ТIекхочийла долу линкаш

Кху деношкахь Сочехь лоьрийн орца эцна йоьдучу машенна шен зудчуьнга некъ битар дехна аьлла цхьана стага йиттина реанимаце хьажийна цу тIехь хилла лор. Цу хиламо эргIад бахийтина бу Оьрсийчура дуккха а бахархой. Амма, Iилманчаша тоьшаллаш а деш, адамийн вовше хьагI-гамо хилар вуно даьржина ду Оьрсийчохь.

Масех бутт хьалха дара иза. Сан накъостана интернетехь YouTube-хь цхьа видео карийнера. Оьрсийчохь цхьацца меттигашкахь яьхна кийсакаш вовшах а тесна хIоттийна яра иза. Цу видео тIехь машен сацош баккхий нах некъал дехьа бохуш, лайлахь йисина машен татта аралелхаш, некъа юккъехь йисина цициган кIорни, бIаьннаш машенаш а совцош, кIелхьара йоккхуш гойтуш бара Оьрсийчура бахархой.

Цу суртах вуно цецваьлла, шен махкахоша иштта адамалла гойтуш вуно дог къадделла вара сан накъост. Иза ларамаза а дацара. Дукхачу хьолахь Оьрсийчохь адамаша вовшца лело юкъаметтигаш да воккхавуьйр воцуш ю.

Цунна масала ду, масала, кху деношкахь Сочехь хилларг. Цомгуш хиллачу стагана орца эцна йоьду лоьрийн машенна дуьхьал лаьтташ хилла шен машенахь цхьа зуда. Сихха дархочунна тIекхача гIертачу лоьро дехар дина цуьнга шайн лоьрийн машен чекхялийтахьара аьлла. Дуьхьал жоп делла цу зудчо маьттаза мотт а буьйцуш.

Иштта оццу новкъа дIахьовсийна цо шега дехаре баьхкина хилла цуьнан накъостий а. Бехказа а яьлла, некъ буьтучу метта цу зудчо, орца дехна шен майрачуьнга, шега нацкъара яла аьллачу нахана таIзар дар доьхуш. Сихонца схьакхаьчначу цу стага цIеххьана тIелетта йиттина лоьрана. Иза охьавиллина дарбанан хIусаме, реанимацехь ву иза карарчу хенахь.

Хиллачо эргIад бахийтина бу дуккха а Оьрсийчура нах. Ткъа Краснодаран мехкан губернаторо Ткачев Александр дIахьедар дина шаьш цу зудчунна а, бале ваьллачу цуьнан майрачунна а догIуш долу таIзар дийр ду аьлла.

Цхьа мехала доцучу хIуманна тIехула адамаша вовшашца тIемаш бар могIарера хIума ду Оьрсийчохь. Стохка Оьрсийчоьнан Ιилманийн академин социологин интитуто теллина адамийн вовшашка болчу цабезаман барам – цо хаттам бинчу 78 процент наха боху, шаьш кийча ду милла а, герз диттина вен.

Вовший вен, ваа иттаннах ворхI кийча велахь, царех пхеанна и дан бахьана ло царна цабеза нах кхечу къомах хиларо. Иштта ду Ιилманийн академин социологин институто бинчу талламан жамΙ.

Стенна лаьа Оьрсийчуьрчу адамашна шайна гонахара адамаш хΙаллакдан? Цу хаттарна жоп иштта ло социологаша. «Сан дахар, и дела денна гуш болу нах бацахьара, долчул а дика хир дара» аьлла хета дукхахболучарна. «Ас айса хийца деза сайн дахар, тΙаккха иза тодала там бу » аьлла хетарш бахархошлахь бац жимма дакъа бен.

Стенна ду хьал оццул эшна, хΙун бахьана ду сел дукха нах Дала шаьш санна кхоьллинчу адамашца гома хилар дийцаре дира Маршо Радионо психологин докторца, профессорца, дуккха а шераш адамашкара стресс, къизалла зуьйш даьхначу Китаев-Смык Ленидца. Нохчийчуьрчу шина а тΙамехь, шен дахар кхерама кΙел а латтош, нохчийн лаьмнашкахь а, Соьлж-ГΙалахь а шен талламаш дΙакхехьна ву иза.

Китаев-Смык: «Вайн пачхьалкхерчу бахархошкахь Ιаламат боккха цабезам бу вовшашка. Дин, къам, нах беха меттиг башха а йоцуш. И агресси стеган шатайпа психологи ю, шен са лардечу дийнатан агресси. ХΙунда аьлча, дахар вай пачхьалкхехь вуно хала, гΙоьртинчу хьолехь ду. Цо адам декхаре до ша-шен Ιалашдан, оцу хΙумано, Ιалашвар а доцуш, къизалле хьо кхачавахь а. Пайда боцу чΙагΙалла ю иза.

Стенна? Иза вайгахь кхиош ю. Гойтуш ду массанхьа а таро йолу нах муха беха. ХьаггΙий, цабезаммий кхуллу цо. Иза цхьаъ ду. ШолагΙа. Дахарехь кхане яц гуш. ХΙумма а толур ду ала сатийсам а бац нахехь. Иза шашаха нисло аьлла а ца хета суна. Иза леррина до. ХΙунда аьлча, нахана шаьш гΙорасиз хетийта, царна дуккха а цаьрга хийца а лур доцу, уьш дуьхьаллатта а лур боцу вон хΙуманаш гайта деза».

Оьрсийчохь къизалла дебна хиларх лаьцна кхидΙа а дуьйцу Китаев-Смык Леонида.

Китаев-Смык: «И къизалла кхуллу бахьанаш кхидΙа а дагар дича, Хьуо воцург цавезар дестаран коьрта принцип даима а цхьаъ ю. Divide et impera – нахана тΙехь, бекъа а бекъий, олалла де. Олаллехь берш бекъарой, уьш вовшах ца кхетийтарой атта а, бала ца хьоьгуьйтуш а аьтто ло цаьрга хьайна луъург дайта, царна къоланаш дан, уьш лоллехь кхаба. Цундела муьлххачу а Ιедало, шена шегахь тоъал ницкъ боцийла хууш хилча, даима а ша куьйгалла ден, шена долахь болу нах воввшашна дуьхьалтуьйсу.

ХΙинца пачхьалкхехь куьйгалла даран принцип тIех хΙилла долучех а яц - нахана тΙехь, бекъа а бекъий, олалла де».

Доцца аьлча, карарчу хенахь вуно лакхаяьлла Оьрсийчохь нехан вовшашка йолу хьагΙ-гамо, бистина цабезам. И хьал кестта хийцалур ду аьлла а ца хета говзанчашна.

XS
SM
MD
LG