ТIекхочийла долу линкаш

Кхелхинчу Дагестанан Амиран Меттиг ДΙалаца Там бу Абу Мохьаммада


Дагестан -- ТIемалойн хьалханча Даудов ИбрахIимхалил, сурт даьккхина хан хууш яц.

Дагестан -- ТIемалойн хьалханча Даудов ИбрахIимхалил, сурт даьккхина хан хууш яц.

Шинарий дийнахь Дагестанерчу Харбук-юьртахь ницкъаллин дакъоша тIом дΙахьош цхьана цΙа чуьра вийра герзашца дуьхьало йина виъ стаг. ТΙаьхьо оцу меттигна гена доццуш, хин йистонца, вийна карийра пхоьалгΙа герзахо. Иза Дагестанерчу тΙемалойн лидер Амир Салихь ву, аьлла, даржийра Ιедалша. Бакъбина и хаам Кавказан Имаратан Дагестанерчу хьостанаша а.


Дагестанан амирийн могΙа, луларчу Нохчийчохь, я дехьарчу ГΙалгΙайчохь, ГΙебарта-Балкхаройчохь а санна, ца ходуьйтуш схьабахьа меттигерчу тΙемалоша. 2005-гΙачу шеран аьхка Ιедалан ницкъаша шайн хьалханча Макашарипов Расул вийча, цара цуьнан метта дΙахΙоттийра Халилов Раббани. Ткъа иза кхелхира 2007-гΙачу шеран гурахь. Цуьнгара мукъ шен караийцира Моллачиев Ильгара. Иза шо даьлча вийра.

ТΙаккха коьрта амир хΙоьттира Велиджанов Исрапил. Иза шина шарахь лаьттира оцу цΙартΙехь. Стохка бΙаьста Велиджанов а дΙакхелхича, Дагестанера дуьхьалонан декъан коьрте велира хΙинца, Шинарий дийнахь, вийна волу, дукха хенахь дуьйна а тΙемаш беш схьавеъна Даудов ИбрахΙимхалил, накъостийн гонехь - Амир Салихь.

Кавказан Имаратехь лаккхара ларам а болуш, шех Дагестанера тΙемалой а бешаш, хьалханча вара Даудов. Иза Ιедалхошна, эскаршна, мехкан полицина дуккха а зенаш динчу хьалханчех ву. Шаьш халкъах леташ дац, Оьрсийчуьра схьахьежочу эскарех лета, шайна новкъарло ма е, аьлла дара, цо шега мукъ кхаьчча, Дагестанерчу тΙемалойн сайта тΙехь мехкан хьаькамашка дина дΙахьедар. И коьртехь а волуш алсам а елира дагестанхойх лаьтта тΙемалойн тобанаш. Цунна тоьшалла дора цо ша а.

Даудов: « Нагахь санна шу тхуна чу кхерам билла гIертахь, иза эрна ду. Инша Аллахь, цхьа а кхерам бац. МуджахIидаша кхидIа а хьажийна зенаш до мостагIчунна, оьшшу нах хIаллакбо гIаланашкахь а, ярташкахь а».

Шеца цхьаьна Харбукерчу тΙематасадаларехь, тΙаьххьара кхоалгΙа воΙ а леш, кхелхина Амир Салихь. Иштта, юха а тΙера баьчча воьхна йисина, Кавказан Имаратан векалша олуш ма-хиллара, Дагестан-вилайят. ХΙинца мила хΙуттур ву цуьнан метта боху хаттар лаьтта шайна цигарна тΙемалошна хьалха а, Кавказехь лела хьал тидамехь кхобучу массо нахана хьалха а.

Мила дΙахΙуттур ву кхелхинчу хьалханчин Даудовн метта. Дуккхаъчарна хетарехь, Дагестанехь цуьнан меттиг шен рогΙехь дΙалаца тарло цигарчу тΙемалоша шайн тобанаш билгалйохуш «Юккъера фронт» олучу декъан амир Абу Мухьаммад. Иза Дагестанерчу тΙемалойн къеда а ларало. ЦΙера Губден-юьртара ву иза. ТΙемалошлахь тоъал Ιелимчалла долуш а, дуккхачарна хетарехь, иза хьалхавала таро йолуш а ву.

Цо интернетехула даржадечу даΙваташка а, кхечу къамелашка а ладоьгΙча, кхеташ ду, Абу Мухьаммад шен некъах вуьззина тешна ваьлла а, юхавала некъ болуш а стаг вац.

Абу Мухьаммад: «ДжихIадан гIуллакх дIадоьдуш ду. Хуьлучу эшамашка хьежар а доцуш, муджахIидийн могIарш кхуьуш бу. Цунна шун дан хIума а дац. МуджахIидаш, элхьамдулиллахI, шайца синош эцний бен дIабоьлхуш а бац».

ХIуъа а мухха а делахь а, дериг долуш ду – кхелхина рогΙера амир, вогΙур ву цуьнан метта кхин. Изза лаьтташ а, лаьттар долуш а ду ерриг а Къилбаседа Кавказехь. Цуьнан йист яц гуш, Москохара схьа кавказхошца, цаьрца массаьрца а, шена машар беза, аьлла, волуш я президент а, я премьер а воцундела.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG