ТIекхочийла долу линкаш

Абдулатипов Рамазан: Къилбаседа Кавказ шина декъе екъар нийса дацара


Оьрсийчоь -- Пачхьалкхан Дума, Москох, 15Заз2012

Оьрсийчоь -- Пачхьалкхан Дума, Москох, 15Заз2012

Оьрсийчоьнан латтанийн-административан дозанаш хийцадала мегаш ду Путин Владимира президентан дарж шен караэцначул тIаьхьа. Уггаре хьалха дозанаш хада тарло Къилбанний, Къилбаседа Кавказанний федералан гонашна юкъахь, бохуш ду кху деношкахь Оьрсийчуьрчу политикаша официалехь а доцуш ден къамелаш. Оцу хьокъехь хаам бо оьрсийн «Независимая газетано». Цунах лаьцна Маршо Радионо къамел дира Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думин федеративан а, мехкийн а вовшахкхетараллехула йолчу комитетан куьйгалхочун гIовс а, Оьрсийчуьрчу къаьмнийн ассамблеян кхеташонехь хьалханча а волчу Абдулатипов Рамазанца.


Маршо Радио: Рамазан, массех шо хьалха президента Медведев Дмитрийс шина декъе бийкъира Къилба федералан го, цунах дIа а къастош, шенна кхоьллира кхин го – Къилбаседа Кавказан го. И шиъ юха а вовшахтоха тарло бохуш дуьйцу. И дан оьший-те?

Абдулатипов: Къилба федералан гонах дIа а къастийна, Къилбаседа федералан го кхоллар гIалат дара. Кавказан юкъараллана алссам Оьрсийчоьнна, оьрсашна гергаяхар тоьлуш ду. Ас оцу шина гонах цхьаъ бийр бара, цунах «Къилбан го» а ца олуш, «Къилбаседа федералан го» эр дара. Ростовра дуьйна дIаболу мохк Къилбаседа Кавказ ю. Нагахь санна и гонаш оьшуш белахь, цхьа го хила беза цигахь. Ткъа гонаша мел аьтто бо пачхьалкхана чIагIъяла а, культуран интеграции дIаяхьа а бохург а ду шеко йолуш хIума.

Маршо Радио: Цхьаболчу политикашна хетарехь, федералан гонаш къаьмнийн башхаллаш а лоьруш вовшахдеттар нийса дац. Оцу кепехь къастийначу дозанаша пачхьалкх йохаран кхерам кхуллу, боху. Буй-те и кхерам?

Абдулатипов: Хьалхалера и тентакалла яхъелла йогIу. Ца хаьа сунна, стенна ду иштта. Оьрсийчоьнан къаьмнаша кхуллуш а бац и кхерам. Кест-кеста олу, Советан пачхьалкх юьйхира, олий. Ткъа юьйхирий иза узбекийн, я казахийн, я туркменийн позици бахьана долуш? Аьттехь а а дац. Беловежская Пущехь муьлш гулбелира? Славянаш гулбелира-кх. 1990-чу шерашкахь нехан ойла массанхь а яра керчина. Петарбухахь а, Генарчу Малхбалехь а, Уралехь а – массанхьа а дара иза. Амма кIаргъелира Нохчийчохь. ХIунда аьлча, Iедалх дола деш дацара, бахьана – хууш хIума доцучара куьйгалла до пачхьалкхехь.

Маршо Радио: Къаьмнаш, доккхачу декъанна, кавказхой, беккъа цхьана ницкъаца, тIеман операцеш церан мехкашкахь яржорца бен ца латало-те Кремле пачхьалкхан долахь? Иштта бен хуьлийла дац-те Iедалан позици?

Абдулатипов: «Iедалан позици» бохург дац «халкъ охьатеIаде» бохург. Иза гена ду. Кавказехь, кхучунхьа санна а доцуш, ницкъана дуьхьало йо ницкъаца, амма Кавказехь, кхечунхьа санна а доцуш, гергарлонна дуьхьал гергарло а леладо.

Маршо Радио: Ткъа хьуна хIун некъ го кавказхошний, оьрсашний юкъахь уьйраш чIагIъярехь, вовшашка, боцуш болу цкъачунна, ларам меттахIотторехь?

Абдулатипов: Вайна культуран, информацин технологеш оьшу. Вай, ма-дарра аьлча, цхьаъ хилла йолу культуран юкъарло йохийна. Оцу бахьаненна бу дукхахболу бохамаш. Алал соьга, дуй паргIат, токхе даха ца лууш цхьа а къам? Дац. Амма дерриг а латтон деза Iуьналлехь. Стенна гIаьттира Нохчийчоь 1990-чу шерашкахь? ГIаьттира, дуккхаза а репрессеш, дуккхаза а хIаллакдар ша шен исторехь лайна хиларна. Кхочуш далур доцуш хIумма а дац вайн пачхьалкхехь, аьлла хетта суна. Цхьана пачхьалкхехь дехаш бен Оьрсийчуьрчу къаьмнашна шаьш дика дехаш хетийла а дац.
XS
SM
MD
LG