ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лур дуй Путина Нухажиевна жоп?


Оьрсийчоь -- Путин Владимир регионашкарчу адамийн бакъонийн векалшца долчу цхьанакхетарехь, Москох, 16Мар2012
Оьрсийчоь -- Путин Владимир регионашкарчу адамийн бакъонийн векалшца долчу цхьанакхетарехь, Москох, 16Мар2012

Кху тIаьхьарчу шерашкахь Москохо жоьпаза дитина хаттарш, Оьрсийчоьнан президентаца хиллачу цхьаьнакхетарехь юха а карладаха дагахь ву Нохчийчохь адамийн бакъонаш ларьяран векал Нухажиев Нурди. Нохчийчохь лаьтта хьал кхоьллина волчу Путина хIун жоп лур ду Нухажиевна?

Кху карахьболчу Марс-хьокху беттан 16-чу дийнахь кIошташкахь ша тешам а белла болх беш болчу адамийн бакъонашларьярхой тIеэцна Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира. Царна юкъахь ву Нохчийчохь волу цуьнан векал Нухажиев Нурди а. Цо ша Iорабаьккхинчу хаамца, Оьрсийчоьнан куьйгалхо волчохь, нохчийн къомаца доьзна, цхьа моггIа хаттарш карладаха лоьруш ву адамийн бакъонашларьярхо. Цо дийцарехь дукха хан хилла президент ган а, къомана халонга девлла хаттарш цунна довзийта а хьашто йолу.

Царех лору Нухажиевс Нохчийчохь тIемаш болуш лечкъа а бина, доьза байинчарна тIаьхьа кхиар а, байина лаьттах боьхкина карийнарш муьлаш бу къастош лабаратори йиллар а, махкахь къепе хIоттош, ишта я вуьшта эшам хилларш заьIапхой санна ларар а, тIеман хьелашкахь беллачу а, лазийначу а маьршачу бахархошна Iедало ахчанца гIоленаш яр а, иштта дIа кхин а.

Нухажиев Нурди, Нохчийчура омбудсмен
Нухажиев Нурди, Нохчийчура омбудсмен
Иштта Нухажиев Нурди дагахь ву цхьана юххьера дуьйна махкара минаш дIаяхаран хаттар айа а, тIом бахьнехь цIийнах-цIарх бевллачарна гIо дайта а, нохчийн къам дохийна, махках даьккхинчу луьрчу хенахь къомана хилла зе–эшамаш меттахIиттош Оьрсийчоьнан Iедало доьзалера цхьанна дала цIе тоьхна 10 эзар сом ахча кIезга а лерина, цуьнан барам лакхабаккхийта а.

Аьлчи а, бакъонашларьярхочо вайнахах доьзна юьхьарлаьцна ира хаттарш дуккха а ду. Бакъдерг аьлча нохчашлахь кIезиг бу цо деш долу арз-дехарш Кремлехь хезар ду аьлла дог тешна берш. Оццу Нухажиевс а, нохчийн парламенто а, урхаллехь болчара а дуьххьара хIиттош дац и тайпа хаттарш Москохана хьалха.

Ялх-ворхI шо хан яьлла масала, нохчийн агIоно мичча урхалла-хьукхмате, набахте кхача бакъо йолуш, доьза байнарш лаха говзанчийн тоба вовшахтохийтахьара бохуш, Оьрсийчоьнан куьйгалле леткъамаш бо. Цу декъера ,олуш ма-хиллара, жоп ца луш ширделла, маж яьлла лаьттачу хеттарех ду дохийна Сибрех хьажийначу къомана гIо дарца доьзна хаттар а. Хууш ма-хиллара, даьхний, ков-керт, бахам – массо хIумнах а баьхна, кира кхоьхьучу цIерпошташ тIехь махках баьхначу нохчашна Оьрсийчоьнан Iедало къастийнарг 10 эзар сом ахчанаш ду. Иза а доьзалехь дийна висинчу цхьанна. Ала дашна, дукха вайнах бисна, жIаьлина кхуссу даьIахк санна делла и ахча схьа ца оьцуш.

Нухажиевс юьхьарлаьцна гIуллакх дика а, къомана пайдехьа а лору тергамхоша а, шаьш бахархоша а. Делахь а, цуьнан аьтто хир бу аьлла хетарш кIезиг бу. Кху тIаьхьарчу шерашкахь цхьа хIума хийцаделла дац Оьрсийчоьнан куьйгаллехь. Премьер-министрх президент хилла, президентах - премьер хилла.

Цу шимма, Путина а, Медведевс а, къора а, бIаьрзе а хилла, кху 11-12 шарахь тергамза дуьтуш схьадалош долу хаттарш ду-кх Нухажиев Нурдис юха а юьхьарлаьцнарш. ХIинца цара жоп лур ду стенна моьтту цунна? Уьш хийцабелла.я кхин цхьа хIума хийцаделла пачхьалкхехь? Цу а, кхин а хаттаршна Москохо жоьпаш делча кхаъ а хир болуш, амма буххера дуьйна и жоьпаш хирг цахилар кхета а деш, цу кепара хеттаре буьйлурш Нохчийчохь дукха бу.

МогIарерчу наха а, бозуш боцчу тергамхоша а кхеторехь, уггар хьалха цу хаттаршна жоьпаш деха декхарийлахь берш юкъараллин боламаш а, цхьаьнакхетарш а йоцуш, урхаллехь болу Iедалдай бара. Цара хIитто догIура Кремлана хьалха, ийза а ца луш, ира хаттарш боху адамийн бакъонашларьярхоша а.

Къоман дай а, доладийраш а бевлла, деш зевне дIахьедарш делахь а, уьш сиха хуьлчух тера дац «хIара ишта бен, кхечу агIор хуьлийла дац» аьлла, зил-доза а тоьхна, Оьрсийчоьнан куьйгалхошна «хIаъ» я «хIан-хIа» аьлла жоп далар тIедожо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG