ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьнан Аьррохьара БIостаннала


Оьрсийчоь-- Оьрсийчоьнан Федерацин Коммунистийн партин жигархоша вовшахтоьхна акци ю дIайоьдуш Москох-гIалин юккъехь, 22Дечк2012

Оьрсийчоь-- Оьрсийчоьнан Федерацин Коммунистийн партин жигархоша вовшахтоьхна акци ю дIайоьдуш Москох-гIалин юккъехь, 22Дечк2012

Социологаш чIагIдарехь, дукхах болу Оьрсийчура харжамхой аьррохьара партишкахь ойланаш йолуш бу. ТIаккха цара толам хIунда ца боккху харжамийн каппашкахь, аьлла, ойла кхоллало.


Кху деношкахь дуьхьалонан акце арабевллера цIен байракхаш а карахь демонстранташ. Царах цхьаъ вара 31 шо долу Евгений. Аьррохьара ойланаш йолчу нахана дан башха шен гIо дацахь а, социалистийн керла чIор дог айа делла ду, аьлла, хета цунна.

Иза бакъ хила а магар, нагахь санна, цу боламанна даиман а хуьлуш йолу дуьхьалонаш яцахьара.

1990-чу шарахь Евгений Коммунистийн партин агIонча вара. Амма Зазадоккху беттан 4-чу дийнахь хин болчу президентан харжамашкахь юха а дакъа лоцуш волчу Зюганов Геннадих дог даьлла ву иза.

Тахана, Евгенис дийцарехь, цуьнан лехамашна жоп луш ю Оьрсийчоьнан политикан системехь харжамашкахь шайн кандидат хьалхататта йиш йоцу «Аьррохьара Фронт» олуш йолу цхьанакхетна йолу политикан тобанаш.

Амма церан харжамашкахь дакъа лаца аьтто хилахь а «Аьррохьара фронтан»
Лидер волчу Удальцов Сергейна шен кхаж дIалур болуш вац Евгений.

Евгений: Ца хаа суна. Билгала алалур дац соьга. Суна иза лидер ца хета, цуьнгахьара кхаж таса со гIура волу.

Шена веза политик харжа аьтто боцуш висинчу Евгенехь долу хьал ду, социологаш дийцарехь, махкахь дукхах болчу харжамхошкахь а.

Зюганов Геннадий уггара вевзаш волу стаг ву аьррохьара болчу политикашна юкъахь. Амма иза Iедалшна оьшуш волу оппозиционер ву. Шен гIуллакх хилчахьана кхин хIума оьшуш вац иза, аьлла, хета цхьаболчу нахана.

Аьррохьара-юккъера ойланаш йолу Миронов Сергей харжамхоша тIеоьцуш ву Кремлана оьшуш хиларна кхоьллинчу «киснарчу» оппозицин лидер санна.

Ткъа «Аьррохьара фронтан» лидер Удальцов Сергей, кандидат ву, аьлла, дIаязвина вац. Амма иза дукха радикалан ойланаш йолуш волу стаг ву, аьррохьара ойланаш йолчу харжамхошна товш воцу.

Аьррохьара болчу нахана лууш дерг тидаме а эцна, Путин Владимир ву кху деношкахь популистийн харжамийн кампани дIахьуш, социлан хьашташна оьшучу ахчанан барам алсам а боккхур бу ша, Iедалан белхахошна алап тIе а тухур ду ша, бохуш.

Цхьааллин Оьрсийчоь партина тIетайна болчу нехан терахь лахделира стохка. ГIура-баттахь хиллачу парламентан харжамашкахь Коммунистийн партино 20 процент кхаьжнаш гулдира, шолгIа меттиг а йоккхуш. Иза башха тамаш бан оьшуш хIума дац, аьлла, хета Левадан цIарах йолчу йозуш йоцучу талламан центран белхахочунна Левинсон Алексейна.

Левинсон: Нагахь вай аьррохьара ю бохуш юйцуш йерш социалистийн идеяш ялахь, уьш яьржина ю дуках болчу бахархошна а, элитина а юкъахь. Со тешна ву, цхьа а шеко а йоцуш, кхузахь коьртера ойланаш аьррахьара хиларх.

Амма иза иштта доллушехь коммунистийн аьтто ца белира шайн электорат шорян. Мелла а кхузаманахьлера йолу социал-демократин парти цуьнах хилахьара, коммунистийн аьтто бала а магара толам баккха. Делахьа Зюганов лууш вац хийцамаш бан, Советан пачхьалкх дагалуьйцуш бехачу нахана хетачух йохка-эцар лелош.

Дечкен-бутт болалуш Удальцов Сергей тIетайра 67 шо долчу Зюгановна, шаьш цуьнгахьара кхаж тосур бу тIебогIучу баттахь 4-чу дийнахь хир болчу президентан харжамашкахь, аьлла.

Удальцовc ша социал-демократ ву бах. Цунна хетарехь, Iедалша пачхьалхан дола яккха еза стратегин индустри, Iедало йоккхуш йолу ял къечу нахана юкъахь екъа а йоькъуш.

Евгений а, цуьнан тIехьийза йоI Дарья а санна болчу аьррохьара ойланаш йолчу кегийрачу нахана уьш нийса дешнаш ду. Амма уьш хIинца а керла лидер лоьхуш бу, харжамашкахь толам баккхалур волу.

Евгений: Буьззинчу барамехь схьаэцча, и система таро йолуш ю мелла а лоруш болу лидерш кхион.
XS
SM
MD
LG