ТIекхочийла долу линкаш

Дуьххьара мотт Iемаш,
Беро хьан цIе йоккху,
Бала тIех баьлча,
Тхан дог хьоьга кхойкху.

Аганан гIожа тIехь
Набаран тар туьйсуш,
Буьйсанан тийналлехь
Набарах хьо юьйлуш,
Ахь накха баийнарш,
Ахь доггах хьистинарш,
Ахь безаш кхиийнарш
Массанхьа кхуьуш бу.

Луьра тIом кхехкачохь,
Даймехкан сий лардеш,
Маьрша болх кхехкачохь,
Вайн дахар токхе деш,
Уьш кхочу массанхьа,
Стиглахь а, лаьттахь а.

Гучара дIабевлча,
Лалур дац и моьттуш,
Хьайна дукха безаш,
Ахь хьоме лелийнарш –
Масане тайна йоI,
Масане дика кIант –
Махкана ахь вели,
Хьан сий а лакхдели!

ТIаьххьара хьайн цхьа кIант,
Хьо цхьалха а юьсуш,
Айхьа тIаме хьажош,
Ахь олура кIанте:

«Хьайн сий а, вайн ирс а
Лардечу цу тIамехь,
Хьайн дайша, дендайша
Къийсинчу бакъон тIехь
Хьайн са а ца кхоош,
Хьо майра ца хилахь,
Махкана тешамца
Хьох гIоьнча ца хилахь,
Ас баийна накха
Хьарам бин ас хьуна!»

Вайн махко заздоккхуш,
Маьрша ирс вай кхуллуш,
И воьдуш балха тIе,
Ахь олу хьайн кIанте:
«Кхиамаш бахарехь
Ца Iебаш хилалахь,
Халкъан гIуллакх дарехь,
КIад ца луш хилалахь!..»

ТIом безаш болчарна
Хезийла тахана
ОьгIазе ненан аз,
Къонахчун буьрса аз:
«Шуьга а боху ас,
ТIаме сатуьйсуш берш!
Зулам а ду шуна
Ша лоьхург хIаллаквеш.

ТIулга тIе даьллачу
Диттан орам санна,
Ницкъ боцуш ю шуна
Шун тIеман ойланаш»
Хьуна бен хастамаш
Сан кхача лур бац,
Хьан даккхий хьуьнарш а

Дийцина вер вац.
Дог дика бехийла
Махкара вайн наной,
Декъала хуьлда уьш
Массо а махкахь а!..

Facebook Forum

XS
SM
MD
LG