ТIекхочийла долу линкаш

ТIаьхьарчу хенахь кест-кеста эккха Малхбузехь Оьрсийчоьнна болх беш болчу шпионашца йоьзна йолу гIовгIа. Иштта ши шо хьалха Цхьанатоьхначу Штаташкахь дийна цхьа оьрсийн шпионийн маша гучубелира, ткъа даханчу шарахь Британехь а, Германехь а церан накъостий лийцира. ХIинца Нидерландашкахь а гучуваьлла Оьрсийоьнна болх беш хилла волу агент.


Европехь Оьрсийчоьнан шпионаш хазанесанна жигара белхаш беш буйла цхьанне а къайле яц. Оьрсийн векалтийн тховкIелахь а, студенташ санна а, йохк-эцаран юкъаметтигаш лелочу фирманийн цIарах а, бес-бесара ду вайн заманахьлерачу оьрсийн агенташа Европехь шайн бакъйолу Iалашонаш гучу ца ялийтархьама кхоьллина йолу легендаш.

Кху деношкахь Нидерландашкахь схьалаьцна цу пачхьалкхан арахьарчу гIуллакхийн министраллехь дикчу даржехь хилла волу цхьа Iедалхо, оьрсийн къайлахьчу сервисана болх беш хиларна гучу а ваьлла. Раймонд Путерай цIе йолу и кхузткъа шо долу дипломат цкъа хьалха Нидерландийн Гонконгерачу векалтехь балхахь хилла, ткъа тIаьхьарчу деа шарахь ХIаага гIалахь Нидерландийн арахьарчу гIуллакхийн министраллин белхало хилла.

Меттигерачу прократурано баржийначу хаамца, ворхI шо хан хилла цо даханчу шеран гурахь Германехь лаьцна долчу шина оьрсийн шпионе, Аншлаг Хайдруней, цуьнан хIусамдега Андреасей къайлаха информаци дIалуш йолу. АншлаггIара яханчу гурахь лийцина, набахтехь бохкуш бу, ткъа церан зIенаш толлуш болчу Iедалхошна гучудаьллера Нидерландерачу дипломата цаьрга кхехьийтина болу къайлаха хаамаш.

ХIинцалераниг дуьххьарлера гIовгIа яц тIаьхьарчу шерашкахь Европехь оьрсийн шпионаш гучубовларца йоьзна иккхинарг. Дукха хан яц Британехь цигарчу цхьана политикца гергарло а долийна, цуьнгара къайленаш оьрсийн къайлахчу сервисашна дIалуш хиларна гучуяьллачу цхьана зудчунна кхел йина.

Къаьстина и оьрсийн зударшца доьзна долу шпионаллаш шуьйра даьржина ду Европехь. Ширачу континентехь бехачу я болх бечу оьрсийн зударша меттигерачу даржерачу божаршца юкъаметтигаш а кхуллий, цаьргара къайленаш гучуяха гIерта. Бакъду, даржехь боцурш а ца буьссу цу оьрсийн шпионийн бала ца кхочуш.

Масала, Европе схьабаьхкина болу вайнехан мухIажарш а бу оьрсийн къайлахчу сервисхоша кIирбеллачу тидамехь латтон гIертачу нахех. Кхузахь къаьстина оьрсийн маттера меттигерачу матте талмажал дан кхойкхуш болчу оьрсийн зударийн-гочдархошна юккъехь дукха хуьлу шалхене дахар лелош болу агенташ.

Дукха хан яц Германехь бехачу нохчашна юккъехь иштта цхьа оьрсийн талмаж шпионалла лелош хилла хилар гучу а даьлла, цу хIумано дуккхаъчу вайнехан мухIажарийн гоунашкахь кхерам а, шеконаш а кхоьллина.

Берлинехь вехаш волчу Аслана дийцарехь, и зуда цу гIаларчу нохчашна, массарна а аьлча санна, дика евзаш яра, цо ахча а ца доккхуш, шена цхьа къаьркъан шиша делчхьана мичча а йогIий а, гочдарш до бохуш.
Аслан: Ког баьккхинчохь бу-кх уьш, царех тешам банне а -м бац. Масала, тхо долчехь Германехь интервью дIаеллачул тIаьхьа я цхьа гIалат хуьлий, я Iедалера хаттарш хуьлий, шозлагIа тIеваха везаш а, ахь беана некъ юха а бийца безаш хилча, цига гочдархо вига везаш хуьлу, мах а белла.

И гочдархой беза хиларна, ткъа нохчийн хьелаш даккхий ца хиларна, ворах верг лоху наха. Цигахь цхьа метишка яра, шена къаьркъан шиша делчахьана, нохчашна массарна а гочдарш деш. ДIаладоьгIча, цунна оьшуш ца хиллера я нохчийн ахча а, я нохчийн къаркъа а, хIунда аьлча иза оьрсийн векалтана болх беш хиллера.

Массийтанна ган а гина, гучуяьллера иза. Нохчаша интервьюхь немцойн Iедалшка къайлах мел дуьйцуш долу хIуманаш векалтхошка дIадуьйцуш лелаш хиллера иза, церан бакъйолу цIераш а юьйцуш. И гочдеш а йолуш кхузарчу мухIажарша дийцинарг дерриге а цIерачу Iедалшка дIакхочуш а хиллера.

Берлинехь къаркъан шишанах нохчийн мухIажарийн къайленаш гучу а йохуш, уьш оьрсийн векалте дIалуш хилла йолу зуда, цкъа а гIуда а ца тухуш, йисина, беккъа цигарчу вайнахана иза гучуяларца а, цултIаьхьа иза кхин талмажалла дан ца кхайкхарца а.

Кхин хьал ду Нидерландашкахь гучуваьллачу дипломатаца дерг. Иза лаца а лаьцна, набахтехь ву. Оьрсийчоьнна шпионалла деш хиларал совнаха, бакъонца доцуш герзаш лелорна а, кхаьънаш эцарна а бехке веш ву иза Iедалхоша.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG