ТIекхочийла долу линкаш

Эххаре а Самайолуш ю Оьрсийчура Интеллигенци


 Эххаре а Самайолуш ю Оьрсийчура Интеллигенци

Эххаре а Самайолуш ю Оьрсийчура Интеллигенци

Чиллан-беттан 4-чу дийнахь рогIера дуьхьалонан акцеш дIаяхьа кечлуш бу харжамашкахь харцонаш лелорна реза боцу Оьрсийчура бахархой. Цу дуьхьалонан боламехь коьрта меттиг дIалоцуш бу либералан интеллигенцин векалш.


Харжамхойн Лига олу вовшахтохаралла хьахош цкъа а дага догIур дацара цуьнан лидершна юкъахь рок-седа а, поэт а, яздархо а хир ву, аьлла. Амма Зазадоккху-беттан 4-чу дийнахь хир болу президентан харжамаш маьрша а, нийса а хилийта арабевллачу нахана хьалхабевлларш бу рокер Шевчук Юрий а, поэт Быков Дмитрий а, яздархо Акунин Борис а, йевзаш йолу актриса Лазарева Татьяна а.

Цара культурехь бевзаш болчу кхечу нахаца цхьана кхоьллина ю и Харжамхойн Лига. Баханчу беттан 29-чу дийнахь Лиго накъосталла а деш Москохана гонаха боьдучу некъа тIехь вовшахтуьйхира тIедогIучу Шоьта-дийнахь цу гIалахь хир йолчу демонстраце кхойкхуш йозанца кечйина йолу машенаш лелар.

Маршо Радионна интервью луш Быков Дмитрийс варе вира премьер-министар а, президентан харжамашкахь кандидат а волу Путин Владимир юкъараллин декъашхойн дуьхьалонан акцешка арабовла болу лаам тергал а ца беш бита мегар ца хиларх лаьцна.

Быков: «Оьрсий говра дIайужуш дукха Iаш Iедал ду, амма цултIаьхьа чехка боьлха уьш. Карарчу хенахь говр дIайожар чекхдаьлла. Ткъа хIинца томехь йолу реакци хир яра, нагахь [Iедалша] диалог дIайолийча. Амма тхуна хезаш яц цхьа а диалог».

Харжамхойн Лига кхоллар цхьа масала ду дIадаханчу шеран ГIура-беттан 4-чу дийнахь харцонаш а лелош дIабаьхьна хилла болу парламентан харжамаш бахьана долуш оьрсийн культуран элита самайолуш хиларан.

Оьрсийчурча хестийна йолчу интеллигенцино дукха атта букъ саттийра 10 шо хьалха Путин Владимир Iедале веанчулла тIаьхьа. Амма кху тIаьхьарчу масех баттахь мукъамаш яздархой а, актераш а, телевизионан журналисташ а хьалхабевлла керлачу дуьхьалонан боламна.

Социолог волчу Кагарлицкий Борисана хетарехь иза доьзна ду Оьрсийчохь политикан а, социалан а хийцамаш хуьлуш хIоразза а интеллигенташ хаьлха бовлуш Iедал хиларца.

Кагарлицкий: «Ишттаниг хилира 1980-чу, я 1960-чу шерашкахь Советан пачхьалкхехь демократехьа болчу боламийн тулгIенаш гучуйевллача. Цаьрна хьалхабевлла бара дика бевзаш болу а, лоруш болу а интеллигентех болу нах».

Советан пачхьалкх йолуш махкахь хийцамаш бан гIерташ берш бара коьртачу декъана яздархой а, поэташ а.

Дукха хенахь дуьйна оппозицехь болу политикаш Явлинский Григорий а, Немцов Борис а демонстрацешкахь гуш бу тахана а. Амма цига баьхкина болу нах меттах бохуш берш бу яздархо Акунин Борис а, журналист Парфенов Леонид а.

Къаьсттина жигаралла гойтуш ву цу боламехь Акунин Борис. Цуьнан баккъалла а йолу цIе ю Чхартишвили Григорий. Путин Владимира дукха хан йоццуш дIахьедар дира цуьнан оппозициехь хилар доьзна ду ша гуьржи хиларе терра иза Оьрсийчоьнца мостагIалла долуш хиларца, аьлла.

Интернетехь зорбане даьккхина долу Акунин Бориса а, вевзаш волчу блоггеро Навальный Алексейс а дина долу къамел ду уггара кху деношкахь нехан тидам тIебаханчерах.


Оьрсийчоь -- Яздархо Акунин Борис, 20Дечк2011

Оьрсийчоь -- Яздархо Акунин Борис, 20Дечк2011

Оьрсийчура интеллигенташ дуьхьалонан боламан хьалхарчу могIаршкахь хилар иштта кхетадо Акунин Бориса, ша Маршо Радионна йеллачу интервьюхь.

Акунин: «Адамашна шайн могIаршкахь шайна бевзаш болу нах хила лаьа. Аьр вай, бевзаш болу нах. Ткъа уьш хIу деш бу шайн дахарехь, книжкаш язйеш бу, кинош йохуш бу, я мукъамаш дохуш бу бохург церна мехала дац. Дуьхьалонан акцийн декъашхошна политикан партийн векалш шайн могIаршкахь хила цалаар а бен кхин хIума а дац иза. Тхоьх хIора а шен гIуллакх хууш волу говзанча ву. Майдане арабевлла болу нах а бара дукхачу хьолахь шайн гIуллакхан говзанчаш. Тхо шайн нах хета церна. Ткъа политикаш цаьрна неха нах бу».

Президентан харжамаш герга мел гIерта а алсам бовлуш бу дуьхьалонан боламехь дакъалаца кийча болу Оьрсийчура культуран элитан декъашхой.

Цу хеннахь, хIинццалц хIумакхоллучу чоьнашкахь а, цхьацца Iедалан бIаьрг тIе ца кхочучу меттигашкахь а лечкъаш хилла йолу оппозицин литература хIинца яьлла Интернете а, блогосфере а.

Масала, цу агIора вуно кхиаме проект лара мегар ду Гражданин Поэт олуш йолу поэто Быков Дмитрийс яз а йеш, актеро Ефремов Михаила дIайоьшуш йолу сатиран байташ. БIеннаш, эзарнаш нах хьовса хIора къирнах арайолучу цу видеоклипе.

Ала деза интеллигенцина юкъахь дуккха а Iедалан агIончаш а хилар. Путин Владимира шен харжаман кампанина юкъаозийна бу бевзаш болу режиссераш Михалков Никита а, Говорухин Станислав а.

Делахь а, Акунинна хетарехь, цуьнан а, культуран элитан кхечу декъашхойн а декхар ду, шаьш девзаш долу а, похIма долу а нах хиларе терра шайн юкъаралла таян гIорта.

Акунин: «Суна хета тхоьх хIора а, иза хIу деш ву аьлла доцуш, цхьа юкъара гIуллакх дан дезаш ву, аьлла. Аьр вай, вайн цIа догуш ду, вай цIе дIаяйа йеза. ЦултIаьхьа хIоранна а аьтто хир бу юха а шен гIуллакхна тIеверза».

Балмфорт Том.
Шамаев Руслан.
XS
SM
MD
LG