ТIекхочийла долу линкаш

"Лондонградерчу" оьрсийн дахар гойтур ду Британин телеканало


Британи -- "Лондонград" книгин юьхь.

Британи -- "Лондонград" книгин юьхь.

Оьрсийн богIуш бу боху“ дешнаш хезча Европахойн самукъадолуш хилла хенаш, хетарехь, тоххара дIаевлла. ХIинца ахча долу оьрсий, чам ца хиларца а, шайгара таронаш нахана гайта г1ертарца а, сонталлийца бузу Малхбузехь. Цу кепарчу „керлачу оьрсех“ лаьцна документалан сериал яьккхина Британехь.

„Оьрсийн бовзалаш“ аьлла гочдан мегар ду нохчийн матте Британехь кесталгIа дIайолалучу керлачу, Лондонехь ша-тайпа гIалин чохь гIала а йина, бехачу оьрсийн дахарх йолчу реалити-шоун цIе. Иза документала сериал ю ала мегар ду, доллучу дуьненна а керлачу оьрсийн дахарх хезна мелла хилла йолу стереотип хIуммаъ харцкхоьллина цIе йоцийла, мелхо а, цу буьзначу, цIеххьана каракхаьчначу инзаре яккхийчу таронаша цецбаьхна лелачу оьрсийн совдегарийн, - я вайнзаманахьлерачу маттаца аьлча, - олигархийн дахар нахана моьттучул а ша-тайпа а къорзох а, чамбоцушох а дуйла гойтуш йолу.

Карарчу хенахь мел кIезга а 400 эзар оьрсий ву Лондонехь вехаш. Дуккха бу царна юккъехь тароне нах. Ишттачех ю, масала, британхоша йоккхучу сериалан коьртачу турпалхойх цхьаъ йолу Камалия цIе йолу къона зуда. Схьахетарехь, и Камалия бохург а цуо ша шена хаьржина цIе хила там бу, шен чоме а, хьекъале а хьаьжжина. 2008-чу шарахь „Дуьненан мисс“ хаьржина хилла и Iаламо хазаллийца шортта Iалашйина йолу зуда. Амма хазаллийна сел комаьрша даьлла долу Iалам хьекъалца долчунна мелла а бIаьрмециг хиллачух тера ду цуьнца.

Бакъду, цхьаболчарна хетарехь, ахча хилча хьекъал башха оьшуш а дац, ткъа ахча Камалиян шортта ду – хазанехасанна аьттоне динчу марело Iалашйина иза цу диканца.

Цуьнан хIусамда Захур эцигца йоьзна бизнес лелош хилла цхьана хенахь. Ткъа Камалия-м шен дагахь дуьненна а евзаш йолу эшаршлакхархо хила сатуьйсуш ю, хьекъалал башха аз а шена Iаламо даллане а делла дацахь а.

Цу шиннан дахарх лаьцна яздечу Британерчу The Daily Mail газетано кхардамца билгалдоккху, церан хIусамехь кхозуш долу сарташ мел чамбоцуш ду бохург. Тамаша буй тIаккха цу сарташна тIехь доккхачу декъехь гойтуш дерг и и шиъ хилар? И шиъий, „Инжил“ тIера йозанаший.

Лондонехь, бакъдолш, тIаьхьарчу хенахь вуно дукха тароне оьрсийн бан а бу дIагулбелла. Цкъа хьалха Кремлан оьгIазлонах ведда вахана волу цхьа масех олигарх хиънера цу гIалахь ваха, амма заман йохалла царех хуьл-хуьлаш эзарнаш хилира, тIаккха бIеннаш эзарнаш а.
Цу керлачу оьрсийн а Iадатех лаьцна а, бухарчу меттигерачу таронечу ингалсхойн Iадатех лаьцна а Маршо радионо хаьттира дуккхаъ шерашкахь Лондонехь вехачу Ахмадов Iисайга.

Цуо дийцарехь, Фокс телеканало оьрсийн совдегарийн дахарех яьккхинчу сериалехь, ша хьахадан ка ца долуш бухадитина дацахь, шегара тIетоьхна, совдаьккхина я хаздина, аьлча а, эрчадина хIума ду олийла дац.

Ахмадов Iийса: „Цхьана муьрехь кхузахь и оьрсий схьаиха буьйлабелча, цара кхузахь цIенойн мехаш вуно лакхабаьхнера, и цIенош схьаийдеш, иштта гIарабевллира уьш цкъа дуьххьара. Еза хилчахьана цара хIуъа схьаэцар а, и шайн аха царна гайта лаар а гIараделира кеста. Цул тIаьхьа гIараделира, цара шаьш схьа ма баьхкина даккхий мел хуьлу а бохуш ийдина цIенош, чу хIитта нах а луьйцуш, царех цхьаболчаьрга кхин дIа лелалуш ца хилар, хIунда аьлча кхузахь долчу низамашца кху махкахь ахча ца даккхалора цаьрга, Оьрсийчохь шаьш харц-бакъ даьккхинарг кхачадала доладелча.

И бахьана долуш меттигеранаш меллаъ кхарда а кхаьрдира царех. И рицкъ царна хьанал карадеъна доцийла кхузахь массарна а хууш хиларх террра, дикчу агIор шайх ойла ца кхоллаялийтина цара. Вайна-м ишттаъ дика ма евзий Оьрсийчоь а, церан амалш а. И лайн амалш шайн сица ян ма юй цигарчу дуккхаъчу нехан, хIинца эцца Советан 70 шарахь массо а цу Советан пачхьалкъан юкъе догIуш хиллачу халкъаша вовшахтоьхна хилла долу рицкъ ма дуй цара хохкуш дерг“.

Лондонехь баха хевшинчу оьрсийн совдегарийн дахаран ша-башха кеп дуьххьара йийцаре яьккхина яц Британехь. КIира хьалха оццу The Daily Mail газетано яздира, Британин коьртачу шахьаран Оьрсийчура орамаш долчу керлачу бахархойх лаьцна. „Оьрсийн зударий урамашкахь дика бевзаш хуьлу, - бохуш язлинера цуо хIетахь.

- Царна тIехь когашна тIера коьрте кхаччалца дизайнерийн тIелхигаш хуьлу тIеюхий, къаьстина Dolce&Gabbana, Versace, Roberto Cavali, амма уьш, цхьа а чам я кеп йоцуш, вовшахйиттина хуьлу, дукха доьхуш хилчахьана, аьлла, схьаиййина юйла а гуш“, - бохуш.

Масех шо хьалха Дохкане Альбион шех олучу махкахь араяьллера „Лондонград“ цIе йолу киншка, оццу таронечу оьрсех лаьцна йолу. Цунах лаьцна дуьйцучу меттигерачу газеташа яздора, нагахь санна шу инзаречу маьттазлонах а, адамийн чам ца хиларх а, церан къинхетамазаллех а лаьцна деша лууш делахь, тIаккха и тептар шайна лерина дуйла хаалаш“, - аьлла.

Ткъа кху деношкахь Британин телевизионехь гайта кечйинчу оьрсех йолчу сериалах лаьцна дуьйцучохь цхьана журналисто язйинера, „хIинца кхета-кх со, Лондонерчу цхьана ишколан директоро оьрсийн бераш дIа хIунда ца оьцу шен ишколе бохучух“, аьлла.
XS
SM
MD
LG