ТIекхочийла долу линкаш

Тухуш, паспортана ца туху - бетах туху


Оьрсийчоь - Оьрсийн Федерацин вахархочуьн паспорт

Оьрсийчоь - Оьрсийн Федерацин вахархочуьн паспорт

Социалан технологийн «Политех» агенталло хIокху аьхка бинчу «Юкъараллин-политикан дахарехь къоман хаттар» талламан жамIаш Юкъараллин ХIусаме кховдийна. Телефонехула динчу хеттаршкахь дакъа лаьцна Оьрсийн Федерацин 400 гIалара 4070 стага. Хеттарийн жамIаша гойту, гIазакхийн къомаха болчу нехачул а шайн хьелаш ледара хетар а, стаг муьлхачу къомаха ву боху информаци паспорташна тIетоха лууш уьш хилар а.


Тамашийна делахь а, Iедалан тIегIанехь гуттар а лакхабаьхна лелочу, гIазакхийн къомара Оьрсийчура бахархошна шайн хьелаш ледара хетарал совнаха, шаьш охьатаIийна а хета. Къаьсттина цу ойланца дукха нах беха Мокох а, цуьнан йистошкаь а, Петарбухехь а, цуьнан йистошкахь а. Цунна бахьана а ду боху аналисташа. Уггар дукха мигранташ цигахь баха охьаховшу.

Ишта кхолладеллачу хьоло къаьмнийн юкъаметтигийн дов эккхийта сахьт дац аьлла хета аналисташна. Оццу хенахь, «Политех» агенталло, гIазакхашна леррина статус яларх лаьцна делла хаттар 29% гIазакхаша бен къобал ца дина. Ткъа Москох а, Петарбухехь а болчу бахархошна юкъахь цу тайпа нах кхин а 4% алсам бу. Къилбаседа Кавказера 22% нах реза хилла боху цу талламо, гIазакхашна Оьрсийчохь леррина статус яларна.

Делахь а, паспортана тIехь «къам билгалдаккхар» юха а юкъатохарна гIротор йина Оьрсийчура 51% бахархоша а, 51% шаьш гIазакхаша а. Цу талламо иштта гайтина, гIазакхийн ойланехь къоман хаттар политикан кепе дирзина хилар.

Хеттаршкахь дакъа лаьцначу 47% наха аьлла, харжамашкахь кхаж тосучу хенахь, кандидат муьлхачу къомаха ву боху хаттар, шайн уггар а коьрта хаттар ду.

ГIазакхашна санна, цхьаболчу, кегийн къаьмнийн векалшна а хета, муьлхачу къомаха ву боху информаци паспортана тIехь хила еза, аьлла.

ХIинжа-гIалара цхьана суьйличо элира оцу хьокъехь.

ТахIир: "Кегийн къаьмнех долчу тхуна чIогIа маьIне ду паспорта тIехь и информаци язъйина хилар. Тхо цу къомаха хилар лардийр ду иза паспорта тIехь хилча. Паспорта тIехь и йоза хилла ца Iаш, суна луур дара, суьйли я гIаз-гIумки ца яздеш, дагестанхо яздойла."

И тайпа информаци паспорта тIехь хилча, ца хилча а хIумма а хийцалуш дац бохучух тешна кхин берш. Масала, хIара суьйли саннарш.

Махьач: Цуо хIумма а ца хуьйцу. Хьо ишта а Оьрсийчоьнан вахархо ву. Оьрсийчоьнал арахьа цхьанхьа хьо вахча, хьоьга гIазакхийчуьнга санна хьоьжу. Со муьлхачу къомаха ву бохучу информацино я пачхьалкхана чоьхьа, я пачхьалкхана арахьа а хIумма ца хуьйцу.

Кхета хала ду, пачхьалкхехь уггар дукха а – 80%, шайн мотт пачхьалкхан статус йолуш а, мел йолчу Iедалан хьукхматашкахь хевшина Iаш шайн къомаха болу нах боллушехь, гIазакхашна шаьш эшийна хетар. Муха нисделла, Iедало хьалаайъина лелачу ъкомана ша охьатаIийна хетар? Цунах лаьцна Маршо радионо дуьйцур ду тIейогIучу программашкахь.
XS
SM
MD
LG