ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мила ву къаьмнаш вовшашца гамдинарг?


Оьрсийчоь -- Петарбухна уллерчу Павловск-гIалин садоIийлан кевна тIе нацисташа ехкина фашизман хьаьркаш, 27Мар2010
Оьрсийчоь -- Петарбухна уллерчу Павловск-гIалин садоIийлан кевна тIе нацисташа ехкина фашизман хьаьркаш, 27Мар2010

Москох Маймонидан цΙарахчу академехь полицин лерринчу тобано нохчийн студенташна еттарх а, лецарх а лаьцна хΙинца а ду дуьйцуш Оьрсийчохь. Интернетерчу сайташкахь дуккха а оьрсий, даима а санна, баккхийбе, ницкъ а беш, дΙадигина и бераш полицина еттарна бехке деш. Москохарчу нохчийн адвокаташна а, бакъонашларъярхошна а хетарехь, Оьрсийчохь чΙагΙъелла ехачу ксенофобин хатΙ ду иштта.


Москохарчу туьканийн туьпахь, «Европейскехь», дов иккхича, футболан фаната пхоьазза газаца юлу тапча тоьхна Маймонидан цΙарахчу академехь доьшучу нохчочунна Ризванов Бекханна. Амма бехкийриг нохчо ву, цо фанатна вала тарлуччу урс тохарна.

Ризвановца цхьаьна леташ хилла накъост лаца аьлла, академин цхьаьнаΙойле баьхкинчу полисхоша етташ вигина иттех студент. ХΙинца царех кхаанна – Исламов Майрбекний, Магомаев Олхазарний, Ибрагимов Хьабибаний - набахтехь иттех шо доккхуьйту бехк бу талламчаша тΙехьерчош. Мелхо а бераша полисхошна йиттина сурт ду Ιедало хΙитториг.

Кхеташ ду, газеташкахь а, интернетехь а тема йийцаре ечу дукхахболчу оьрсийн позици муха хила догΙу. ДогΙу, нохчашна а, кхиболчу кавказхошна а наΙалт кхайкхош хила. Цхьа наггахьверг бен а ца волу иштта хьажам бехийла дац, вай Оьрсийчоь олучу 100 сов къаьмнех лаьттачу пачхьалкхахь деха, диканиг – дика ву, вониг – вон ву, стенна хьекхадо къаьмнаш оцу юкъа, олуш.

Оцу хьолах боьлла оьрсий. Боьлла церан шайга безам бацарх кавказхой а.

Ткъа хΙун до Кремло, Ιедалша, президента, парламенто, кхелаша, политикаша, прессано ксенофобех, къаьмнаш къаьмнашка гома хьежарх, мукъадахарехь? И хаттар дено-дено ирлахь бен, артлуш дац нехан ойланашкахь, къамелашкахь.

Москохахь лецначу студентийн адвокатех цхьаъ ву Мусаев Мурад. Цо а, цуьнца цхьаьна берийн бехкбацар къовсуш волчу кхечу массийттаммо а боккха болх болийна, полицин лерринчу тобано берашца харцо лелийна хилар гайта.

Оьрсийчуьрчу ксенофобин бух Ιедало биллина а бу, цо чΙагΙбеш а бу, аьлла хета Мурадна. Цо иштта дагалоьцу и муха кхиира пачхьалкхахь.

Мусаев Мурад: « ЧΙагΙъелла яьлла Оьрсийчохь ксенофоби. 20 шо хьалха скинхедаш бара баьржина, фашисташ санна лелаш, кортош баьшна, Ιаьржачу нахана тΙхь гΙело еш хьийзаш. Ткъа цул хьалхо гΙеранаш яра – солцевон, ореховон, люберцын...

Мелла а кхеташ волчунна хаьа, уьш Ιедало кхиош ярий а, яржош ярий а. И тΙаьххьарнаш КГБ-но Советан Ιедал долуш кхиийра. ХΙинца футболан фанаташ шайх олу нах а бу, суна хетарехь, Ιедало кхиийна а, баржийна а. Церан система нахана юкъа а хецна, цаьрга ксенофобин барамаш хΙиттабойту Ιедалша. Ма-хуьллу нехан юкъаметтигаш йохош. Гамонаш кΙаргъеш, бахьанаш а дохуш хьийза уьш.

...Кхелаша а, девнан талламчаша а гΙуллакх нийсса ца листа дерриг а до. Оьрсашний, нохчашний юкъахь цхьаъ нисделча, дов, масала, автоматехь бехк нохчашна тΙехьо. Царна вай шолгΙачу сортера а дац, ду кхоалгΙачу, йоьалгΙачу сортера».

Стохка а, кхушара а оьрсийн а, кхечу къаьмнийн а юкъархоша, бакъоларъярхоша ма-хуьллу дестийна дийцира Кремло къаьмнаш цхьаьнатоха, вовшашна герга хилийта деш хΙума дац, бохуш. И болх гΙатто а, дΙабахьа а ша-тайпа, цунна лерина, министралла, оьшу, чΙагΙдора церан гуламаша.

Эххар а и мохь дΙахезна Путин Владимирна. «Къаьмнийн бертан кхачояр» цΙе а йолуш арахецна цо омра. Амма беламе ду цу тΙера дуккха а хΙуманаш, и дийцаре дечу бакъоларъярхошна а, къаьмнийн юкъаметтигийн даггара балаболучарна а. Карара шо чекхдалале цо декхаре йо Медведев Дмитрийн министрийн кабинет а, президентан администраци а Оьрсийчоьнна къаьмнийн политикан стратеги билгалъяккха.

«Ткъа иштаниг оццул сиха, эха шера чохь ден хΙума дац, иза мехала а, буьззина кечам бина а хила безаш болх бу», - яздо зорбанехь бакъоларъярхочо, журналиста, «МухΙажирийн юкъарлонийн форум» олучу организацин хьалханчас Графова Лидияс. Путинан омранах ша йоьлуш юйла а ца лечкъош, доьшу цо иза.

«РогΙера дешаран шо доладалале Оьрсийчоьнан Ιилманийн академино къастайойла школашкарчу берашна деша пайде долчу 100 жайнан цΙе», - боху омрано. «Деккъа дΙа и жайнийн цΙераш яхаро къаьмнийн марзо чΙагΙъяран болх берзош белахь, атта-м ду Ιедална, яздо Графова Лидияс.

Кхин а тамаше ду Ιедалх жоп лучу Путина а, Медведевс а оцу омрано юьйцу къаьмнийн юкъаметтигаш чΙагΙъяран комитет кхуллуш цуьнан куьйгалле Гитлер вина де даздеш волу стаг хΙоттор – Босых Александр. Цо шен интернетерчу блогехь яздина ду хΙара дешнаш: «Гитлер дика масал ду. Массо а агΙор. Пачхьалкх айина, цунна Ιалашонаш къастийна, эскарш кхиийна, дуьненна Ιаламат боккха тΙеΙаткъам бина. Уггаре диканиг – жуьгтий охьатаΙийна».

Ткъа ши шо хьалха, Гитлер винчу дийнахь, «ас декъалво массо а Дезчу денца!», аьлла дара цуьнан блога тΙехь цо дитина йоза.

Босых Александр къаьмнийн юкъаметтигаш шаръян а хаийча, президент оьрсийн футболан фанаташ, аьлча а, нацисташ гуллучу метте а лелаш хилча (дагалоцур вай Москохахь ши шо хьалха фанат Агафонов дΙавуллуш тезета вахначу Путина дина къамел), хьаьнна бехк билла беза пачхьалкхахь ксенофоби кхиаран а, чΙагΙъяларан а?

Жоп гуш ду бΙаьрзе воцчу муьлххачу а вахархочунна. Иза чΙагΙдо «МухΙажирийн юкъарлонийн форум» организацин куьйгалхочо Графова Лидияс а, адвоката Мусаев Мурада а, пачхьалкхах цΙенна доглозучу кхечу эзарнаша а.

XS
SM
MD
LG