ТIекхочийла долу линкаш

Немцойн канцлеран Меркелан Бундесканцлерамт резиденцехь дIадаьхьана „Нормандин биъ мохк“ форматера цхьаьнакхетар деа сохьтал сов дахделира...

Украинин, Оьрсийчоьнан, Францин, Германин куьйгалхой вовшакхеттера, Украинин Малхбалера хьал дийцаре дан а, Минскехь шо хьалха бина болу барт кхочушбарна Оьрсийчоь тIетайан а Iалашонца.

И цхьаьнакхетар дIадоладала а кхиале йоккха интрига яра цунна гонахь кхоллаелла, хIунда аьлча Украинехь Оьрсийчоьно сепаратисташна тIемца гIодар а, ГIирма ахгIайренна цо аннекси яр а, ткъа иштта тIаьхьарчу беттанашкахь оьрсийн эскарша Шемахь латтон Iазап а бахьана долуш гIеххьачул изоляцехь волу Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир цу цхьаьнакхетаре ванне а вогIур хилар шеконехь дара.

Цунах терра дара иза цхьаьнакхетарехь тIеэцар а. Нагахь санна Францин, Оьрсийчоьнан, Украинин президенташна хьошалла дечу немцойн канцлеро Меркел Ангелас Путинна шен резиденцин неIаре дуьхьал аьлла, иза вуночу йовхаллица тIелаьцнехь, - журналистийн, фоторепортерийн дехарца юх-юха а цуьнан куьг луьйцуш, - резиденцина Путин чоьхьа ваьллачул тIаьхьа цхьанакхетар дIахьочу чоьнахь хиина Iаш волчу Францин президенто Олланд Франсуас Путине куьг-м тешна а ца деллера,.

Ур-атталла иза чуваьлча маршалла хаттаран этикетца догIуш ма-хиллара хьала а ца айвеллера я Олланд а, я Украинин президент Порошенко Петр а, цу цхьаьнакхетарехь сарташ дохуш хиллачу оьрсийн журналиста Смирнов Дмитрийс шен интернет агIонна тIехь ма-яздара.

Цхьаьнакхетаран жамIех лаьцна аьлча, хьалхехьо Маршо радионо хьахийна ма-хиллара, башха баккхий сатийсамаш бацара я тергамхоша а, я, хетарехь, Нормандин биъ мохк форматан декъашхоша шаьш а цу цхьаьнакхетарца боьзна кхобуш. Цунах тера ду жамIаш – цхьа а хIара аьлла IалагIоже керла гIулчаш яха барт ца хилла йеа пачхьалкхан куьйгалхойн Украинехь долчу хьолах лаьцна.

И цхьаьнакхетар дIадирзинчул тIаьхьа уггаре а хьалха журналисташца къамел дан араваьлларг Украинин президент Порошенко Петр вара. Цо дийцира, Оьрсийчоь резахилла Донбассехь Европерчу цхьаьнаболхбаран а, кхерамазаллин а юкъараллин полисхойн мисси чуйита, аьлла.

„Тхан барт хилира, цхьаммо а ОБСЕ-н миссина Донбассехь шен болх бан новкъарло йийр яц, аьлла. ТIебогIучу харжамашна кечамбечу хенахь, цу харжамашкахь дакъалаца нехан аьтто хилийтархьама, Европехь цхьаьнаболхбаран а, кхерамазаллин а юкъараллин полисхойн мисси чуяийта хьовсур ду тхо цига, харжамийн периодехь а, цул тIаьхьа а цу регионехь кхерамазалла ларйархьама“ - элира Украинин куьйгалхочо журналисташка.

Цул совнаха, тIеман йийсархой „массо а массарна дуьхьал“ бохучу принципца Украинас, Оьрсийчоьно хийца лууш шен урхалла хилар а довзийтира Порошенкос.

Жимма тIаьхьо цхьаьнакхетарх йолчу брифингехь ша йистхуьлуш немцойн канцлеро Меркел Ангелас жимма юхатуьйхира Порошенкон оптимизм. Цо уггаре а коьрта Iалашо карарчу хенахь Донбассехь харжамаш дIабахьарх долу низам тIеэцар а, цу харжамашна кечам бар а ю, элира.

Цул тIаьхьа ОБСЕ-н полисхойн миссех лаьцна къамел дан а мегар ду аьлла тIе а тухуш. „Ткъа цкъачунна цуьнан цхьа а сихо яц. Цкъа хьалха харжамех долу низам оьшу“, - элира Меркелс.

ХIинцалера цхьа а хIара аьлла жамI доцу Нормандера биъ мохк форматера цхьаьнакхетар дIадахьар а коьртачу декъехь оццу Европехь цхьаьнаболхбаран а, кхерамазаллин а юкъараллин балхаца доьзна ду аьлла хеташ ву Малхбалерчу Европин институтан Iилман белхахо политолог Чапханов Руслан.

Аьлча а, Германи хIара шо дIадаллалц цу юкъараллин куьйгаллехь хиларца. Шегара куьйгаллин мандат дIаялале Берлинана мехала дара, Украинерчу конфликтехь мелла а хилла а консенсус хиларе сатийсамца кхин цкъа а гIулч яккха гIортар, бохуш дийцира цо Маршо радионе.

Чапханов: „Вайна ма-хаара, Германи кху шарахь Европехь цхьаьнаболхбаран а, кхерамазаллин а юкъараллин куьйгаллехь ю, тIедогIучу шарахь и куьйгалла Австре дIакховдон дезаш а ю. Ткъа цу юкъараллин коьрта Iалашо Европа континтент тIехь машар ларбар а, кхерамазаллин гIаролехь латтар а ю. Цундела шаьш цуьнан куьйгаллера дIадовлале муьлха а хилла шаьш бинчу белхан цхьа жамIаш оьшура Меркелна а, цуьнан урхаллина а.

Амма ОБСЕ-н полицин миссин балхана новкъарло ца еш Донбассера и Оьрсийчоьно белшаш гIортош кхобуш болу сепаратисташ аьлча а, и жоьлгаш Iийр бу аьлла суна ца хета, цу тIехь со мелла а пессимист ву. Ткъа Путинан цу кепара аьтто бер бу, „гой шуна, тхо-м реза дара, тхо-м цхьа а новкъарло еш а дацара, Украинин чоьхьара конфликт ю-кх иза, уьш бу-кх шаьш и новкъарлонаш лелош берш“ ала“.

Хьахон догIу, Путин Владимиран тIаьхьарчу шарахь дуьххьара Германе варна кечам немцойн канцлеран аппарато бина ца Iара. Берлинера бIеннаш юкъараллин жигархой а, адамийн бакъонашларйархой а бара Оьрсийчоьнан президент тIелаца кечбелла.

Шайх дIакхеттачу шемахошца а, украинхошца а цхьаьна цара Путинан кортеж йоьдучу новкъахь - кеманийн портера Бундесканцлерамте кхаччалца – дуьхьалонан акцеш йира.

Ткъа Нормандин форматехь цхьаьнакхетар дIахьочу резиденцина хьалха дуккхаъ цIийх юьзна ловзоргаш ехкинера цара, шайна тIехь „ Путин – берийн чаьлтача“ цIе йолу йозанаш а долуш. Оьрсийочьнан президент шен машен чуьра охьавуссушехь маьхьарш долийра гулбеллачара, „Путин, яхийта Шемара! Путин, яхийта Украинера!“ бохуш.

Facebook Forum

XS
SM
MD
LG