ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Salamworld: Бусулба Нехан Юкъараллин Маша, я Кремлан Проект?


Туркойчоь -- "Salamworld.com" интернет сайтан эмблема,16Лахь2011
Туркойчоь -- "Salamworld.com" интернет сайтан эмблема,16Лахь2011

ТIебогIучу мархийн баттахь Мангал-беттан, дийцарехь, 20-чу дийнахь болх бан йолалур йолуш ю бусулба нехан керла интернет портал. Цуьнан цIе ю «Salamworld»-«Салам Дуьне». Керла юкъараллин маша кхуллучу нехан Iалашо ю шайн интернет порталехь вовшашца зIе тасийта кху дуьнентIехь еа меттехь бехачу бусулба нахе. «Salamworld» юкъараллин машанехь уьш ларбина хир бу оьзда йоцучу сайтех а, бусулба дин сийсаз деш язйинчу материалех а, политиках а, бусулба нахана ца дезачу кхин долчу хIуманех а. Амма цхьаболу бусулба нах шеконца хьоьжуш бу цу проекте.

Дерриг а дуьнентIерачу бусулба нехан юкъараллин маша Salamword. Иштта цIе тиллина шайн интернет порталана иза кхуллуш болчу наха. И нах бу шайн бух хиллачу Советан пачхьалкхахь болуш.

И юкъараллин маша болх бан болалур болуш бу тIебогIучу Мархийн баттахь бохуш, дуьйцу цу проектан вице-президенто Азимов Ахьмада.

Азимов: Рамазан-баттахь схьабелла дагахь ду тхо тхайн юкъараллин маша. Цу баттахь, хууш ма-хиллара, массо а агIора алсам йолу бусулба нехан жигаралла. И бутт беркате бут бу бусулба нахана. Цундела болх бан дуьйлалуш ду тхо цу баттахь. Цунах тхайна аьтто хир болу бахьана хир ду, аьлла, сатесна а ду тхо.

Азимов Ахьмада, дийцарехь церан проект жимма къаьсташ хир ю карарчу хенахь шуьйра евзаш йолу Facebook а, и санна йолчу кхечу а интернет юкъараллин машанех. ХIунда аьлча иза хьанал проект хир ю, ислам дино бохург лардеш йолу.

Salamworld проектехь каро аьтто хир бу кхин йолу оьшуш йолу информаци а. Масала исламан библиотека а, дешначу нехан хьехамаш а, видиоловзарш а, леррина бусулба нахана кхоьллина долу. Вуьшта аьлча, цу юкъараллан машанехь йолу материалаш хир ю бусулба наха бусулба нахана кечйина.

Salamworld-ан хьалхара офисаш схьайиллина Москох исламан культуран центрехь а, Къаирехь а. Цу юкъараллин машанан штаб-хIусам ю Истанбулехь.

Шайн Iалашо гергарчу кхаа шарахь 3 миллион стаг шайн порталана юкъаозо ю шайн, бохуш, чIагIдо Salamworld-ан долахоша.

Амма Salamworld цIе йолу юкъараллин маша кхуллуш бу, аьлла, хезна болу нах шеко йолуш бу цу гIуллакхах, цу проектана тIехьа лаьтта нах Оьрсийчоьнца а, кхин йолчу а Советан пачхьалкхана юкъахь хиллачу пачхьалкхашца уьйраш йолуш хиларна.

Иштта, кху тIаьхьарчу хенахь Нохчийчохь хиллачу тIамех къаьхкина яхана Францехь йехаш йолчу Амнатана хетарехь, цу проектах уггара хьалха пайда оьцур ерг ю Оьрсийчоьнан федералан кхерамазаллин сервис.

Амнат: Дика хIума хир дара иза, нагахь иза Оьрсийчура схьа (догIуш дацахьара). “Духовные мусульманаш” бохуш долу хIума оцу юкъагIерташ хилча, цаьргара схьа диканиг хир ду, аьлла, ца хетта суна. ХIунда аьлча, гIазакхаш бохург бен цу чохь яздеш а хир дац, церан цензури къеллара бен цара хIума а дуьйцур дац. Цунах диканиг хир ду, аьлла, суна-м ца хета. Аса дукха хIуманаш доьшу оцу чохь. Российра “духовное управление” бохург дуй, цера нисса оцу ФСБ-но боххург бен дуьйцила доций хаа-кх суна.

Дерриг а дуьненера бусулба нах зIене бохуш йолу интернет портал кхуллуш хилча иза вовшахтухуш болчу нехан цIераш хаа лаьа бусулба нахана. Царна хаа лаьа хьан делла цу нахана бусулба нах юкъаозош болу юкъараллин маша схьабелла 50 миллион доллар ахча.

Salamworld-ан долахоша уьш Казахстанера бизнесхой бу бах. Амма церан цIераш юьйцуш яц, уьш шаьш йовзуьйтур ю, бохуш, дIахьедарш дахь а.

Нури Вали куьйгалхо ву “Германерачу ОвхIанхойн он-лайн” олучу интернет сайтан. И сайт кхоьллина ю дерриг а дуьнентIехь бехачу овхIанхошна хьажийна. Нурис дийцарехь, овхIанхой тешаш бац цхьана а Москохца йоьзначу проектах.

Нури: ОвхIанхо а, бусулба стаг а санна со тешна ву иза цхьана а кепара бусулба нахана пайда бохьур боцу проект ю аьлла. Мелхо а, цо зе-зулам дохьур ду Исламана. Вайна хIинццалц гинчо гойтуш ду, цара массо а некъаш лоьхуш хилар бусулба динна зе дан а, иза сийсаз дан а.

Махкал арахьа бехачу нохчийн юкъараллин жигархо Душуев Рахьман Гермаехь вехаш ву. Интернет агIо латтош а ву иза, нохчийн дахарна хьажийна йолу. Карарчу хенахь болчу юкъараллин машанашка цатешарца хьоьжу Душуев Рахьман. Нагахь Salamworld интернет портал бусулба дин хьеха дагахь ялахь, цо хаттарш кхуллу, бохуш, дуьйцу цо.

Душуев: Динца доьзна долу хIума лело юкъадоккхуш далахь, цигахь дуккха а къорггера дин хууш нах хила беза, аьлла, хета суна. Уьш хилча, дин цхьаъ бен ма даций, нийса, хила ма-деззара нахана довзуьйтуш хилча, цхьа агIо хир яра цуьнах. Ткъа вуьшта, шайна хет-хетарш цу чу яздеш а, шайна ца луург чекх ца долуьйтуш а уьш лела буьйлалахь, кхин пайда хир бу, аьлла-м, ца хета суна цунах.

«Ишак блоггер» цIе лелош волу Гаджизаде Iадлан цхьа шо хан набахтехь даьккхина ву 2009-чу шарахь Азербайджанан Iедалех лаьцна беламе хIуманаш яздина, аьлла. Salamworld кхуллуш болчу нахах лаьцна шеко йолуш къамелаш дуьйцуш шена а хезна, бохуш, дуьйцу цо.

Гаджизаде: Суна иза бизнес проект ю, аьлла, хета. Амма суна цхьаболчу Facebook тIехь болчу нахера хезна шаьш цу машанна юкъадаха дагахь дац, бохуш. ХIунда аьлча, уьш кхоьруш бу и маша кхоьллинарш Iалашо йолуш бу, аьлла, кху дуьнентIехь массо а маьIIехь болу тIахаьлла болу бусулба нах гучу а баьхна, уьш шайн Iуьналлехь латто, я уьш хьийзо, я кхин дерг цу тайпаниг дан. Амма соьгахь баккъалла а тоьшаллаш дац иза билггала иштта ду ала.

Salamworld проектан баккъалла а болу куьйгахой муьлуш бу хууш дац. Иза концерн йолчух тера ду. Цу кампанин директор ву Ниязов Iабдул-ВахIид. И стаг куьйгалхо ву Москох йолчу Исламан культуран центран.

Ткъа и центр дакъа ду Кремалца йоьзна йолчу Оьрсийчоьнан муфтийн кхеташонан.

Ниязов гIезало ву. I999-чу шарахь Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутат хаьржира иза Единство олучу блокан цIарахь, шех тIаьхьо Путин Владимира куьйгалла ден Цхьааллин Оьрсийчоь парти хилла йолчу.

Стохка дуккха а пачхьалкхахула чекхвелира Ниязов массанхьа а бусулба динан Iелам нахеа , бусулба пачхьалкхийн лидершкара а гIо лоьхуш. Ниязов хилира Къилбаседа Африкехь а, Гергарчу Малхбалехь а, Къилба-Малхбалерачу Азехь а, Европехь а. Цунна гIортор карийра Туркойчоьнан премьер-министрера ЭрдохIан Реджепера.

Ниязовс арабаьккхина болу некъ къобул бира НахIдлатул Улама олучу Индонезерачу уггара йоккхачу бусулба юкъараллин лидеро Сираж Агил СаьIида а.

Ниязов Iабдул-ВахIид реза ца хилира Маршо Радионна интервью яла. Цо шен метта хаттаршна жоп дала хьажийра шен зорбан-секретарь Курт Явиз. Цу стага дийцарехь церан фирма политикана юкъагIерташ а яц, Iедалшца уьйраш йолуш а яц.

Курт: Оха хIан-хIа бах политикана. Иза ду тхуна цхьа а политика яц бохург. Тхо цхьана а партихьа а дац. Тхо нейтралан меттиг дIалоцуш ду. ХIоранан а бакъо ю шена хетарг маьрша ала, амма Salamworld цхьана а политикан къийсамашна юкъахь яц. Оха аьтто бо нехан вовшашца уьйраш латтон.

Церан шайн политикан идейш хила а мега. Церан аьтто бу шайна хетарг маьрша гайта. Делахь а тхан цхьацца билламаш бу. Кхузахь хуьлийла дац нахана тIехь ницкъа барца доьхна долу хIумнаш.

Кхузахь хир дац цхьа а террорахойн дIахьедарш а, терроре кхоькхуш чулацам болу хIуманаш а. Кхузахь цхьа а хIума хир дац адамаллина а, адамийн бакъонашна а дуьхьала хьажийна.

Лакхохьа вист хилла Salamworld проектан вице-президент Азимов Ахьмад Дагестанехь вина ву. I998-чу шарахь Петарбухехь дешначулла тIаьхьа Москох дIавахана вехаш ву иза. Карарчу хенахь Азимов Москох-гIалин Iедалехь къаьмнийн гIулкхашкахула йолчу кхеташонан куьйгалхочуьн когаметта ву. И стаг иштта ву Оьрсийчоьнан муфтийн кхеташонан экспертийн кхеташонан юкъалелархо.

Salamworld проектан уралалан декъашхо ву Азербайджанера Аскеров Эльчин. Цуьнан юххера уьйраш ю шайн махкарчу Iедалшца. Стохккалц Азербайджанехь динна урхалла деш Iедалан балхахь вара иза.

Цу даржехь а волуш ислам политикана юкъаийзорца къийсам латош вара Аскеров. Цо парламентан газетан агIонаш тIехь бехке йира Азербайджанан исламан парти пачхьалкхана а, халкъана а дуьхьала диверси ярна. Аскеровс критика йира Азербайджанан президентана Алиев Ильхамана цо ишколашкахь хиджабаш лелор дихкина, аьлла.

Стохка, Salamword-дехь болх беш а волуш, Аскеров Эльчин ГIжарийчу вахара цу махкарчу Iедалшца шайн проектаца доьзна хаттарш дийцаре дан. Курта дийцарехь, церан кампани гергарчу хенахь шен офис схьайелла кечлуш ю ТехIранехь.

Иштта Salamworld проектан куьйгалхошна юкъахь бу кхин болу боьвзуш болу диндай а, Оьрсийчура а, Азербайджанера а, Дагестанера а, ткъа иштта Юккъерчу Азера пачхьалкхашкара а бизнесхой. Схьайоьллуш йолчу интернет сайтан коьрта редактор ву Кулиев Эльмир. Кулиев Къоран оьрсийн матте даьккхина стаг ву. Оьрсийчоьнан муфтийн кхеташоно а барт бина цу нахаца Salamworld сайтана накъосталла дийра ду, аьлла.

Нохчийн юкъараллин жигархочо варе бо шайн махкахой, ойла а ца йеш цу тайпачу сайташ тIехь йозанаш а, суьрташ а, кхин долу а тоьшаллаш дитарх.

Душуев: Цу чу яздеш долу хIума шен цIарца яздеш а доцуш, кхечуьнца яздина, ша мила ву хуур дац, аьлла, ойланца иза деш далахь, иза хуур долуш ду. Мичча хуьла хуьлий а, цхьа кхечу имейл тIе йолий а, цхьа бух карош маша бу иза. ТIаккха, шена хIун ду а ца хууш, цу чу а ваьлла, ша лелийна доцург а, шена хууш доцург а шена зуламе долу хIума яз а дина иза гучудера дац, аьлла, цунна хеташ далахь, цо цунна новкъарло йийра ю. Шайн самукъа а долий, оцу чохь дIаяздо цара уьш, тIаккха цунах цхьаболчара пайда оьцур бу, тIаккха иза цунна мел пайденна хир ду-м ца хаа суна.

Дэвис Саймон Лондонерачу экономикан школан белхахо а, Privacy International олучу центран директор а ву. Цо дийцарехь дуккха а масалш ду Iедалш технологин кампанишна юкъагIертаран. Цулсовнаха Iедалшашайн Iуналле оьцу болх бан йолалуш йолу кампанишна, церан Iуналла дон акцин пакет а оьций. Говзанчо дийцарехь, иза доьзна ду кхерамазаллин хаттаршца.

Дэвиса бах Кремалца ийна болу Salamworld-ан куьйгалхой шеко кхуллуш бу шайх.

Дэвис: Со цкъа дуьххьара цатешарца хьоьжуш вара цу гIулкхе. Суна хетара ахча луш волчу инвесторан политикан Iалашо ю-кх цигахь, аьлла. Амма кхузахь мелла а алсам Iалашонаш йолуш санна хIума ду. Уьш шалха хIуманаш лело дагахь болчух тера ду. Иза питана тасар ду. Кхузахь билггала политикан лол беттар ду. Кхузахь баккъалла а лаам бу нах литта.

Амма Salamworld-ан зорбан секретаро Курта юх-юха а чIагIонаш йо шайниг коммерцин проект ю, бохуш. Цо чIагIдарехь цара лохуш дерг ду, бусулба нахана оьшучух пайда а эцна, шайн цIе яккха ца лууш болчу долахошна пайда бар.
XS
SM
MD
LG