ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьно Украинехь лелочунна реза бан немцойн депутаташ


Германи--Берлин, Бундестаг.

Германи--Берлин, Бундестаг.

Немцойн Бундестаган депутаташ Германин Оьрсийчоьнца йолу юкъаметтигаш хийцаре кхойкхуш бу.

Германехь уггаре а тIеIаткъамечарех Оьрсийчоьнах волу аналист ларалуш ву Шоккенхофф Андреас, карарчу хенахь урхаллехь йолчу Меркел Ангелин Кериста-демократийн партин цIарах Бундестаган депутат волу. Немцойн арахьарчу гIуллаккхийн министраллехь Германин -Оьрсийчоьнан цхьаьнаболхбаран юкъараллина куьйгалла деш а ву иза.

Шинари дийнахь Шоккенхофф Андреаса Бундестагерчу кхечу депутатца, немцойн-украинхойн парламентхойн тобан куьйгалхо волчу Вельман Карл-Георгица цхьаьна, зорбане даьккхина керла программан документ, Германино Оьрсийчоьнца лелон хьакъ йолу юкъаметтигаш билгалйохуш долу.

Цу кехата тIехь цара яздо, Оьрсийчоьно шен Украинехь болчу леламашца кху тIаьхьарчу 40 шарахь Европехь дIахIоьттина йолу къепе йохош ю, бохуш. Цундела, Бундестаган депутаташ тешна бу, Германино шен Оьрсийчоьнца йолу юкъаметтигаш хийца еза, аьлла.

„Карарчу хенахь тхуна ца го Оьрсийчоь Европица эвсаре цхьаьнаболхбан сатессина хилар“, - аьлла яздина ду парламентхойн кехат тIехь. Цундела, НАТО тIеман альянсотIебогIучу гезгмашин баттахь еххачу ханна Малхбалерчу Европехь шен базанаш дIатарйаран аьттонаш талла йолаяла еза – Оьрсийчоьнан агресси бахьана долуш.

Иштта цара кхайкхам бо, Оьрсийчоьно Украинина ГIирма -ахгIайре юхаерзолца я цу шина пачхьалкхено ГIирмин хьокъехь цхьа барт баллалца Оьрсийчоьнна дуьхьал йолу санкцеш лах ца яре.

Ткъа Кремле цара кхойкху, Украинин малхбалехь сепаратисташна гIодар сацоре а, цу махкахь дестабилизаци йон гIулчахь ца яхаре а. Нагахь санна Оьрсийчоьно цу кхайкхамашка ла ца догIахь, Германи кийча хила еза, бохуш яздо Шоккенхоффа а, Велманна а, цу пачхьалкхана дуьхьал кхин а шогох йолу гIулчаш яха, шайна юккъехь, эшахь, экономикан санкцеш а хир йолуш.

Ала дашна, санкцийн тема йийцаре йира шинари дийнахь иштта немцойн экономикан министр волчу Шойбле Вольфганга а. Масех кIира хьалха Путин Владимир ХIитлерца вустарца гIарваьлла волчу цу немцойн министро шинари дийнахь дIахьедар дира, Германина шена цунах мел зе дер делахь а, амма Берлино Оьрсийчоьнна дуьхьал кхин а луьрох йолу санкцеш юккъеяхар къобалдийр ду, нагахь санна Кремло шен Украинера леламаш хийца ца хийцахь, аьлла.

Цу гIулчана Германи кийча хилар а дIакхайкхийра цуо. Немцойн коьртачу экономисто мукIарло дира, Москохана дуьхьал экономикан санкцеш яхар Германина шена а цхьа могIа зенашца доьзна хир ду, аьлла. „Амма и бахьана долуш тхо тхаьш дан декхарийлахь дерг ца деш совцур дац“, - элира цуо Берлинехь ша еллачу пресс-конференцехь.

Цуьнца цхьаьна амма Шойбле Вольфганга билгалдаьккхира, Германи Оьрсийчоьнна дуьхьал кхин а шогох йолу гIулчаш яха хьаьгна а, сатесна а яц, аьлла. „Тхуна партнералла оьшура, санкцеш ца оьшура, - элира цуо. - Делахь а, Оьрсийчоьно дуьненаюкъара низамаш лардеш ца хилахь, тхо уьш юккъе ца яьхча девр дац“, - аьлла.

Изза ду Бундестаган депутаташа шайн кехатехь билгадоккхуш дерг а. Цара зорбане баьккхина официала кхайкхам хIинца немцойн урхаллехь бийцаре бан безаш бу. Ткъа Шоккенхофф Андреас цу урхаллин а, немцойн канцлеран Меркел Ангелин а вуно мехалчарех хьехамча ларалуш ву.

ТIаьхьарчу масех шарахь, къаьстина Путин Владимир президентан гIента юхавеъначул тIаьхьа, Кремлана ира критика ярца гIарваьлла волчу цуо иштта кхайкхам бо, Европера пачхьалкхаш Оьрсийчоьнан энергоресурсех йозуш хилар сихонца дIадаккхаре – цу пачхьалкхаца йолу юкъаметтигаш карарчу хенахь дика хилар - вуон хилар мехала а доцуш.

XS
SM
MD
LG