ТIекхочийла долу линкаш

Харжамийн Кампанино Кхоьллина Эшарш Хеза Оьрсийчохь


Оьрсийчоь -- Толибжон Курбанханов, таджик, карарчу хенахь веха Оьрсийчохь, Путинах лаьцна йиш локхуш.

Оьрсийчоь -- Толибжон Курбанханов, таджик, карарчу хенахь веха Оьрсийчохь, Путинах лаьцна йиш локхуш.

Оьрсийчохь бутт гергга хан яьлча хинболчу президентан харжамаша шайна гергаоьзна гоьбевлла политикаш, яздархой, театран, кинон векалш. Къаьсттина жигара дакъалоцу харжамийн агитацехь иллиалархоша. Дукха хьолехь, самукъне хилла ца Ιаш, беламе а нисло кандидаташ хестабеш яржае эшарш. Кху деношкахь уггаре а дукха наха ладугIучех ю хΙара йиш.


Массара а цхьаьна дагалаций вай
И воцуш дIадахна шераш –
Беккъа цхьа гΙайгΙанаш,
Мохк кризисехь бара,
Халкъ - балехь.

Оцу муьрехь и Дала ваийтира,
Хааделира и Ιедале кхаьчча,
БIешеран юьххьехь веъна,
Эзар шарахь цкъа вогΙу
Делан геланча ву иза.
Цо дукха беркат кхачор ду,
Цуьнца толуш ду дерриг а.

Дика стратеги ю цуьнан,
Шуна ма-гарра.
Декхарш а дац хΙинца
Пачхьалкхана тΙехь.


Вайна гайтина цо
Президент волуш,
Шен дош ша
кхоччуш лардойла.

ТΙаьхьара алар:

ВВП-но
Пачхьалкх кΙелхьараяьккхина
ВВП, цо гIо до хьуна,
ВВП-но Оьрсийчоь денйина,
Алссам кхиош а ю.
ВВП-но халкъ кΙелхьарадаьккхина,
ВВП-но и Ιалашдо,
ВВП-но, ша Ιедалехь а волуш,
ПаргΙато латтайо.

Экономика кхуьу
Иза коьртехь а волуш.
Махко оццул атта
Кхиамаш баьхна.
И хьуна кхин муха
Вовзийта ас?!

Массарел а чΙогΙа тешаме
Махкана иза ву.
Шо-шаре, шерашкахь
агент а Ιийна,
Тоьлла спортхо а,
Къоман воΙ а,
Кхечаьрга хьаьжча,
И махкахь уггаре тоьлларг ву.

Дерриг а жоьпалла
Шегахь цо кхобу,
Оьрсийчоьнах стабилан
мохк бина цо.

Хьакъдоцурш Ιедале
ГΙерта боьлла,
ХΙинца юха а
Еaна вайна
Нийса харжам
Бен зама...

Ютубехь кху деношкахь уггаре а дукха ладугΙучех ю йиш. ХΙинццалц Оьрсийчохь цхьанненна а вевзина воцу таджик Курбанханов Толибжон ву и лоькхург.
Дешнаш, кхеташ ду, профессионало яздина дац - маьΙница беркъа, поэзин низамашца дуьстича, ледара ду. Церан автор хила тарло ша Курбанханов я кхин цхьа могΙара оьрси. Бакъду, тахана иллиалархойн вуно дукха нисло поэзина аьттехьа дуьтийла доцчу дешнаш тΙехь лоькху эшарш.



Ютубера таджикан йиш нахала ялар дац дешнийн кIоргаллица дозуш, тергам тΙеузу церан маьΙано. ТΙекхочучу харжамашкахь Путин Владимир президент харжа кхойкху халкъ иллино. Дала воссийна пайхамар, Делан геланча а вина, вазво Курбанхонов Толибжона кхозлагΙа а пачхьалкхан да хила гΙерта лидер.

ДΙабоьдучу президентан харжамийн муьрехь ша-тайпа меттиг дIалоцу эшарийн жанро, цуьнан хастамбаран кепо. Ткъа башхалла ю и тайпа эшарш веккъа цхьана Путин Владимирна бен яьхна а яцар. Оцу хьоло дагалоцуьйту Советан заманахь яьржина лелаш хилла эшарийн Лениниана. Оцу агIор хьаьжча, Ленинал, Сталинал тΙаьхьа уггаре а дукха эшаршкахь хестош верг изза Путин бен а вац.

Кху заман кхетамехь хьалакхиинчу оьрсаша, Оьрсийчоьнан бахархоша тΙе ца оьцу, цхьа беламе гар доцург, Путин Владимир вазвеш лоькху эшарш. Цара нахана аьтто ло, селхана шеко а йоцуш лидераллехь ваьхна хьаькам, тахана аьшнашка ваха а, илланчина хьовха, цунна шена тΙехь бела а.

Курбанханов Толибжонан йиш Ютубе юьллушехь, шайна хетарг комменташкахь яздан буьйлабелла ладогIархой. «Со таджик ву, Оьрсийчохь вехаш а вац, амма суна эхь хета сайн махкахочо дечух». «Дукха хан яра со оццул велаза, цо санна дика аьшнаш ца вина Путин цхьаммо а». « Цхьа ким-ир-сеналла ю-кх!». Иштта бу илланчин а, цо лоькхучу эшаран а къастийна мах.

Шен къоман векалех, доцу бахьана а даккхина, Москох а, ерриг Оьрсийчоь а бутт хьалха дикка дIацΙанйина волу Путин вазвеш йиш таджико лекхаро а беларшка боху оьрсий, Ютубехула эшаре ладоьгΙу кхечу къаьмнийн векалш. Путин Владимирна дуьхьал, мел лиъча а, кхоллалур яцара оццул дика антиреклама. Дика до а моьттуш, ша лоькхучу эшарца таджика Курбанхановс Оьрсийчоьнан бахархой къехкабо "коьртачу кандидатах", боху Ютубехь йозанаш дитинчара.
XS
SM
MD
LG