ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Да ца ваьлла Волгоградехь динчу лелхийтарийн


Оьрсийчоь - Лахарра а 14 стаг вийна Волгоградехь, троллейбус а эккхийтина. ГIур30, 2013.
Оьрсийчоь - Лахарра а 14 стаг вийна Волгоградехь, троллейбус а эккхийтина. ГIур30, 2013.

Лаххара 14 стаг вийна Волгоградехь троллейбус эккхийтина. Чевнаш йина ву 23 стаг, шайна юкъахь цхьа шо долу бер а долуш. Талламхоша чIагIдарехь, и эккхийтар динарг ву Iожалхо.

Оьрсийчоьнан пачхьалкхан телеканалаш гайтира эккхийтина йолчу троллейбусан сурташ. Цуьнан гергаш еттайелла этIийна тхов буса белла бу. Троллейбус чохь хиллачу нехан дегIийн меженаш дIасакхиссина ю урамехула.

И тIелатар дина Волгоградан Дзержинскийн цIарахчу кIоштахь, 17 стаг а вуьш, цу гIалин цIерпоштан вокзалехь эккхийтар дина цхьа де а далале. Iедалша дIахьедар динера вокзалехь хилларг терроран тIелатар ду аьлла. Цхьаболчу хаамашца и ши а тIелатар цхьаьна дузу Iедалан векалша.

Оьрсийчоьнан Талламан комитетан белхахоша чIагIдарехь, троллейбус чохь эккхийтар динарг ву, ша а леш, адамашна тIелатар дан араваьлла хилла Iожалхо. Цкъачунна иза ша дина аьлла гучуяьлла яц цхьа а тоба. Амма талламхошна хетарехь, царна тIехьа лаьтташ бу Къилбаседа Кавказера тIемалой.

Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсаш дийцарехь, Волгоградехь хилларг бахьана долуш кхерамазалла чIагIйина Оьрсийчоьнан коьртачу гIалахь, Москох.

И ши эккхийтар хилла, Сочехь Iаьнан Олимпиада хила дисина 6 кIира а долуш. Хьалха Сталинград аьлла Советан пачхьалкхан диктатор хиллачу Сталинан цIе лелош хиларца евзаш йолу Волгоград Iуьллуш ю Сочина 700 гергга километр къилбаседа-малхбалехьа.

КIирандийнахь а, Оршотан дийнахь а хилла ши эккхийтар а цхьаьна цу тайпа кхо тIелатар дина цу гIалахь кху тIаьхьарчу кхаа баттахь. ГIадужу-баттахь шен дегIах йоьллина бомба а эккхийтина, 7 стаг а вуьш, Волгоградехь елира Iожалхо. Цу хенахь талламхоша чIагIдора и зуда Къилбаседа Кавказерчу тIемалошца уьйр йолуш хилла бохуш.

Кремлан зорбанан сервисо бинчу хаамца, Волгоградехь адамаш дайар бахьана долуш сихха Федералана кхерамазаллин сервисан куьйгалхочуьнца Бортников Александрца кхеташо дIаяьхьна Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира.
Цкъа дуьххьара Волгоградехь троллейбус чохь иккхинарг зуда ю аьлла, хаам бира Iедалан векалша.

Амма Оьрсийчоьнан Талламан комитетан официалан векал волчу Маркин Владимира хаам бира, и талор динарг борша стаг ву аьлла.

Кху шеран Товбеца-баттахь «Кавказ» Имаратан куьйгалхочо Умаров Доккас кхайкхам бинера шен агIончашка, Сочехь Олимпиада ца яйта тIелетарш де Оьрсийчохь, маьрша нах а ца кхоош аьлла.Цундела Волгоградехь хилларг цу кхайкхаман тIаьхье ю аьлла хета цхьаболчарна.

Волгоградехь тезет кхайкхийна 5 денна лерина.
XS
SM
MD
LG