ТIекхочийла долу линкаш

Самурайн амалш ю нохчийн аьлла хета Японерчу журналистана


 Журналист Цунеока Шамил. Вена, 31.05.2016

Журналист Цунеока Шамил. Вена, 31.05.2016

Журналист Цунеока Шамил (Коцуке) Японерчу Нагасаки гIалахь вина а, вехаш а ву. Нохчийчохь 1999-чу шарахь ша лаьцна доттагI Венехь а карийна, цига кхаьчна иза кху деношкахь. Маршо Радион корреспонденто Эрсно Казбека къамел дира цуьнца, видекамера а латийна.

Цунеока Шамил Нохчийчохь шолгIа тIом марсаболуш Соьлж-ГIалахь хилла ву. Японин зорбанан гIирсаша а дуьйцура нохчий террорхой бу бохуш оьрсийша дуьйцург. Цундела бакъдолу сурт ган дагахь кхаьчна хилла журналист Цунеока тIеман кIуьрехь йоллучу Соьлж-ГIала.

Цунеока: «1999-чу шарахь Японехь дуккха а гойтура Нохчийчура хиламаш. Оьрсйчоьнан пропаганда яра цигахь дIахьош. ХIора хаам беш дуьйцура Оьрсийчоь ю терроризмана дуьхьал лаьтташ бохуш. Цо террорхошна дуьхьал дIахьош операци ю аьлла.

Хаамашкахь дуьйцура оьрсийша шаьш герз деттарш террорхой бен бац бохуш. Маьрша бахархой бойуш бац бохура цара. Иза тера дара тахана цара Шемахь дечух. ТIаккха со Соьлж-ГIала вахара. Соьлж-ГIалахь болх беш ши-кхо жима дарбанан хIусам бен яцара. Со вахара цига. Цигахь суна хиира 80 процент чевнаш йина нах маьрша бахархой хилар. 20 процент бен бацара тIемалой».

20 шо ду ша журналист волу, амма Оьрсийчу кхаччалц ша террорхо вуй хиина дацара шена бохуш кхин дIа а дуьйцу Цунеокас.

Цунеока: "Ткъа шо ду со журналист болх беш волу. 2003-чу шарахь Оьрсийчура Интерфаксо сох лаьцна яздинера, Цунеока Шамил, Цунеока Коцуке журналист вац, иза дуьненаюкъарчу террорхойн тобанан декъашхо ву аьлла. Со журналист ву. Амма Путинна ца тов со журналист хилар".

Цунеокас дийцарехь, иза ОвхIанистанехь а, Палестинехь а кхечу конфликташ йоьлхучу меттигашкахь а хилла. Амма Нохчийчохь санна къиза тIом гина бацара шена боху цо.

Цунеока: "Со ОвхIанистанехь хилла ву, Палестинехь а хилла со. Кхин а тIемаш боьлхучу меттигашкахь а хилла со. Амма дуьххьара гинера суна оццул чолхе меттиг, инзаре вон меттиг. Со инзаре цецваьлла вара. Юха хан яьлча, юха а гIоьртира со Нохчийчу ваха. Амма Нохчийчура лаьмнашкахь оьрсийн десант яра. Церан база яра цигахь. Сан аьтто ца белира цига кхача".

Нохчийн тIемалой Шема бахана аьлла хезна ша цига кхаьчча шена гина сурт а дуьйцу Цунеокас.

Цунеока: "Шемахь хилла со. Цигахь дуккха тIемалой бу. Цара шаьш салафиташ ду олура, нагахь уллохь Iаьрбой хилча. Амма Iаьрбой уллохь цахилча нохчий вовше луьш хуьлура, хьо ву вахабит, со вац вахабит бохуш".

Нохчий а, шен махкахой а цхьана тера нах бу боху Цунеока Шамила.

Цунеока: «Суна хетарехь, нохчийн менталитет чIогIа тера ю тхан менталитетах. Японехь хьалха самурайш хилла. Самурайн низам чIогIа тера ду нохчийн Iадатах. Нохчашна хета баккхий нах лара беза, зударий лара беза, уьш ларбан беза аьлла, гIийла нах ларбан беза аьлла. Бусулба шарIа санна ду иза, амма жимма кхин ду. Тхо долчохь а бу гIурт. Якудзаш бу тхан. Нохчашна юкъахь дукха йоккха мафи ю».

Ерриг а Цунеока Шамилан видеоинтервью шун ган аьтто бу кхун интернет сайт тIехь.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG