ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украине алссам шен эскарш хьажо дагахь йолчух тера ду Оьрсийчоь


Оьрсийчоьнан тIеман техника Укриане хьажош ю аьчга некъахула.
Оьрсийчоьнан тIеман техника Укриане хьажош ю аьчга некъахула.

Шаьш машаре кхайкхар тергал цадо Донбассера сепаратисташа аьлла дIахьедар дина Кремло. Кху беттан шолагIчу дийнахь Оьрсийчоьнан зрбанан секретаро Песков Дмитрийс ТАСС агенталлехула дIахьедар дина, Путин чIогIа саготта ву Донбассехь хIоьттина хьал бахьана долуш аьлла. Цо дийцарехь, Оьрсийчоьнан президенто кхайкхам бина Украинин малбалерчу девнехь дакъалоцучу массо а агIоне сихха тIемаш совцаде аьлла. Иза ларамаза дац аьлла хета Оьрсийчура вевзаш волчу тIеман хьелаш зуьчу Гольц Александра.

Кремло, ма-дарра аьлча, кхетарца тIеэцна сепаратисташа лелориг. Оьрсийчоьнан ТАСС хаамин агенталло дийцарехь, цуьнах лаьцна хаам бина цхьана цIе ца яьккхинчу Оьрсийчоьнан президентан администрацин векло​. «Шуьйра тIемаш а болуш боьлхуш, церан логикана реза ца хуьлийла дац, церан шога позици кхето хала дац»,- боху цо.

Цу стага хьалххе дуьйцу Донецкерчу а, Луганскерчу а сепаратисташа хам а ца беш хIунда буьтур бу Путинан кхайкхамаш. Кху хIоьттинчу хьолехь "муьлхха а Iаткъам бан аьтто болчу потенциалан шен доза» ду боху цо. Вуьшта аьлча, Путин Владимир дуьйцург тергал а ца деш дитича иза оьгIаз гIур вац бохург ала гIерта Кремлан векал.

Цо къийдочух дукха дика кхетта аьлла хета сепаратистийн лидерш тIеман хьелашкахула эксперт волчу Гольц Александрна. Цара сихха дIахьедар дина шаьш маслаIатан дийцаршкахь дакъалаца реза ду, нагахь кхун тIаьхьарчу масех кIиранах шаьш дIалаьцна йолу территори шайна йитахь аьлла.

Ткъа Донецкера хьакамо Захарченкос дIахьедар дира кхин а 10 де даьлча Добассехь шайн тIеман тобанашка мобилизаци йолор ю шаьш аьлла. Иза дагахь ву шайн эскаран терахь 100 эзаре кхачо.

Эсксперто Гольц Александра дийцарехь, сепаратисташа далош долу терахьаш шайна дагадеанарш хуьлу. Цара Iуналла дечу территори тIехь вехаш ву 1 миллион ах миллион хиллал стаг. Захарченкос дуьйцург кхочуш дан арме вига везаш ву хIора 15-гIа вахархо.

Кхузахь дагадаийта деза немцойн нацисташца тIом болуш Советан пачхьалкхан эскаре кхайкхина хIора 20-гIа стаг а бенхилла цахилар. Цундела кхеташ ду церан эскарехь 100 эзар стаг хийлита кара герз а делла дIахIотто везаш хилар царна кара мел веанарг.

Гольц Александрна хетарехь, моблизацех лаьцна дийцар сепаратисташна оьшуш ду Оьрсийчоьнан эскарш чудало кечйеш йолу операци хьулъян. Оьрсийчоьнан эскарш цигахь ца хилча кхеташ дац партизанийн кеп йолу тобанаш цIеххьана гIагIдиллина ковраш хехка муха юьйлалелла бохуш дуьйцу цо.

Цу кепара Кремлан герзаш деттар сацаде бохуш кхайкхамаш а, мобилизаци йолайо шаьш бохуш сепаратистийн дIахьедарш а цхьа Iалашо йолу ду. Оьрсийчоьнан Украинина керла чугIортар къайладига.

Нагахь иза хилахь а Малхбузенан Оьрсийчоьнна дIоггара дан хIума дац аьлла хета Гольц Александрна.

Гольц Александр: «ХIинца мелла а кхеташ ду Малхбузенан аьттонаш дIоггара баккхийн цахилар. Хила мега санкцеш шоръяр финансийн сферехь. Бакъдерг аьлча, суна цахета Малхбузерчу пачхьалкхаша Украинина герз лур ду аьлла. ХIунда аьлча герзаца цхьаьна дуккха а тIеман говзанчаш хьовсо безар бу цига и техника лело украинахой Iамо. Иза кхераме ду цу тIеман хьехамчашна. Ткъа Малхбузенера пачхьалкхийн лидерш, коьртачу декъана Iамеркин куьйгалхой жоьпаллехь бу цунна».

Ткъа хIун Iалашо ю эххар Путин Владимиран? ХIун дича соцур ву иза? Цу хаттарна иштта жоп ло Гольц Александра.

Гольц Александр: «Суна хетарехь, тоьлла хьал хIуттур дара Кремлна цо юьйцу федерализаци хилча Украинехь. Иза хилча хIуттур долу сурт иштта дара. И кIошташ формалан кепара Украинина юкъахь юьсур яра. Украинин деза дара и нах кхаба, царна пенсеш латто, иштта дIа кхин а. Ткъа политикан кепара уьш Москохо Iуналла деш хир бара. Цу кепара Москохо сацор яра Украина НАТО-нна а, Евробертана а кхечу структурашна а юкъаяхарх".

Ткъа цу хеннахь интернетехь дуккха а комментареш юьтуш бу Украинехь хуьлучунна тидам бо нах. Царах дукхах болчарна хетарг ду нагахь тIом сацо лаахь Путин иза дан аьтто бу, ша кхайкхам бечу шен эскархошна казармашка юхадерза аьлла омар а делла бохург.

XS
SM
MD
LG