ТIекхочийла долу линкаш

СагIа делларг а зуламхо хоьтуьйту терроран кхерамо (аудио, видео)


Германи -- "Исламан пачхьалкх" тобанца уьйраш хилла аьлла шеко йолуш стаг Федералан кхеле вуьгуш бу Германин полицин леррина ницкъийн белхахой. Карлсрухе. (Karlsruhe), Гезг. 13, 2016

Германи -- "Исламан пачхьалкх" тобанца уьйраш хилла аьлла шеко йолуш стаг Федералан кхеле вуьгуш бу Германин полицин леррина ницкъийн белхахой. Карлсрухе. (Karlsruhe), Гезг. 13, 2016

Леррина полицин операци дIаяьхьнера Германехь дIадаханчу Шинарин дийнахь. Полицино бинчу хаамца, динна тоба лаьцнера терроризмана ахча латтош хилла аьлла, шеко йолуш.

ДIалаьцнарш бара берриг а нохчийн.

И хаам зорбане баьккхира кара-кара а оьцуш дуьненерчу прессо. Амма дукха хан ялале уьш берш дIахийцира, кхин бахьана а ца карийна.

Цул тIаьхьа ши де далале Туркойчохь лецира 90 гергга Къилбаседа Кавказера а, Юккъерчу Азера а схьабевлла нах. Царна юкъахь а вара масийтта нохчо. Карарчу хенахь царах дукхах берш а дIахецна аьлла хаам бу.

Ткъа кху деношкахь Полшехь кхел йолаелла Шемахь тIом бечу Исламан пачхьалкх олучу тобанца уьйраш хилла аьлла лецначу веъа нохчочунна тIехь. Цара ахча дахьийтинчух тера ду Шема.

Дуьненахь яьржинчу терроризмо бохьучу кхерамо сагIа делла стаг а террорхошца уьйраш йолчу нехан могIаршка тохуьйту бохуш дуьйцу Маршо Радион политикан эксперто Вачагаев Майобека. ЛадогIа цуьнан комментарийга.

Facebook Forum

XS
SM
MD
LG