ТIекхочийла долу линкаш

ГIагI диллина Мерседесаш йоцуш буьсур бу Оьрсийчура хьаькамаш


Оьрсийчоь -- Путин Владимиран гIагI диллина Мерседес, Братиславе визитаца иза веаначу хенахь, 25Чил2005

Оьрсийчоь -- Путин Владимиран гIагI диллина Мерседес, Братиславе визитаца иза веаначу хенахь, 25Чил2005

Малхбузенан санкцеш Оьрсийчу хьажочу машенех а хьакхаяла йолаелла - Даймлер концерно гIагI диллина машенаш кхин юхкур йолуш яц Оьрсийчохь.

Оьрсийчуьрчу хаамийн гIирсаша дийцарехь, герз чекх ца долуш чIагIйина йолу машенаш, дуьненна а евзачу немцойн Даймлер концерно еш йолу, оьрсийн хьукматхоша а, таронечу а наха кхин оьцур яц.

КесталгIа, мел кIезга а. ХIунда аьлча, леринчу технологешца еш йолу и вуно тешаме машенаш, шаьш лаккхара кхерамазалла Iалашйеш болу гIирс хиларх терра, Евробертан санкцешкахь хьахийначу гIирсашна юккъейоьлху. Оьрсийн „Ведомости“ газетано, Даймлер концернан Оьрсийчурчу векална тIе а тевжаш, дахкадо цуо аьлла долу дешнаш: „Оха санкцешкахь билгалбаьхна олу массо а бехкамаш ларбеш бу“, аьлла.

Кху хене кхаччалца Даймлер концерно Оьрсийчохь юхкуш 4 кепара буто эчигах йина брон йолу машен яра. Царна юккъехь яра Мерседес Бенц Джи 500 цIе йолу джип а, оцу Мерседес Бенц маркин седан а, лаккхара кхерамазалла Iалашйеш йолу лимузин а, ткъа иштта шех кроссовер олуш йолу, лаьмнашца а, ваха а, ван а халчу меттигашкахула а чекхйолуш йолу, кест-кеста эскарийн хьашташна лелош а, ткъа оьрсийн таронечу наха тайгахь а, кхечу акха Iаламаш долчу меттигашкахь а талларшна лелон марзаелла йолу машенан тайп а.

Нагахь санна и кроссоверш оьрсийн совдегарша дукхахьолехь лелош елахь, цу лакхахь хьахийначу машенех G 500 цIе йолу Мерседес доккхачу декъехь оьрсийн лакхарчу даржашкарчу хьуматхоша лелош хилла, шайна юккъехь къайлахчу сервисийн белхахой а, эскарера инарлаш а, Кремлан администрацин белхахой а болуш.

Ткъа оццу Даймлер фирман гагI диллина лимузинан тайпана Мерседесаш Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир а, премьер -министр Медведев Дмитрий а, лелочу машений паркехь а ю. Ю уьш иштта Оьрсийчоьнан регионий куьйгалхой а, президенташ а лелош а. Масала, Дагестанан куьйгалхо Абдулатипов Рамазан дIасалелош а ю бохуш дуьйцу хаамийн гIирсаша и саннарг.

Мерседел совнаха, герз ца кхета машенаш Оьрсийчохь юхкуш ю иштта немцойн БМВ концерн а, Ауди концерн а. Евробертан санкцешна къера хила и ши фирма а, кхин дIа мел ерш санна, декхарийлахь хиларна, там бу цара а кесталгIа, Даймлеро санна, шайн машенаш оьрсашна йохкар сацадан. Бакъду, цкъачунна цхьа а официала дIахьедар цу шина кампанин векалша цу хьокъехь дина дац.

Хьахон догIу, Оьрсийчохь тIаьхьарчу хенахь я Малхбузенан санкцеша лакхаяьккхинчу патриоталлин бахьанца делахь а, я оьрсийн машенашъяран бизнес шайн карахь йолчу совдегарий лобби бахьана долуш делахь а , кест-кеста дека муьлха а Малхбузхера машенаш шайн махкахь йохкар дехка деза боху аьзнаш.

Къаьстина, пачхьалкхан хуькматаша официала шайн хьашташна Европехь иййеш йолу машенаш сацош а еза, оьрсийн хьукматхой шайн махкахь ечу машенашна тIе ховшо а беза боху цара. Бакъду, Евробертаца Оьрсийчоьнан мел барт ийгIинехь а, Малхбузе оьрсийн официалан пропагандано мел емал яхь, амма хIуммаъ шайн Мерседесаш Жигалешца я Ниванашца хийца сих ца ло патриоталлех буьззина олу оьрсийн хьаькмаш.

Хьахон догIу иштта, баханчу товбеца баттахь Оьрсийчоьнан урхалло дихкинера регионашкарчу а, федералан а хьукматхошна Малхбузера техника эцар. Амма халкъан хьашташна оьцуш йолу техника эцарна болу бехкам атта лайначу хьукматхоша иштта атта лахь тамаша бу шаьшна хехка оьцуш йолу дозанал арахьара машенаш эцар шайна дехкахь.

Цундела хаамийн гIирсаша дийцарехь, оьрсийн хуькматхой тохахрехь керла схемаш толлуш бу, нагахь санна Кремло Мерседесаш я Аудиш эцар шайн ца магадахь, уьш лизингехула я арендехула муха хоьхкур яра те бохуш.

XS
SM
MD
LG