ТIекхочийла долу линкаш

Кавказера Республикаш Оьрсийчоьнах ДIакъастар Къобалдо Националисташа


Оьрсийчоь -- Оьрсийчура националистийн тобанийн декъашхой "Оьрсийн марш" дIахьуш бу Москох, 04Лахь2011

Оьрсийчоь -- Оьрсийчура националистийн тобанийн декъашхой "Оьрсийн марш" дIахьуш бу Москох, 04Лахь2011

ГIуран-беттан 11-чу дийнахь Москох Манежная олучу майданахь къепедацарш хиллачулла тIаьхьа чолхе даьлла Оьрсийчохь къаьмнийн юкъаметтигашца доьзна долу хьал. Оьрсийчоьнан президенто Медведев Дмитрийс зуламаш дина болу нах жоьпе озор бу бохуш чIагIонаш йо.

ТIкъа Оьрсийчоьнан премьер-министар Путин Владимир цхьанакхетна Москох дуьхьалонан акциш дIаяьхьна болчу фанатийн векалшца. Къилбаседа Кавказера схьаваьлла волчу жимачу стага вийна волчу Свиридов Егоран кошана тIе зезагаш а дехкина Путина, цхьамоггIа националисташна товр долу дIахьедар а дина цо.

Цу доллучо а бахьана даьккхина Нохчийчоь а, ГIалгIайчоь а, Дагестан а Оьрсийчоьнах дIакъастийча дика хир дар аьлла, къамелаш доло.

Оьрсийн националистаца, Национал-демократин боламан куьйгалхойх цхьаъ волчу Феоктистов Дмитрийца къамел дира цу хьокъехь Маршо Радионо.

Маршо Радио: ГIура беттан 11-чу дийнахь Москох Манежная олучу майданахь къепедацарш хилира, эзарнаш адамаша дакъа а лоцуш. Кавказана дуьхьала оьзда доцу маьхьарий диттина ца Iаш, цу наха йиттира шайна цигара бу аьлла, хеташ болчу нахана. Хьо а, хьан накъостий а барий цу къепедацаршкахь дакъа лоцуш?

Феоктистов: Со цигахь вара тергамхо санна. Со дакъа лоцуш вацара. Со хьуьлуш долчуьнга хьоьжуш вара. Со вара цигахь. Вара.

Маршо Радио: ТIкъа хIу дара цигахь хилларг? Москох милицин хьаькамца къамел дан хьалхаваьлла волу стаг туьтамIаьжиг йоьллина хилар бахьана долуш, кхеташ дацара и нах муьлаш бу. Бакъду иза, цхьа а шеко а йоцуш цхьа хIума дара.

Нагахь иза я нохчий а, суьлий а, я кхечу Къилбаседа Кавказерачу республикера схьаваьлла волу стаг хиллехь, цуьнца къамел а деш лаьттара вацара милицин инарла. Тоххура, хьарча а вина, набахтийна чукхоьссина хир вара иза.

Муьлаш бара и нах? Уьш баккъалла а футболан фанаташ бара, я экстремисташ бара, я националисташ бара?

Феоктистов: Дьуххьара дуьйна цу майданахь гудбелла бара массо а боламийн векалш, ма-дарра аьлча. Вуьштта аьлча, цигахь националисташ а бара, фанаташ а бара, тIкъа иштта националистийн ойланаш йолу цхьаьна а боламанна а, вовшахтохараллана а юкъахь боцу нах а бара.

Дерриг а, хилларг а- тIом а, ОМОН-ах тасадалар а, летарш а - дIадоладелира, хетарехь, питантIера. ХIунда аьлча и питанана тесна йолу минот тIекхаччалц, латар хиллалц, цигахь дерриг а хуьлуш дара машаран митинган кепехь, машаран акцин кеп а йолуш.

Маршо Радио: Путин Владимира и къепедацарш хиллачулла тIаьхьа фанаташца цхьаьна а кхетна, цхьамоггIа дIахьедарш дира. Цо дуьйцург нийса хIума дара. Амма тесна кхерам хьакхалуш бара Оьрсийчоьнна йистехь бехаш болчу нахах.

Регистрацин яран низамаш то дан дезар ду вай, нагахь махкахь къаьмнашна юкъахь барт ца кара бахь бохуш, вара иза. Ахьа муха мах хада бо Путина йохуш йолчу гIулчийн? Иза шайна тIехIоьттина аьлла, хетий хьуна? Цунна хезна аьлла, хетий хьуна, шаьш сатуьйсуш дерг хIу ду бохург?

Феоктистов: Церан йиш яц жоп ца дала цу хиламашна. ХIунда аьлча, цаьрна хилларг «шок» ю, иза хир ду моьттуш а бацара уьш, со цуьнах тешна ву. ХIунда аьлча церан реакци дукха моха еанчу нехан санна яра, къаьсттина хьалхарчу деношкахь. Мухха далахь а, сан ала йиш яц уьш тхоьгахьара боьвлла, цара низамаца догIург кхочуш дан доладаллалц.

ТIкъа и хьал хIоьттира вийна волу Егор боху жимастаг фанатийн цхьанакхетараллана юкъахь хилла хилар бахьана долуш. Цундела хиира иза вийна хилара. ТIкъа цу кепара нах байар иттаннаш а, бIаьннаш а хуьлуш ду кхузахь, амма уьш ца хууш дуьсу.

Цундела, суна хетарехь, хIа-хIа, уьш ца бевлла тхоьгахьара. Мелхо а уьш кхерабелла бу. ТIкъа дукха хан йоццуш хилла долу Путинан фанаташца хилла долу цхьанкхетар, иза беламе хIума ду шен чулацамехь. ХIунда аьлча, хIинца фанаташ уггара ган а гуш болу кхерам бу Путинан режимана.

Маршо Радио: ТIкъа, нийса дарий цо вийна волчу фанатан коша тIе зезагаш дахкар? Хьалха дуккха а бевзаш болу нах байича, тергал а ца беш ма-битара цо уьш. Иза хIун ала лууш вара цу кепара?

Феоктистов: Кхузахь масийтта верси ю. Уггара хьалхарниг карарчу хенахь вайн махкахь яьржина йолу верси ю, и акци Путинна накъосталла деш вовшахтоьхна акци ю бохург.

Медведевца цо къовсучу хенахь хилла ю бах иза. Со баш тешаш вац цуьнах. Суна хетарехь, иза адам дIатедан гIортар ду, тхо а шоьца ду шуна аьлла, тхуна иза ша-дерриг а хууш ду шуна аьлла. Амма уггара беламе дерг ду иза ша-дерриг а цара дIахьуш йолчу политикан тIаьхье хилар.

ТIкъа уьш кошанна тIе бахаро юхавалор вац и стаг а, я кхин болу байинарш а. Цундела аса цуьнан мах хада бо иза дукха мах боцу вон йина пиар хилар санна.

Маршо Радио: Националисте къечу къомах болчу нахана хетачух лаьцна хаттар беламе хеталахь а, хоттур ду аса хьоьга. Путина лаьцна йолу позици бахьана долуш, хIун ойланаш хир ю аьлла, хета хьуна Къилбаседа Кавказера схьабевлла болчу нехан.

Феоктистов: Аса иштта эра дара. ГIура-беттан 15-чу дийнахь хилла долу, цаьрна дуьхьала хилла долу тасадаларш а, цаьрна дуьхьала хилла йолу акциш а, хIинца лелаш долу эладиттанаш а и дерриг а оьшуш дац диаспорашна, со цуьнах тешна ву. Диаcпораш цхьанна дуьхьала лаьтташ яц.

Уьш дуьхьала ю муьххачу а девнна. Фанаташ а бу конфликташна дуьхьала. Тхо а ду конфликташна дуьхьала. Тхуна иза оьшуш дац. Тхуна оьшуш бац урамашкахь тIом, я цу тайпа долу кхин долу хIума а.

Тхуна лууш дерг низам массерна а цхьаъ хилар бен кхин хIумма а дац, цхьаьнге а беш озабезам а боцуш.

Маршо Радио: ТIкъа шуна, националисташна хIун дан деза аьлла, хета махкахь хIоьттина долу хьал цхьана хорша дерзо? Кавказахошка хаьттича цара дийра дерг-м кхеташ ду.

Цара-м гулам дIабахьа беза къоманf юкъахь лоруш болу нах а гулбина аьлла, эра дара. Амма цу кепара ламасташ доцучу оьрсашца и гIуллкх муха чекхдоккхур ду хууш дац. Цундела шуна хIун аьлла хета? ХIун дан деза?

Феоктистов: Ма-дарра аьлча, суна сайна хеташ дерг иштта ду. Аса иза сайн накъосташца дийцаре а дира, тахана а дийцаре дийра долуш а ду оха иза сарахь.

Со тIех сов тешна ву политикан дехарш деш акци йеза аьлла, энерги яйа ара а ца довлуш, могIарера дуьхьалонан акци а йоцуш, политикан дехарш а долуш хилла йезаш ю иза. Цу дехарехь аьлла хир ду хIу а, муха а деза тхуна аьлла.

Оьрсийн юкъараллин боламерачу а, Оьрсийн Васт олучу боламера а, Оьрсийн гражданийн кхеташо олучу вовшахтохаралло а Москох и хиламаш хиллачулла тIаьхьа масийтта де дьалча дIахьедар тIеэцна.

Цу тIехь оха масийтта цу кепехь дехар дина Iедалшка. Цаьрна юкъахь цхьацца конституцина тIера артикалш хийцар а ду. «Э» цIе йолчу экстремизмана дуьхьала йолчу центран метта этникан зуламийн тобанашца къийсам латторан тоба кхоллар а ду. Кхин а цхьамоггIа дехар а ду.

Суна хетарехь, тхоьга вовшахтохалур яра и тхайна хетарг дIакхайкхор Iалашонца лерина йолу акци. Бакъдерг аьлча, иза суна сайна хетарг ду. Соьга билггала алалур дац и акци хир ю я яц.

Маршо Радио: Кхузахь ала деза. ХIара интервью дIаязйина дукха хан ялалае хаам кхечира, Москохарчу милицин урхалло сацам бина этникан бух тIехь кхоллайелла йолчу зуламхойн тобанашца къийсам латтор Iалашонца леррина тоба кхолларца доьзна долу хаттар дийцаре дан аьлла.

Путина элира шен дезар ду Оьрсийчурча яккхийчу гIаланашка богIуш болу нах совцо низамаш тIеэца аьлла. Аша лоьхург изза ма-ду? Шу а ма ду Оьрсийчу кхечу къомах болу нах бахкарна дуьхьала? Шу муха хьоьжу цу гIуллакхе?

Феоктистов: Тхан боламехь иза коьртаниг дац. Иза оха къийсам латточу политико кхоьллина йолу тIаьхьалонаш ю. Иза цу политикан цхьа гайтам бу. Иза тхан болам хиларан Iалашо а яц.

Нагахь цара иза дахь а, иза низамаца болх беш хилахь а, коррупцица доьзна а ца хилахь (со цуьнах чIогIа шеко йолуш ву) иза дика ду. Амма со кхоьруш ву цуьнах пайда оьцур бу оппозицин жигархошна а, реза боцучу бахархошна а духьала къийсам латтош бохучух.

Маршо Радио: Новый регион олучу интернет сайто шен агIонна тIехь хаттар хIоттийна, шуна муха хетар дара Оьрсийчоьнах Кавказера кхо республика ГIалгIайчоь а, Дагестан а, Нохчийчоь а дIакъастийча аьлла.

Кхузахь тIе тидам бохуьйтуш ду 74 % дакъа лаьцна болу нах и республикаш дIакъаста лууш хилар. Къилбаседа Кавказера схьабоьвлла болу нах вежарий а бу, цаьрца цхьаьна даха деза вай аьлла, хеташ бу кхо процент ца кхоччуш цу талламехь дакъалаьцна болу нах. Ахьа муха жоп лур дара цу хаттарна?

Феоктистов: Со дуьхьала хир вацара, со агIонча ву ала а мегар ду, цхьаъ дан а хьожур вара со цу хаттарх лаьцна ерригкъоман референдум вовшахтухуш а, дIахьуш а хилча. ХIунда аьлча, сихха уьш дIакъаста йеза аьлла хеташ-м вац со.

Делахь а, цхьа а ирча бохам а ца го суна уьш дIакъастахь, дерриг а къомо сацам а бина. Амма суна хетарехь, цкъа дуьххьара цу республикийн статус хийца йезара, цигахь хIинца йоцуш йолу конституцин къепе а хIоттош.

Цигахь хоьвшина Iаш бу меттигера жима паччахьаш. Цара шайна луург а до, шайна хеттачу кепехь а до цара иза. Ткъа тIаьххьара дина долу шарIан низам Оьрсийчоьнан федерацин низамелла а лакхара ду аьлла, долу дIахьедар муха тида деза?.. ТIаккха хаттар кхоллало... Дахийша шу шайн пачхьалкхехь, шайн низамашца аьлла.

Маршо Радио: Ткъа цу республикашкахь бехаш болчу нахана луур ду аьлла, хетий хьуна Оьрсийчоьнах дIакъаста?

Феоктистов: Кхузахь коьрта хаттар хир ду и референдум муха дIахьура ю бохург. Нагахь санна, иза нийса а, демократин чулацам болуш а хилахь, со цецвера вац цу республикашкарчу къаьмнаша шайна маьрша хила лаьа аьлла, кхаж тосург хиларх.

Нагахь санна, хIинца Оьрсийчохь харжамаш а, референдумаш а дIахьуш ма-хиллара и референдум дIахьахь, жамI вайна хIинцале а хууш ду. ХIунда аьлча Кавказерачу республикашкара элиташ лууш ю Оьрсийчохь кхин дIа а шаьш дисийта, шаьш яккхийн экономикан гIоленаш оьцундела цу гIуллакхах. И гIоленаш коьртачу декъана цаьрна шайна хуьлуш ю.

Маршо Радио: Советан Iедал долчу хенахь оцу кепара, хул а ца деш, националисташ арабовлуш ца хиллехь а, къаьмнашка цабезам хилар хьулдина дацара. ТIкъа хIинца оццула ир хIунда делла и хаттар? ХIун хилла кху тIаьхьарчу заманахь?

Феоктистов: Цкъа далахь, Ельцин волчу заманчохь, Советан Iедал доьхначулла тIаьхьа даьллачу 10 шарахь, нахана коьртаниг дара хенах бовларца доьзна долу хаттар. Иза цхьатерра мехала дара массо а Оьрсийчоьнан территорина тIехь дехаш долчу къаьмнашна а, халкъашна а.

Цхьа а айина каста яцара махкахь. ТIкъа Путин Iедале веача... Кавказ дIатейеш ю а, Кавказах туристийн Макка йеш ю а аьллачу лозунгашца ма-веарий иза Iедале, церан дийзира Кавказ а, Кавказера къаьмнаш а хьала айа. Иза ша-деррриг а IаьIира 10 шарахь. Цхьацца лелхарш дуьйла делла дуккха а хан яра. Дагадаита аша Кондопогехь 2005-чу шарахь хилларг.

ХIинца Москох а, кхи а дуккха а лелхарш ду. Иза ша-дерриг а миграцин политикан жамI ду. Вуьшта аьлча, Оьрсийчу хьаьдира цхьаммо а Iуналла деш йоцу Iовраш. Цхьа а ма-ваций миграцина дуьхьала. Массо а лууш ву цунна регламент йеш хилийта а, цунна Iуналла деш хилийта а.

ТIкъа хIинца тхан дозанаш схьадиллина ду, тхо долчу массо а чуоьхуш бу, муьлаш а бу ца хуу нах. Уьш коррупци йолчу системехь бехаш хуьлу. Церан Iар а ду цу коррупцино юкъйинчу системехь. Цунделла цхьамоггIа гIоленаш ю цера, низамаш бохург деш болчу меттигерачу бахархойн йоцуш йолу.

Маршо Радио: ТIкъа Оьрсийчоьнан конституцино бакъо ма-ло хIора а вахархочунна шайн пачхьалкхехула дIасалела. ТIкъа цунна хIу дийра ду вай?

Феоктистов: Цундела кхоллало Кавказера кегийра нах Москох богIуш бу аьлла, хабар даьржича хIоьттинарг санна долу хьал. ГIуран-беттан 15-чу дийнахь Москох бекхам бан кегийрахой богIуш бу аьлла, интернетехь хаамаш баьржича, хаттар хIоьттира цаьрна дуьхьало ян йеза, нагахь иза бакъ далахь аьлла.

ТIаккха кхолладелира и хаттар, уьш Оьрсийчоьнан махкахой бу, церан бакъо а ю маьршша дIасалела, тIаккха иза муха дийра ду аьлла... Кхузахь, цхьа шеко а йоцуш, ларлуш политика дIаяхьа йеза чоьхьарчу миграцех хьакхалуш йолу. Иза кIорггера дийцаре дан дезаш долу хаттар ду.

Цкъа дуьххьара тхо лууш ду и проблемаш йицаре яйта хьул а ца йеш, массерна а гойтуш. Цигахь гуш хир ду хIун дан деза диаспорашна а, къаьмнийн вовшахтохараллашна а, пачхьалкхан структурашна а, махкахойн институташна а юкъахь дийцарш дIахьуш.

ТIаккха цхьаъ дийца мегар ду цуьнах лаьцна. ТIкъа тахана цхьацца хIуманашг хьалха-м тоьттур ду ахьа, амма церах хIора а хIума прожект бен хир яц.

Маршо Радио: Шун тоба дукха йоккха яцахь а, аша дуьйцург хезча дагтIе даьтта хьакхнача санна хеташ дуккха а нах хир бу шу санна ойланаш йолуш болу. Цу нехан цIарах хIун эра дара ахьа Къилбаседа Кавказехь бехаш болчу нахе, ша аьлча нохчашка?

Феоктистов: Дерг аьлча, суна чIогIа дика хийтира дукха хан йоццуш ГIалгIайчоьнан президенто Евкуров Юнус-Бека дина долу къамел. Цо далийра дика а долуш шира кавказахойн киц.

Хьо тIе хиинарг хьена варда ю а хьажий, цу стеган зурма лакхъа аьлла, дара иза. Тхо кийча ду муьлхха а къам лара, тхо кийча ду церан куьлтуран ламасташ лара. Тхо цIкъа а ца хилла кхечу къоманна дуьхьала даьлла долу къам санна.

Тхо даиман а хилла хьаша тIеэца кийча а, бепиг юьхк йекъа кийча а, хьеший баьхкича хаза хеташ а. Амма тхуна луург а, оха тIедилларца доьхуш дерг а цхьаъ ду. Оха доьха вайн юкъарчу цIа чохь юкъарчу низмашца дахар а, иза коьртаниг дар а.

ХIара интервью дуьххьара эфирехь хилла ГIуран-беттан 26-чу дийнахь 2010 шарахь.
XS
SM
MD
LG