ТIекхочийла долу линкаш

Бусулба дине стенна буьйлу оьрсий?


Оьрсийн джамаIатан хьалханча Сидоров Вадим

Оьрсийн джамаIатан хьалханча Сидоров Вадим

Оьрсийн къоман хиндолчух сагатдечийн могΙаршкахь бу кеп-кепара политикаш, юкъархой. Цхьаболучарна къоман кхоллам европахойн кхетаме берза беза аьлла хета. Вукхара, хΙан-хΙа, боху, оьрсийн ша-тайпа некъ бу хиндолуче, хьох оьрси ца хуьлу, ахь цуьнан дин, гΙиллакхаш дитинехь, боху. АПН-агенталлехь «Оьрсий а, ислам а» цΙе а йолуш шен рогΙера артикл арахецна вевзаш волчу публициста Севастьянов Александра. «Хьо бусулба дине ваьллехь, хьайн къам духкуш ву», боху автора, шен кхоллам исламца дузуш нислучу оьрсашка. Цуьнца реза бац дуккха а нах, шаьш бусулба динехь боцу оьрсий а тΙехь.




Журналист, филолог Севастьянов Александр юьхьанца дуьйна вовзуьйтуш ю цунан регалеш – «Къоман Газета» цΙе йолчу хьостанан коьрта редактор, «Берриг славянийн журналистийн гонан декъашхо» (иштта юкъаралла а ю дуьнентΙехь), оьрсийн националистийн боламийн жигархо.

АПН-агенталлехь арахецначу шен керлачу артикл тΙехь цо халахетарца хаам бо, оьрсий бΙеннашкахь, эзарнашкахь бусулба дине бовлуш бу, бохуш. Амма Севастьяновна хетарехь, Далла тΙе кхочу некъ исламехь гар дац ишттачу наха бен къастам – уьш шайн къам гΙиллакхаллин, политикан кризисе кхаьчна хиларна резабоцуш уьду оьрсаша дайшкара дуьйна схьа леладечу керста динера.

Бехке Ιедал а ду, цунна сужданехь лаьтта мозгΙарш а бу, боху Сеывастьянов Александра.

Амма керста дин а дитина, исламе волу оьрси - къам духкург ву, боху Севастьяновс. Автора бахарехь, цкъа а боьрзур боцчу тΙамехь ду вовшашца керста динний, исламмий. Оцу тΙамехь мостагΙчуьнгахьа валар ду оьрси бусулба дине верзар.

Националист Севастьянов Александр цхьалха вац ша яржочу ойланца - бΙе эзарнашкахь бу и саннарш.

Тергамхошка даккхал хΙума а дац славянофил ша лоручу журналиста яздийриг. Дуккха а къуьйсу динах лаьцна прессехь а, цунна юьстаха.

Маршо Радионо оцу хьокъехь къамел дан къасти йра могΙара оьрси. Бакъду, Севастьяновс бохучу кепехь йоцу, ойланашца шен гонах къасталуш йолу оьрси.

Цхьана заманахь керстаналла тΙечΙагΙдеш, килсехь лелачу массо а ламастех чекхъялла, керста ларалуш ю Москох еха Кондратьева Элеонора. Яц иза я Ιилманча а, я политикера жигархо а. Кхиберш санна могΙархо ю. Амма иза херйол-йолуш шен кхетамца ийгΙина килсанаша дечу тΙедахкаршца. Иштта дара тхан къамел.

МР: Ахь боху-кх, хьо цхьана динах генна дΙахеръелла, ткъа кхин дин хьайна герга ду – ислам. Керста дин (православие) вон стенна ду?

Кондратьева: «Суна керста дин вон стенна хета аьлча, къаьсттина тΙаьххьарчу заманахь театран ловзарех тарделла иза. Цу тΙе и лелоран кепаш. КхидΙа. Массо а тайпа къинош ду тΙера дохуш. Хьанна а. Ша селхана стаг вийна аьлла, бандит веъча, мозгΙаро иза къинах цΙанво. Зуда йогΙу, ша туьканара берана шоколад лачкъийнера, олий, и къа а ду дΙахоьцуш.

Керста дино шена ца го кеп лелайо нах маларшка бирзина хилар, зене бецаш уьзуш хилар, зина деш хилар, иштта дΙа кхин а. Килсахь даΙваташ до нахана бевзаш а боцчу маттахь. Иштта, догъэтΙадо, кеп-кепара дезаденош тΙеэгош хиларо, лаахь а, ца лаахь а, жΙараш лелон езаро... Доцца аьлча, иштта ду-кх.


МР: ...Ткъа хΙун бахьана ду хьуна ислам тар?

Кондратьева: Деллахь, исламе некъ бехха ма-бара. Ислам суна стенна тов? Гарехь, массо а динех иза цхьаъ ду, синан цΙаналла тергоне эцна ца Ιаш, дегΙан цΙаналлин а гΙайгΙабеш. Ас леррина теллина Къуръан, ас леррина теллина ШарΙ. Суна чΙогΙа тов, масала, ШарΙехь адамо Ιуьйрана сарралц, буьйсане ваххалц хΙун лелон деза хьоьхуш. Къастийна цΙийнден, цΙийнненан декхарш, борша стеган а, зудчун а бакъонаш.

ШарΙе вайзаманера стаг санна хьо хьаьжча, масала, лор санна, цо охьаяздина ду, къона къежваллалц могуш-маьрша муха хьо ваха веза. Аьр вай, боьлу бусулба зударшна тΙехь, цара шайн дегΙ хьулдо нехан луьйчийлашкахь а тΙехь, олий. Ткъа лоьраша а ма боху, дегΙе сов малх лацийтар вон ду.

Кхин хΙун тов? Вуно чΙогΙа тов, ламаз моссаза до а дегΙ цΙаналле далон дезаш хилар. Кхетар дац-кх тΙаккха цхьа а ун. Кхин а, тов бусулба наха шайн зударий Ιалашбеш хилар. Масала, дика хета зударий стаг дΙавуллуче цабитар, оцу муьрехь зуда кешнашка юьтуш яцар. ...Сан къена да-нана ду, ас сагатдо-кх, уьш дΙабевлча, сайн оцу оьрсийн театран барамехь со хьийза езаш, оцу кΙуркΙаманехь.

МР: АПН-агенталлехь Севастьяновс аьлларг довзуьйту ас. Цо боху, « вайна хийра долу дин хоржуш волчу стагана - уггаре хьалха ислам – хаа ду, ша къам духкучу Ιинчу вуссуш вуйла». Хьан хΙун аргументаш хир яра цо бохучуьнгахьа я духьал?

Кондратьева: «И ойла яржош волчу авторехьа со янне а яц. Суна Токарева Викторияс аьлларг нийса хета. Хьо оьрсийн ву бохуш ахь дозаллаш дар суна тарло шинарий дийнахь хьо вина хиларх ахь дечу дозаллах. Сан да а , нана а оьрсий ду, амма муьлхачу бахьанийца къастон деза ас керста дин, суна иза товш ца хилча, суна иза баледаьлла хилча?

Сайна товш доллу дин харжа ю сан бакъо. Со маьрша адам ду аьлла а хета суна. Сайн синна оьшшу дин хоржу ас, ткъа цунах муха олу «къам дохкар»? Со сарафан лелош яцахь, аш бехк ма билла, ас идея ю-кх юхкуш? Иза-м деса къамел ма ду!

МогΙарчу керстано, аьлча а, ламасташца керста ларалучу нехан дуккхаъчу декъо дуьйцург ду Кондратьева Элеонорас дуьйцург. Керста дино, Библино бохург цхьаъ ду, килсо, мозгΙарша лелориг, халкъе леладе бохург кхин ду, олу хийлачо.

Динаш вовшашна дуьхь-дуьхьал хΙиттор, оьрсашна марзделлачу дашца аьлча, лорийла дац толеранталле. Ткъа Севастьяновс, шен накъосташа националисташа а санна, шога цΙе туьллу бусулба дине мел буьйлучу оьрсашна. Амма сацалуррий-те цуьнга а, и санначаьрга а, шоръелла йоьду процесс. Заз хецнна дитт кхуьуш делахь, орам бу-кх шена товччу нисбелла, гΙашна бохкийла-х даций, уьш я баьццара кхиарна а я маждаларна а...
XS
SM
MD
LG