ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьайбахах лаьцна кино гайта йиш яц Оьрсийчохь


Нохчийчура лаьмнашкара шира эвла, 29Мар2012
Нохчийчура лаьмнашкара шира эвла, 29Мар2012

Цхьана гергарчу шина баттахь гайтаме яьккха мега, нохчийн къам цIерадаккхарах йолу доьххьара леера фильм. «Ма хетта ца хилахь, ма торру», бохучу нохчийн кицанийн кепехь яьккхина ю иза.

«Дицдан омра ду» аьлла цIе йолу фильм, нохчийн къам цIерадаккхарах йолу, яьккхина яьлла. Цхьана шарахь сов болх бира цу тIехь, бIе сов декъашхойхй йолчу говзанчийн тобано. Режиссер кхайхкинера, Оьрсийчохь воьвзуш волу Эркенов Хьуьсейн.

Депортацийн тема цунна гергара яра-ша а кхарачо волчу цуо, яьккхинера шен къам цIерадаккхарх йолу фильм «Шело». Иза, цхьацца гайтамашкахь, хьалхара меттигаш а йогIуш, къобал йина, тIеэцнера хьовсархоша.

«Чим» аьлла доьххьара цIе яра вайчуьнна, амма, болчу хаамашца, Оьрсийчоьнан кинематографийн кхеташонан коьртехь волчу Михалков Никитас, ала а аьлла, хийцина иза, иштта цIе йолуш кхин кино ю аьлла. ХIинца оцу фильман «Дицдан омра ду» цIе ю.

Оцу проектан автор а, коьрта продюсер а ву Коканаев Руслан. И кино яьккха йолийначу дуьйна, оьрсийчоьнан хаамийн гIирсашкахь, йоккха гIовгIа яьккхинера цунна доьхьала. Иза муьлхачу хьелашкахь яьккхира шаьш, Маршо радиога дуьйцу Коканаев Руслана.

Коканаев Руслан: «Тахана а и фильм гойтуш ца хиларан бахьан ду- ша мел болу болх хIинцалца чекхабаланза бара. Тахана, иза чекхабаьлла ала мегар ду. Оха и фильм йоккхучу хенахь, тхуна кху Нохчийчохь, цхьанна а агIора йина новкъарло яц. Интернет чохь, бакъдерг дийцича, оьрсийн агIорара гIовгIа лаьттара. Къаьстина «Комсомольская правда» газето яздинера

«И кино нохчаша, оьрсийн ахчанах йоккхуш ю, оьрсийн салтша, нохчийн бераш дойуш» аьлла. Тхуна иштта хира дуйла хаара. ХIинца, дуьненаюккъерачу цхьацца фестивалашка дIа а язбелла, Iаш ду тхо».

И фильм ца яьккхийта доьхьала болийначу балхах аьлча, оьрсийчоьнан юккъараллехь цу тIехь кхиамца лелаш бара цхьаболу хаамийн гIирсаш а, журналисташ а. Иза цара дуора ларамазан кепехь. Масала, ша Кавказан эксперт ю бохучу Юзик Юлияс, яздира интернетехь, и кино емал деш дерг.

Ткъа, Iедалан цхьацца низамхойн урхаллаш-м, шай балхаца догIуш а долуш тергоне эцна и фильм. Бакъду, царах цхьаберш тешаш бу, масла Хьайбахехь и бохам хилла ца хиларна. Шаьш иштта доьхьалонаш хира юьйла а хууш, оцу бохаманна теш хилларш а, кхиберш а, гIонна кхайкхинера, аьлла кхин дIа а дуьйцу Коканаев Руслана.

Коканаев Руслан: «Шозза-кхузза тхуна, кинематографийн кхеташонера и кино яьккхина ялле, цьунана кийсакаш яийта аьллера. ТIеман структурашкара а, Iедалан агIора а, белхахоша телефонаш еттара. Оха, олуш дара, и болх чекхбаьлла баллалца, хьаьнга хьовса гIерта шу?

Прокуратуро а тIекхайкхинера со оцу хаттаран. Цара и хIумш хилла дац бохура, Хьабахехь нах хIаллакбар бакъ дац бохуш дуьйцу. Вайнеха нах а бара тхан фильмехь консультанташ. Хьабахах лаьцна кино яьккхина болу авторш а бара: Музаев а, Гаев а, Чагаева а. И бохам хуьлучу хенахь Мальсагов Зиявди цигахь хилла ву. Гвишианица цигахь дов а даьлла, цара лаца а лаьцна дIавигна иза. Амма, и хилларг бакъ дац бохуш цхьацца хIумш ду-кх лелош».

Маршо радио: «ТIаккха, гарехь а, схьахетарехь а, и кино ца ган а мега-кх шуьйрачу юккъараллехь?».

Коканаев Руслан: «Суна иштта аьлла ца хета. Цу кино чохь цхьа а адаманна доьхьала хIума а дац. ГIазкий а, я гуьржий а ца безаш дуьйцуш хIума а дац цигахь. Оха бохург ду, къомо олуш дерг-ала деза. Цу хенахь, ас Конституци схьа а эцна ешча, цу тIехь яздина ду артикалшца, дешан маршонех а, дIасавахарца а, могашаллийца а йоьзна йолу.

Делахь а, массо а хIума Конституци тIехь яздина долшехь, нахана тIехь и зулам дан ма дини цара. Ворх бIе сов стаг хIаллак а вина, иза хилла дац, иза бакъ дац боху хIинца. Тхо оцу киноца ала гIерташ дерг хIун ду?

Кху пачхьалкхехь адамаш даха а, Iан а дагахь далахь, уьш тешна хила беза, кхана царана а, церан доьзалшна а тIехь и хIума юха хира дац аьлла. Иза тIелацар, цалацар Iедалан гIулалкх ду. Делахь а, и кино кийча а ю, цьунах гIуллакх хира ду аьлла хета суна».

ХIокху цхьана шина-кхаа шарахь, нохчийн къам дIадохоран гуонахь цхьацца цакхетимаш болабелла. ХIинцалца, цуьнах дийца мегаш хилла дерг, тахана, дихкина ду. ДIадохорна конференци дIаяхьана волу юккъралхо Кутаев Руслан, цхьацца шеконан бахьанаш а даьхна чувоьллина набахте.

Цхьаболчара, дийцарехь, иштта кхиъ цхьа жимма дIадоьдахь, нохчашка Оьрсийчоьнан Iедалша кIинтIера даха бохура ду, шаьш дIадохорна. Амма, «Дицдан омра ду» цIе йолу кино а, эзарнашкахь долу нехан тоьшаллаш ду, къоман дагалецамаш а бу хилларг Iалаш деш. Цуо, даиманна санна латтора бу историйн бух.
XS
SM
MD
LG