ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсий Нохчийчу юхаберзо дагахь ду Iедалш


Оьрсийчоь--Оьрсийчоьнан президент Медведев Дмитрий къамел деш ву махкахойн 3-чу дуьненерачу конгрессехь, 01ГIур2009

Оьрсийчоь--Оьрсийчоьнан президент Медведев Дмитрий къамел деш ву махкахойн 3-чу дуьненерачу конгрессехь, 01ГIур2009

Оьрсийн къомах болу нах цIаберзорехь хьалхара регион хила еза Къилбаседа Кавказ, аьлла, дIахьедар дира кху деношкахь Оьрсийчоьнан регионаш кхиоран министраллан куьйгалхочо Басаргин Виктора. Цо дийцарехь, цу хьокъехь дехарш дина ГIалгIайчоьнан а, Нохчийчоьнан а куьйгалхоша. Басаргина бахарехь, цигарчу Iедалша леррина программаш кечйина оьрсийн къомах болу нах шайн республикашкахь орамаш а хецна, чIагIбалийтар Iалашонца.


Нохчийчохь оьрсийн бахархой юхаберзоран комисси массийта шо хьалха леррина кхоьллина болх беш ю. Амма цуьнан жамIех лаьцна ала хала ду. Цара дукхачу хьолахь беш болу болх Наур а, Щелковски а кIоштана дозанера кхин ара ца болу. Кхечу дешнашца аьлча, ма-хеттара бац оцу тIегIан тIехь кхиамаш.

Регионан хьалха хилла болу бахархой юхаберзо безаш хиларх лаьцна хIокху деношкахь дIахьедар динчу Оьрсийчоьнан регионаш кхиоран министраллан куьйгалхочо Басаргин Виктора, бахарехь, нохчийн а , гIалгIайн а Iедалша дехар дина оцу хьокъехь.

Ткъа могIарерчу цхьаболчу бахархошна и гIуллакх, дикка талла а теллина, бух а кечбина, дан деза аьлла хета. Нохчийн журналистана Аюбов Замидан хетарехь, дуьххьара белхан меттигаш кечян еза, оьрсийн къомах болу бахархой юхаберзабале.

Аюбов Замид: Белхан меттигаш каро еза, аьлла, моьттуш ву со цкъа хьалха, массарна, кхечарна санна. Болх бан меттиг а, чохь Iа хIусам а. Иза ду-кх коьрта оьшуш дерг. Бакъду, йоккха «приток» хираю моьттуш-м вац со. Цкъачунна вай хьелаш дац.

Нохчийн журналистанна Аюбов Замидан оьрсийн бахархой юхаберзоран тема дика евзаш ю. Цунна хетарехь, махкхахь и комисси а йолуш и болх нохчийн бехкенна дIа ца боьдуш ца бисина.

Аюбов Замид: Суна хетарехь, цунна гIехь хан оьшур ю. Нохчий цкъа а цхьанциа а, гIоьртина хилла а бац. ТIом юккъе а баьлла, гIехь херелла юкъаметтигаш.

Нагахь санна оьрсийн къомах болу бахархой юхаберзар кхерамазаллийн хьелашца ца хуьлуш далахь, цхьаболчу эксперташа кхечу агIора дан деза иза боху. Масала, оьрсийн эскархойн дакъошна уллехь ян еза юхабоьрзучерна хIусамаш. Иштта, цара дийцарехь, Соьлж-гIала а кхоьллина шен хенахь.

Ислам цIе йолчу Соьлж-гIаларчу вахархочунна ца хета и процесс иштта дIаяхийта еза, аьлла. Бухахь болчу ночхашна а, тIебогIучу оьрсашна а пайда хила беза цунах, элира цо.

Ислам: Хьалха, Советае Iедал долчу хенахь, кхузахь шортта гIазакхий а бара, цхьацца проблемаш-м хуьлура, дешарна а, балха хIоттарна а. Амма хIинца и хенаш дIаевлла, аьлла, хета суна. Цу хенахь, оьрсийн мотт бара Iамош, хIинца а иза новкъа хир дац, аьлла, хета суна.

Царна юкъахь дика говзанчаш а бара, цаьргара Iама а йиш хира ю нохчийн. Оьрсийн мотт а хаа безаш бу вайна, дешарна а, Iилманна а.

Хиллачу шина тIамехь шина агIонан вовшен оьгIазлонаш кхоллаелла. Цундела оьрсий Нохчийчу юхаберзар дIадоло дезаш ду кегирхошна юкъахь кхетош-кхиоран белхан тIера, аьлла, хета юкъараллан жигархочунна Аюбова Лайлаана.

Аюбова Лайлаъ: Кегирхой буй, цара хаза неха санна интеграционан программехула олу-кх вай, Iедалшца долу тIай дIахоттадеш ду. Вай вайн гIиллакх лардо, хIуъа а дийцахь а.

Вай четарш чохь Iачу хенахь дуьйна, вайе кегирахой ламаз-марха дара. Иштта юхьдуьхьала къамеле баха беза, вай кегирхой а, Оьрсийчохь бехаш берш а. ХIара нис ца дахь, ша нислур дац.

Нохчий кхечу къаьмнашца магар дуьйцучу хенахь, наггахь федерал Iедалахошна дицло Оьрсийчохь дIасалелачу, я бехачу нохчашна тIаьхьарчу хенахь меттигерачу Iедалша цхьацца проблемаш еш хилар.

Цхьа кIира хьалха, Нохчийчура каратэ латаран спортсменаш Нижний Новгород гIаларчу турнире кхайхкина болуш, меттигерачу хьешийн цIа чу ца битинера, цхьа а бахьана доцуш. И хIума талла ца теллира цхьаммо а.

Масех шо ду, масала, Ставрополехь цхьана кIоштахь, Надуев ИмIела цIе йолчу нохчийн стага, бIеннашкахь миллион сом юккъе а диллина, Iедалша дIатесна долчу латта тIехь оцу махкахь уггаре а кхиаме болу юьртбахам кхоьллина, бIеннашкахь меттигерчу бахархоршна белхан меттигаш а луш.

Амма Ставропол кIоштан администрацин омрица цуьнгара и латта схьадаккха хьийзош ду. Нагахь санна, цуьнгара и латта дIадаккхахь шаьш гIовттура ду, аьлла, цигарчу бахархоша.
XS
SM
MD
LG