ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчашний, оьрсашний юкъара гамо дIаяккха лаам Кремлера дуьйна схьахила беза


Russia -- Students gather to form the map of Russia as they celebrate the Day of People's Unity in the Siberian city of Krasnoyarsk, 04Nov2010
Russia -- Students gather to form the map of Russia as they celebrate the Day of People's Unity in the Siberian city of Krasnoyarsk, 04Nov2010

Адамийн юкъаметтигаш кхето а, тида а охIла болчу Iилманчаша а, говзанчаша –эксперташа а къаро ян эшна а доцуш, къаьмнашна юкъахь дотIана-цакхетарш лоьлхуьйтуш, церан барт эгIош, царна харц тIеIаткъам беш, чекхдаьлла Оьрсийчохь тIаьххьара ткъех шо.


Къаьсттина цу декъехь шайна эшаме даьхкина лору и шераш вайнаха. Бахьана кхеташ ду - тIаьхьий-хьалхий махкахь лилхина тIемаш. Эзарнашкахь кеггийна кхолламаш, махках бийларш, вер-ваккхарш, доьза байнарш… Таханлера хьал кхетош болчара дерий а деш, цу луьрачу хиламаша, херонаш кIаргьеш, дебийна къаьмнашна юкъара цакхетаран битамаш, яйина, шерашкахь зуьйш, яхчалуш схьаеъначу юкъаметтигийн марзонаш.

Шайн хьашташ листа Оьрсийчу боьдуш-богIуш лелачу могIарерчу бахархоша дере а деш, хьалхалераниг аьттехьа а доцуш, нийсса бIостанехьа хийцаделла карадо тахана Орсийчохь кегийчу къаьмнийн, къаьсттина вайнехан, терго а, хам-пусар а дар. Цабезаман а, дIатоттуш хийра лараран а цхьатерра хьу хаало Iедалехь болчаьрца а, могIарерчаьрца а. Цунна дередо адамийн юкъаметтигаш зерехь, юстарехь зеделлачу тергамхоша а. Иштачех ву Соьлжа-гIалара Сайд-Мохьмад а.

Сайд-Мохьмад: «Нохчийчохь лилхина тIемаш бахьанехь, хьалхалера марзо, барт аьттехьа бац. Йоккха башхалла ю. Хьо нохчо вуй хиича, хьан гIуллакхе ца хьовсу. Хьо безам ца хета. Хьох теша а ца теша, къамел дан а ца до дукха хьолехь. Россехь Iаш-бехаш болчара, цигахь бан а бина кхиъначара а, дередо кIад боцчу хIуманна тIехь проблемаш хуьлу шайна бохуш. Хьо нохчо вуй хиича, кхоьру боху, хьоьца хIумма а лело а ца лаьа боху. Цу кеппара херо кхоьллина тIамо. Къаьмнийн юкъаметтигаш герга ца ялийна, гена яьхна».

Сайд-Мохьмада чIагIдарца, мацахлера уьйр-юкъаметтигаш бохург тахана хьехадойла ян а яц. Уьш тIемаша хедийна. Цу кеппара доцуш, дайна, боху цо, вовшех кхетар а, дашар а.

Хьалхалера юкъаметтигаш юхаметта ца хIитталахь а, гергаяло, къаьмнашна юкъара дотIана шор ца далийта таро гIийла елахь а, дегайовхо а йолуш ю, боху Сайд-Мохьмада. Цунна гергахь, цу декъехь беркате хийцамаш бар, я цабар боху хаттар уггаре хьалха Оьрсийчоьнан куьйгалхойх гIоьртина, царех дозуш ду. И Iаткъаме хьал хийца лаам Москохара охьа хила беза бохуш, цхьа могIа биллам-тоьшаллаш а далош, дуьйцу Сайд-Мохьмада кхин дIа а.

Сайд-Мохьмад: «Зуламхойн тоба лаьцна, олу телевизионехь, Кавказера. Гуьржи велахь а, олу, эрмало велахь а. "Неславянской национальности" олий, иза а туху тIе. И бохург, вон болх бинарг оьрсий вац бохург ду. ЛадугIучу оьрсашна дагабогIурш муьлш бу? Багакхийсина а ца Iаш, дагчу а боьхкина нохчий бу-кх. Цара и политика хийца ца хийцахь, барт хир бац, галдалахь бен, толур дац гIуллакх…»

Сайд-Мохьмад, гарехь, духхьара а, я тIаьххьара а воцуш, Кремль чохь берш, бецахетарийн йийсарехь а Iаш, къаьмнашна юкъа цим туьйсуш, барт эгIорехь шайннчул дакъалоцуш бу Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсаш а, цхьамогIа политикаш а.
XS
SM
MD
LG