ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьнан RT (Russia Today) “Оьрсичоь Тахана» олучу телекомпанин ерриг а чоьташна блокаш хIиттийна Британехь. Уьш болх бечура совцор йолуш ю ГIура-баттен 12-чу дийнахь дуьйна. Цунах лаьцна хаам бина цу компанин куьйгалхочо Симоньян Маргаритас.

«Тхан чоьташ дIакъевлина Британехь. Ерриг а чоьташ. И сацам хийца йиш йолуш бац. Декъал хуьлда дешан маршо», - аьлла яздина оцу Кремлан пропагандин ресурсан коьртачу редакторо Симоньян Маргаритас «Твиттерехь».

Цу сацамна комментари еш, Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллан векло Захарова Марияс доьзна хилларг Британи Евробертана юкъара йолуш хиларца. «Гарехь, Евробертана юкъарайолуш, Лондоно дитина Европехь дерриг а дешан маршонца доьзна ша тIелаьцнарг», - яздина Захаровас «Фейсбукехь».

RT Лондонехь волчу корреспонденто хаам бина ББС-на шайн канале NatWest банкера кехат деана хиларх лаьцна. Цу тIехь дуьйцуш ду Оьрсийчоьнан компаница лелон юкъаметтигаш хийцар хьокъехь NatWest - о болх болийна хиларх лаьцна. Банко хаам бина, RT каналан аьтто хир бац шайх кхин дIа пайда эца, аьлла. Банкаш иза деш ма хиллара, кхин бахьана дуьйцуш дац Оьрсийчоьнан телеканале.

Британерчу банко бинчу хаамца, ерриг RT-н чоьташ совцош ю болх бечура ГIура-беттан 12-чу дийнахь дуьйна.

Иза дан дезаш дара дукхахенахь дуьйна, аьлла хета къаьмнийн юкъаметтигашкахула йолчу Chatham House институтан Оьрсийчоьнехула эксперт волчу Лаф Джонна.

ВВС-на ша еллачу комментарехь, цо дуьйцу, дукха хенахь дуьйна гуш дара RT Малхбузенехь бехачу нехан ойланаш хийца гIерташ йолу Оьрсийчоьнан пропагандин машен хилар, бохуш. Харц дерг дуьйцуш а, кхин йолу методаш лелош а бакъйолчу журналистикица йогIуш йоцу кепаш яра цо лелораш, боху эксперто.

RT компанино пропаганда ярца йоьзна проблема йолу дуккха а хан ю. Гарехь, Британино шен сацам бина Шемахь тIаьхьарчу хенахь хуьлуш дерг а, цунах лаьцна "Russia Today" компанино дуьйцург а тидаме а эцна, аьлла хета Лаф Джонна.

Малхбузерчу экспертийн цхьа а шеко яц Оьрсийчоьно цунна жоп лург хиларх. Симоньяна «Твиттерехь» хIинцале а яздина, Британино зорбанан гIирсийн болх баран бух бохош бу аьлла. И тайпа хIуманаш вайна кхин а хезар ду аьлла хета экспертана Лаф Джонна.

Британерчу зорбанан гIирсашна терго еш ю Ofcom олу урхалла. Хаммаш баржоран кодекс дохийча шен сацам бан безаш ю иза. Ofcom-о кху деношкахь дIахьедар динера RT компанино хаамаш баржоран кодекс йохийна хиларх лаьцна, масала, Украинера мухIажирех лаьцначу документалан филмехь. Амма RT-н банкера чоьташ дIакъевлина яц шайн сацамца, аьлла хаам бина Ofcom-о.

ББС-но бинчу хаамца, Британин финансийн министралло леррина дIахьедар кечдеш ду "Russia Today" телекомпанино Британехь болх барх лаьцна.

Facebook Forum

XS
SM
MD
LG