ТIекхочийла долу линкаш

Харжамаша ГIовттийна Сатийсамаш


Нохчийчоь --Харжамашкахь рагI лаьттара Iуьйрана, Соьлжа-ГIала, 04Заз12

Нохчийчоь --Харжамашкахь рагI лаьттара Iуьйрана, Соьлжа-ГIала, 04Заз12

Оццул шийла наггахь бен а ца догIучу кху Iаьно наггахь бен гIоттуш йоцу жигаралла гIаттийра оьрсашлахь. Парламентан харжамаш, президентан харжамаш. Делахь а, дерриг а дайначу а, лайначу а халкъана, и цецдаккхал, тIех доккха хIума а дац иза. Амма хIара харжамаш, хIара сатийсамаш, хIара дикане догдахар шатайпа дара.


Мила хIуттур ву пачхьалкхан коьрте – хIинццалцчул башха, могIарчу вахархочун мах, цуьнан дешан я син маршо хIуммане а ца юьллург, я изза могIара адам бакъволу мехкан да а лоруш, цуьнан пурбанца даржехь а лаьтташ, цуьнан хьаштийн гIаролхо хинверг?

ХIун некъ хоржур бу пачхьалкхо – хIинццалц санна, ша-шех йоккха а еш, Европах хьул а елла, деккъа цхьа маьIданаш, мехкдаьтта, деши, хьаннаш йохкарх тоам а беш, дуьне деша технологеш шен лаьтта тIехь кхуллуш а йоцуш, коррупцино а лаьцна, хIора миллион къехочунна дуьхьал лаьтташ ахчано вукъвина цхьа къу а волуш беха нана-мохк хилла кхидIа а юьсур ю Оьрсийчоь, я нах куьйгана а, сина а цIена болчу пачхьалкхашца уьйре а яхана, уьш санна маьрша, могуш, токхе хила гIоьртур ю?

Иштта дара ши бутт хьалха хиллачу парламентан а, хIинца боьрзучу президентан а харжамаша кхетамчохь мел волчу Оьрсийчоьн вахархочунна дуьхьалхIиттийна хеттарш.

Оцу хеттарша кестлагIа цкъа а ца ваьллачу кепара жигара а ваьккхира оьрси. Аьлча а, Оьрсийчоьнан интеллигенцех, дуьненан хIуманаш мелла а довза боьллачу нахах цхьа жима дакъа. Бакъду, цара дикка гIара а яржийра, пачхьалкхехь хийцамаш оьшу маршонехьа, цIеналлехьа, бохуш. Москохахь а, Петарбухахь а, кхечу яккхий гIаланашкахь а парламентан харжамашкахь леллачу харцонаша гIовттийначу гуламаша тIехь шайн васт дуьтуш бара хIара президентан харжамаш.

Массанхьа а яц Веб-камераш

Амма президентан гIентара дIаваханза волчу Медведев Дмитрийс, ша тидаме эцна резабоцчу нехан сатийсамаш баьхнехь а, кхочуш ца бира царех цхьаьллиг цхьаъ. Ца баьккхира Iедална товш йоцчу партешна юрисдикцин бух а болуш, дIачIагIъяла низамехула некъ. Цундела массех демократин тIегIан тIехь лаьтта парти йисина пачхьалкхехь я харжамашкахь а, я кхечу юкъарчу дахаран боламашкахь а дакъалаца йиш а йоцуш. Ца хецна дIа набахтешкахь политика бахьанехь кхобу нах. Иштта дIа кхин а.

Кхочушдира сихха, бакъду, сила йолчу пачхьалкхерчу харжамийн цIийнашка веб-камераш хIиттор ю, аьлла, даржийнарг. 190 эзар камера, 95 эзар компьютер. Церан маххий, цаьрга болх байта оьшучу хьелийн маххий вовшахтоьхча кхеташ ду мел дукха ахча эшна и шатайпа харжамийн чордалла, цигахь дийриг гуш хилар кхолла. Ткъа хьовсур вай интернетехь оцу камерша гойтучу муьлххачу а харжамийн цIа чу. Ала дац, камерша гойту дерриг а, кхетаво хьожушверг камеро схьалучу суьртах а, харжамашкахь наха лелочух а.

Амма ца кхаьчначух тера ду камераш дIахIитто таро а дуккхаъчу харжамийн каппашкахь. Яц интеренетехула ган йиш, масала, Нохчийчуьрчу вуно дукхачу ярташкара каппаш – схьаоьцур вай Сиржа-Эвла, я Ломаз-Юьрт, уьш яц ур-аттала Москохарчу лакхарчу харжамийн комиссино видеогайтаман декъа хIиттийна а.

Цул совнаха, Нохчийчуьрчу дуккхаъчу ладогIархоша хаамаш бира дахначу деношкахь, шайн-шайн меттехь харжамийн каппашка хIиттийнарш камерийн меттана, моттаргIане, камерех тера а йолуш, церан куьцехь, царех тарйина хIуманаш ю, бохуш.

Оьздангалла, гIиллакх, собаре хилар хIун ду хуучу нахана Iаьткъаш кепаш яра кху харжамашца къаьсттина дукха. Президентан дарже кхача луучара дIахьочу пиар-компанехь дакъалоцура цаьргахьа болчу цхьана наха, оцу компанин хотIе а хьоьжуш, кандидаташ гIиллакх-оьздангаллех бохар тидаме а оьцуш, багахь я дагахь царех кхарда а кхаьрдаш, юьстах Iара кхиберш.

ХIара программа харжамийн денца йогIуш хиларна дукха а хIуманаш, хала хеташ делахь а, дийца бакъо йоцуш дуьсу. Ткъа иштта дагалоцур вай, телевизионерчу дебаташкахь кандидаташа вовшашлахь къамелашца тола гIерташ мел яржийна эвхьазалла, маьттазалла. Оцу агIор аьлча-м, цхьа кандидат нийса хилла хила а тарло дебаташка ца вахарна, олий хетало, халкъана ша ма-варра воввзарх кхоьруш санна, цуьнан юьстахъIар листа даьккхича.

Оьрсех доцчу къаьмнашна а кхочу пачхьалкхехь лелачу боламийн бала. Ткъа тамаше дара хIара Iа, оьрсех боцурш, доккхачу декъана, генна юьстахлатта бисира. Оцу феноменан бух тIех къайленехь а бац – оьрсаша дендерг тидамехь а кхобуш, цхьацца демократехьа бан оьшу некъаш дагахь а бохкуш, цкъачунна IадIа кхидолу къаьмнаш.

Амма нах харжамийн а, дахаран массо а агIонийн а бала болуш бехийла гуш ду, телевизионаш чохь, я газеташкахь и хьал кIезиг дийцахь а. Масала, массо а хIуманца Оьрсийчоьнан хьаькамех еккъа цхьанна юьззина муьтIахь ларалучу Нохчийчохь а бу шайн ойла а йолуш, бухарчу Iедалша, харжамаш хуьлда уьш, я иштта дIадолу хIора дийнан дахар хуьлда иза, халкъана бечу тIеIаткъамах а кхаьрдаш, беха нах.

Шеко яц, муха, хьангахьа хир ду Нохчийчоьно официале дIалундолу харжамийн жамIаш. Иза кхеташ ду, тхоьга ша кхаж таса ваххале зIенехула дагара дийцинчу жимчу стаге Iелига ладоьгIча а. Дагахь балламца дира цо хIара шен къамел.

Iела: " Сан 30 шо ду. Cо харжамашка цкъа бен вахана а вац - хьалхара тIом д1абаьлча, нохчийн президент хоржуш. Парламентан харжамашка а ца вахара. Ткъа хIинца ваха дезар ду - балхара дIавоккхур ву, аьлла, сайца кхин а накъостий а бига, боху соьга. Ас уьш стенгара буьгу, хаьттича, и хьан бала бу, боху. Изза аьлла тхан нене а, дега а церан белхан хьаькамаша. Харжа стагга а вац, Явлинский хилча-м, цунна тосур бара ас кхаж, иза а юкъара ваьккхина".

ХIара къамел дина Iела санна, пачхьалкхехь тахана лаьтта хьал хьайнарш вуно дукха бу ерриг а Къилбаседа Кавказехь. Харжамаш бирзича, комиссеша Москоха хьалалуш долу терахьашший, харцоно дегнаш а дохийна бехачу нехан терахьашший цхьабосса, цхьатерра, цхьана барамехь ду ала а лур долуш, шийла политикан, демократин, аьлча а, и яцаран хьал лаьтта Кавказехь.

КIиллолла, я ХIуманнан а Бала бацар?

Нехан синкхетамера хьал довзуьйтуш ду, масала, харжамаш тIекхочуш Адыгеян шахьарахь лелларг. Меттигера массийтта юкъаралла гIоьртина парламентан харжамашкахь дакъалаьцначу махкахойн терахьаш харжамийн комиссеша Москоха дIаделлачех дуккха а къаьсташ хилар Iорадаккха.

Махкарчу партийн, боламийн дакъоша тоба кхоьллира, харжамхошка хаттам а беш, мила вахара, мила ца вахара парламентан харжамашка талла. И тоба йолаелира нах лебан. Дуккха а дуьйцура наха Iедало шайн кхаьжнаш лечкъийна хилар чIагIдеш. Амма оцу къамелашна буха куьг язде аьлча, хIормаммо а олург цхьаъ дара: «Со Iедалша цул тIаьхьа ваха вуьтур вац, суна хьашт бац совнаха коьрталазам» Иштта дисира, бина болх дIагайта тоьшаллаш а доцуш, Майкопехь жигархоша хьакамаша лелае харцо Iорайоккхуш дIадолийнарг.

Оцу белхан коьртехь хиллачу политика, меттигерчу жигархочо Каратаев Владимира дагахьбалламца довзийтира и сурт Маршо Радиона.

Каратаев: " Нах кхоьру. Шайн харжамийн комиссин белхахошца кхидIа а даха деза, олу. Ца теша нах шайн ю бохучу бакъонех. Цу тIе пачхьалкхан бахархойн позици а яц нахехь".

Каратаев Владимир хаъал дохковаьлла нехан дуьхьа ду, бохуш, ша дуккха а шерашкахь юкъарчу дахарехь жигара лелла хиларна. Шена ца го,
элира цо тхоьга, Оьрсийчохь я дешан а, я синан а маршо, халкъехь политикан культура яц, верриг а санна тешна ву, ша кхочушдеш хIума дац халкъан дахарехь, ша чхьаьвриган мехха бен а вац шен пачхьалкхехь бохучух.

Дозанал Арахьа бехарш а ца Теша Харжамех

Кавказхоша, и мел новкъа делахь а, вуно лахара шовкъ йолуш, тешам боцуш дIабахийтина парламентан а, президентан а харжамаш. Царел башха, кхин сов дог-ойла йолуш, дахарехь хиндерг дикачу агIор хийца таро ю шайн, харжамашкахь дакъа а лаьцна, аьлла хетарш ца карийра Маршо Радиона Нохчийчохь бехачу нахал кхузза-доьазза белахь бен кIезиг боцчу даймахкал арахьа бехачу нохчашлахь а.

Муьлххачу а пачхьалкхехь вехаш велахь а, луучунна аьтто бара Оьрсийчоьнан векалтехь хIиттийначу харжамийн гIутакхашна тIекхача. Амма и дан луург валлане а ца велира тхан талламехь.

Швецерчу Гётеборгера ву Микаил. Цунна хетарг иштта дара.

Микаил: " Уьш могIарчу нехан карахь хIуманаш дац. Вай хуьйцур долуш а дац. Цундела сан кIезиг бала бу церан харжамийн".

Францехь еха Зайнап. Шега харжамех лаьцна хаттар дича, цхьа хьашт
доцург шена хезча санна дара цуьнан жоп.

Зайнап: "Дера гIур яцара-кх, вай хьанна оьшу. И харжамийн куп муьлхачу меттехь ю а-м ца хаьа суна"

Австрехь бехачу вайнехан векалшца оха къамел динчех ю Аминат а. Иза а йоьлура, шега динчу хаттарх цецьялла.

Аминат: "Цхьа а харжам а бац, я вайга баккъала а хоьттуш хIума а дац цигахь. Со гIур яц оцу харжам боцчу харжамашка".

Францехь Шарль-Де-Голль гIалахь беха Нажи-юьртарчу Iаьрбин доьзал. Иза ша гIишлошъярхо ву. ЦIийннана ишколехь францойн мотт хьоьхуш ю. И ший а ца дахана я парламентан а, я президентан а харжамашка.

Iарби: " Суна Францехь дуккха а оьрсий а, нохчий а бевза. Царех стагга а вац цига гIур волуш. Харжам боцуче стенна воьду? Путина, схьавола, хIинца хьо охьахаа, олий, Медведев охьахааво, тIаккха, хьо дIавала, со охьахуу, олий, Путин юха а схьавогIу. Халкъ Iовдал а хеташ, иштта ловзадо оцу шимма".

Харжамашка боьлхуш вовшахлахь массарел а дика хила гIертачу кандидаташа, халкъо президентан гIант шайна тешадахь, шаьш дендолу диканаш дуьйцуш дуккха а кхоьллира туьйране хиндерг. Тергамхоша жамIаш а дина церан ахчанахь.

Миронов Сергейна ша леринарг кхочуш дан президентна низамо луш долчу 6 шера чохь оьшур ду 125 триллион сом. Зюганов Геннадийна -110 триллион. Жириновский Владимирна –80 триллион. ХIоранна а ша дуьйцург кхочушдан, халкъана деллачу дешнех ца воха оьшуш нисло ах-дуьнено оцу 6 шера чохь доккху рицкъа. Я тидаме дохкур вай Путин Владимира ша 2018-гIа шо тIекхачале дийр ду боху хIуманаш. Уьш ша дийр ду-м цо 2004-гIачу шеран харжамашкахь а бехира, ткъа данза дисира.

Дог эшийнарг Махках волу

Харжамаш бирзинчу шолгIачу дийнахь а, я шолгIачу шарахь а халкъ доккхадедеш хир ду шен харжамах, аьлла, чIагIо ян хIуттур вац тахана цхьа наггахь верг бен. Нехан дог-ойла йовзуьйтуш ду таро ерг, похIма дерг пачхьалкхера водуш хилар.

Деношкахь Москохара Канаде ваха дIавахна Оьрсийчоьнан халкъан артист, къомо
дозалла деш хилла киноактер Серебряков Алексей. Хьо стенна ведда даймахкара, аьлла хаьттича, цо иштта жоп делла: "Суна сайн бераш кхечу иедологехь, хаарш а долуш, къинхьегам безаш волчу стеган мах бечу махкахь дехийла лаьа. Адамашна тIехь дац къиза хилар а, вовшех кхерар а. Иза урамехь кхуьу амал ю. Ткъа Оьрсийчохь цунах хIоттаелла идеологи ю. Цигахь эхьдоцу адам сийлахь ду, изза нах Iедалехь а бу".

Серебряков а, цхьаццаболу кхин нах а бовдалур бу махкара. Ткъа бовдалур бац-кх бала а хьогуш беха массо бахархой...

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG