаьттира Маршо Радионо шен дахар дерриг а санна бусулба дин Ιамош а, даΙваташ деш а чекхдоккхуш вехачу Теркйистехь массарна а вевзаш а, лараме а волчу Ломаз-Юьртарчу Ιеламчига Лечиев ШахΙид-Хьаьже. Цо иштта дийцира шена хуург.

ШахΙид-Хьаьжа: «И бохург дера ду, Дала Сийлахь Къоран чохь вайга аьлла-кх, ширк ма делаш, дела ша цхьаъ бен вац шуна. Цуьнга, оцу даше дикачу наха, кху махкахь хиллачу дикачу наха, хьехна-кх, цара дийцина-кх вайга, Дела цхьаъ ву шуна шена Ιибадат дан хьакъ волу. Бевзаш болу Ιусман а, Докка а, дуккха а вай цΙерш яьхча а, массара а кхайкхийнарг цхьаъ ду-кх, Ιибадат Далла де, массара а бохург и ду-кх. Бахьанах дела ма ве бохург ду-кх иза».

Коша тΙе бусулбанаша зезагаш кхехьар а хьахийра Маршо Радионо ШахΙид-Хьажица. Цунна хетта дастаме ду аьлла а ца хета и саннарш. Делахь а и реза хилира шена хуург довзийта.

ШахΙид-Хьажа: «Кошан барз муха хила беза бусулба стагана? Ойла йойтуш хила беза-кх иза. И бохург хΙун ду? Ша вала везий а хууш, иза дагадоуьйтуш хила беза-кх и барз, и меттиг, и каш, и чурт. Цу тΙе зезаг дилла аьлла цхьа а меттиг бац. Я и диллича, цунна тΙекхета хΙума а дац. ТΙе зезаг дилла бохург хΙун ду, мичхьара даьккхина ду иза? Муха, хΙун динчунна дуьллу иза?!

Зезаг-м буц яьлча хьала а ма долу, ахь тΙедилла а ца оьшуш, масала! И тΙедилла а, тΙедилла деза а эр дара, нагахь санна оцу веллачунна цунах къадда а хир делхьара, я хьуна цунах ял а хир елхьара. Хьуна ял ерг хΙун ду? ДоΙа даррий, хьайн дений, нанний Къоран дешаррий, Ιибадат даррий, маьждиге вахаррий, бакъдерг леладаррий, цаьрга иза дΙакхочур долуш.

Ахь доΙа ца дича а, кΙанта дина долу Ιибадат, Делан дуьхьа динарг, дΙакхочуш болу бух иза бу-кх. Зезаго тΙетоха хΙумма а дац, мегаш доцург ахь леладахь, иза-м дужур ду хьоьгара. Дала лардойла вай цунах!

Амма бусулба стагна хаа деза, дΙахьаьжча, и барз гича, ша волу меттиг а ца йохош, нехан дог а ца этΙош, пуьташ ца буьттуш, нийса а волуш, цΙена а волуш волчу мискачу стаге, юккъерчу стаге, адам иза хилар тидаме а оьцуш, иза муьлххачу а къомах велахь а, Дала иза кхоьллина вуйла а хууш, чекхвалар ду-кх вайн динехь дерг, кошах болу пайда иза бу-кх вайна. Динехь кошах дерг иза ду-кх».

Кху заманахь Оьрсийчохь муьлххачу а бусулбано, нагахь санна цо муфтино я Ιедало къобал а вина маьждигна коьрте хΙоьттинчу имама бохург литта долийча, иза Къурано бохучуьнца дуста даьккхича, уггаре хьалха а, атта а туьллу цунна «вахьабхо» боху цΙе. Цул тΙаьхьа Ιедалан хьукматаша "реакционе исламхо", "экстремист" бохучу зуламхойн могΙара воккху и стаг. КхидΙа цо хьоьгург-м ду стагга а хьогур воцу къематде.

Валеевс интернетехула бусулбанашка язде кехаташ, даржаде даΙваташ доьшийла ду муьлхха а стеган. Цара гойту и бусулба шен гΙезалойн хΙуманаш – мотт, гΙиллакхаш, ламасташ дендан, церан хан яхъян араваьлла стаг вуйла, цуьнца кхин совнаха хΙума а доцийла.

Амма сахьт дац хΙинца цо муфтешка динчу дΙахьедаро а, шена гонаха лилхинчу дар-дацарша а иза системано хьоьшучу вахьабхой шайх олучу нехан могΙаршка ваккха а. ТΙакха Оьрсийчуьрчу Ιедало, бахархойх эзарнашна а санна, тΙарал а гатдийр ду Валеев Ринатна хΙара дуьне.
XS
SM
MD
LG