ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчохь керла мехкадаьттан завод йиллар сихдар доьху цигарчу Iедалша


Оьрсийчоь -- 2009-чу шарахь Нохчийчохь мехкадаьттах сурсаташ доху завод йилла сацам бинера Оьрсийчоьнан «Роснефть» компанино, 09Гезг2011

Оьрсийчоь -- 2009-чу шарахь Нохчийчохь мехкадаьттах сурсаташ доху завод йилла сацам бинера Оьрсийчоьнан «Роснефть» компанино, 09Гезг2011

2009-чу шарахь Нохчийчохь мехкадаьттах сурсаташ доху завод йилла сацам бинера Оьрсийчоьнан «Роснефть» компанино. Амма и проект хIинца а дIайолийна яц. И бахьана долуш латкъамаш беш бу Нохчийчура куьйгалхой. Соьлж-гIалахь хиллачу Къилбаседа Кавказерачу парламентийн ассамблеян конференцех пайда а эцна, цу хаттарехь Оьрсийчурча Iедалшна тIеIаткъам бан гIерташ бу уьш.


Соьлж-гIалахь дIаяхьна Къилбаседа Кавказан парламентийн ассамблеян 3-гIа конференци. Нохчийн парламентан спикеро Абдурахманов Дукхавахас айарца, цигахь дийцаре дина Соьлж-гIалахь мехкадаьттан завод яран хаттар. Аьлчи а Къилбаседа Кавказан массо кIошташкара баьхкина хьеший тIе а тайна, цу гуламо Оьрсийчоьнан куьйгалхошка дехар хьажийна, Нохчийчохь мехкадаьттан завод йогIар сихдахьара, аьлла.

Карарчу хенахь Къилбаседа Кавказан кIоштан парламентарийн цхьаьнакхетараллан коьртехь волчу Абдурахмановс дагадаийтина Соьлж-гIалахь мехкадаьттах сурсаташ дон завод ян барт 2009-чу шарахь дуьйна хилла хилар. Амма цо дийцарехь, болх дIаболийна бац, цара шайн агIора дан дезарг диннашехь.

Нохчийн Iедало латта билгал а даьккхина,бан богIу кечамаш а бина, бохуш дуьйцу спикеро. Иза тешна ву иштта завод яро эзарнаш белхан меттигаш кхолларал сов, мехкан экономика кхиорехь, цунна чу са даийтарехь, доккха гIо-накъосталла дийр хиларх. Абдурахмановс чIагIдарца, эвсаралла а йолуш, экономика кхуьуш шорлур яц, йолуш йолчу таронех пайда а оьцуш, сектор ден ца йича.

Соьлж-гIаларчу гуламехь и тайпа дехар тIеэцар, ша-тайпа политикан цхьа хилла-агIо лору кхузарчу хьолах кхуьуш болчу цхьаболчу тергамхоша. Нагахь санна, боху цара, меттигерчу Iедалан дайшна лууш далахьара и завод тоххарехь, стохка-лурчах дуьйна а, масала, ян а йолийна, тахана йина йоккхуш хир яра.

Цара кхеторехь, Iедалан мукъ карахь болчарна санехьа дац махкахь официалан завод болх бан йолаялар. Стенна? Цу хаттарна жоп чолхе дац. Кхузахь дийнахь-бусий бIаьннаш тоннашкахь, мехкадаьтта чекх а доккхуш, Гуьмсехь болх беш завод йолуш ю.

Цуьнан сурсаташ АЗС олучу бензин а, мехкадаьтта а ягораг юхкучу станцешка дIасакхоьхьуш ду, церан долахошна уьш дIаэцар тIе а дожош. Иштта еа агIора : Хирийн мехкан Мазалкхе а, ГIалгIайн мехкан Карабулаке а, иштта Дагестанан ГIизлар-гIала а, Хасав-юьрта а яккхийчу машенашкахь дIа а узуш, духкуш ду мехкадаьттах схьадолу мазот а, 8 соьма тIера 11 соьме кхаччалц хIоттийна мах болуш.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG