ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Декъаза дипломати


Туркойчоь -- Диван, Векал тIеэцар.
Туркойчоь -- Диван, Векал тIеэцар.

Пекине саммите вахначу Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира Китайн куьйгалхочун зудчуьн белшаш тIера охьадаьлла кортали дIанисдира. Иза нийса дина, я ца дина цо бохуш дуккха а комменташ ю интренетехь. Цу гIуллакхо ойла йойту ерриг а Оьрсийчоьнан дипломатех.

Саммитехь оьрсийн президенто, ша Китайн дипломатин ранг цхьа а Iаьциг евзаш вацар а гойтуш, Си Цзиньпинан зудчунна, евзаш йолчу халкъан иллиалархочунна Пэн Лиюанна тIетесира цуьнан белшаш тIера охьаяла йоьлла гуьлмаьнда, майра Iамеркарчу президентца Обама Баракца къамеле ваьлла Iачу юкъанна.

Китай -- Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир (аьттоагIор) гIо деш ву белшашна тIе кортали таса Китайн куьйгалхочуьнан зудчунна Пенг Луинна (аьрроагIор)
Китай -- Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир (аьттоагIор) гIо деш ву белшашна тIе кортали таса Китайн куьйгалхочуьнан зудчунна Пенг Луинна (аьрроагIор)

Европехь изза дича Путинах цхьа а цецвер вацара, и саннарг могIарера хIума ду цигарчу гIиллакхашца. Амма Китайхь ца магадо и тайпа хIума - нехан зудчунна гонах хьовзар.

Цундела Китайн телевизион мелла а хьулдан гIоьртира хилларг, цензурин тукарца.

Кхузахь хаттар кхоллало, хаа а хууш дина-те иза Путина, я ша иштта цхьа ша-тайпа стаг ву ала гIерташ волчу цо лелочуьнан цхьа дакъа ду-те иза олий. Цуьнга хьожуш шеко юссу, цунна ша лелон дезарг хууш дара бохучух. ХIунда аьлча, тIаьххьарчу хенахь Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллан болх да воккхавер волуш боцун дела. Оцу кепара хIума дуьххьара хуьлуш дац Оьрсийчоьнан дипломаташца тIаьххьарчу хенахь.

Хууш ма-хиллара, паччахьашка куьг луш а, церан белшаштIе куьг детташ а Iедал дац. Ур-атталла, царех хьакхавалар а дихкина ду дуьненаюкъарчу гIиллакхашца. Амма баханчу баттахь Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министр Лавров Сергей вара Норвегин паччахье ХIаральд V куьг дала гIерташ.

Иза паччахьаллан протокол кIоршаме дохор дара. Амма паччахьо ша оьзда стаг хилар гойтуш, шега Лавровс кховдийна куьг ца гина сурт хIоттийра, шен коьртара фуражка а тоеш.

Цул хьалха изза Лавров вара шена папуасаш караелла коьчал кочаолла гIерташ. Цигахь яьккхина видео ю лелаш интернетехь.

Дика дара цунна юххе хиина Iаш меттигера министр хилла, цо сацийра Лавров.

Оьрсийчоьнан президенто Пекинехь диначуннатIе юхадоьрзур вай. Историн Iилманча Вачагаев Майрбека иштта туьду Путин Владимира лелийна гIиллакх.

Вачагаев Майрбек:

Линкана тIе

Дипломатин говзалла цхьа а хIума ца олуш IадIале хьалха шозза ойла яр ду олуш хилла хьекъал долчу наха.

Амма, кхеташ ду, дипломат аьлла цIе хиларх иза стагах хуьлуш ца хиларх. И гIуллакх юьхьарлаьцна волу стаг даима а сема хила веза.

Воккха дипломат хилла Британин премьер-министр Черчилл Уинстон. И стаг уггаре а сийлахь волу шайн махкахо лору ингалсхоша. Жима волуш журналист хилла ву Черчилл. 1899-чу шарахь иза тIеман корреспондент хилла ингалсхоша бурашца тIом беш. Бураш Къилбас Африкехь латтанаш тIехь болх беш болу Европера дIабахана нах хилла. Цигахь йийсаре лаьцна хилла Черичилл бураш, амма вада аьтто баьлла цуьнан.

Британи -- Черчилл Уинстон, 1914
Британи -- Черчилл Уинстон, 1914

Кир лелочу цIерпошт тIехь иза дIакхаьчна Мозамбике. Цу хенахь иза Португалин колони хилла. Лоренсу-Маркише олучу гIала ша дIакхаьчча (тахана иза Мапуту ю) Черчилла гIо дехна шена Британин векалтехь. Амма кирлелон вагон чохь некъ бина волу Черчилл дукха беркъа суьртехь хилла. Ткъа консуло иза цхьана кеман тIера кIорабагорхо ву моьттуш, эккхийна, Черчилла ша Британехь гIарабаьллачу Малборо доьзалера ву боххушехь.

НеIарна тIе пIелг а хьажийна, ахь хьо ву бохург велахь, со Британин паччахь ю аьлла консуло. ОьгIазваханчу Черчилла шен гергарчу нахе телеграмма хьажийна, кураваьлла дипломат шен метта хIоттаве аьлла, дехар деш.

ШолгIачу дийнахь Лондонера телеграмма кхаьчна консуле. Цу тIехь яздина хилла: «Шу долчу веана хилларг Британин журналист а, лорд Черчиллан кIант а хилар тоьшалла а до оха. Иштта хаам бо хьоьга, хьо Британин паччахь цахилар а, кхидIа паччахьан Лоренсу-Маркишехь волу консул цахилар а".

Ткъа нохчийн муха юкъаметтигаш нисъелла дипломатица. Цара хIун леладо?

Нохчийн дипломати дукха кIорга истори йоцуш ю аьлла хеталахь а, нохчий къонахий даима а хилла дипломаташ, дуьйцу Абумуслимов Сайд-Хьасана. Къоначу Нохчийн пачхьалкхан дипломатин хьалхара гIулчех лаьцна а дуьйцу цо, Дудаев ЖовхIара лелийнарг дага а лоцуш.

Нохчийчоь - Дудаев ЖовхIар, 1991.
Нохчийчоь - Дудаев ЖовхIар, 1991.

Абумуслимов Сайд-Хьасан:

Аюбов Ясраил–Хьаьжа муфтийн Мадин-Мохьмадан наиб хилла ву, и институт вайнаха лоруш а, сий деш а йолчу хенахь. Цо дагалоьцу Мадин Мохьмадан дипломатин говзалла.

Аюбов Ясраил-Хьаьжа:

Историк Вачагаев Майрбек ша а ву Ичкерин Москох векал хилла. Цо иштта дуьйцу нохчийн дипломатех лаьцна.

Вачагаев Майрбек:

Линкана тIе

ТIаьххьара. Иштта гина "кавказхойн" дипломати Петарбухерчу беламен театран актерашна.

XS
SM
MD
LG