ТIекхочийла долу линкаш

Пугачевхь нохчашний, бухарчу бахархошний юкъадоьлла дов дижон гΙерта Ιедал


Оьрсийчоь - Нохчашна дуьхьал гулам айбина Пугачев-гIалахь, Саратов-мохк, 08Тов2013

Оьрсийчоь - Нохчашна дуьхьал гулам айбина Пугачев-гIалахь, Саратов-мохк, 08Тов2013

Саратов-махкарчу Пугачев-гIалахь дахначу пΙераскан дийнахь 16 шо кхаьчначу нохчочо меттигера вахархо вер декха арабевлла нах, оьрсий а, гΙезалой а, летта меттигерчу нохчех. Гуламаш лаьтта гΙалахь. Церан декъашхоша Ιедал декхаре до нохчий махкахбаха. Марсадолуш лаьтта дов дижо гΙерта мехкан куьйгалхой а, полици а.




Пугачев-гΙалин мэрина уллехь лаьттачу «Дашо черма» («Золотая бочка») кафена хьалха иккхина десантийн эскаршкахь а Ιийна цΙавеъначу 20 шо кхаьчначу Маржанов Русланний, 16 шо долчу нохчочунна Назиров Iелиний юкъа дар-дацар. Леташ, нохчийн кΙанта кисинара скальпель а яьккхина, иза ворхΙазза тоьхна шен довхочунна. Дарбан цΙийнехь велла Маржанов.

Эццахь полицино лаьцна, хΙинца, талламаш больхучу юкъанна, ши бутт хан а кхайкхийна, чохь валлош ву Назиров Iела.

Девнан лорах шоьтан сарахь гуламе бевлла Пугачев-гΙалин бахархой. БΙеннашкахь вовшах а кхетта, дΙахьалхинчу оьрсий а, гΙезалой а летта нохчех, уьш бехачу куьпа а бахана.

Хиллачун хьокъехь хΙара къамел дира Маршо Радион корреспондента Исакова Уммас меттигерчу «Пугачевское Время» газетан редакторан гΙовсца Светниченко Светланица. Оцу къамело гойту къаьмнашка йолчу гамонах маьрша боцийла, могΙара бахархой хьовха, Пугачевра журналисташ а.

Маршо Радио: Кест-кеста лелхий и санна къаьмнаш къестош долу девнаш?

Светниченко: «ХΙан-хΙа, ца лелха. Бакъду, кхо шо хьалха хилира и саннарг. Оццу кафе чохь вийнера цхьа кΙант. Делахь а, хΙетахь иза дуьххьара хиларна, дитира наха. Ткъа хΙинца шозлагΙа нисделча...»

Маршо Радио: Ткъа массо а ма кхета иза дахарехь нислуш долу могΙара дов дуйла...
Светниченко: «Цунах могΙара олийла дац. Цкъа тоьхча, олийла ду могΙара, ткъа шозлагΙниг а вийча... ворхΙазза урс тоьхна....»
Маршо Радио: Девнан орам массаза тоьхна олий-х ца къастабой! И хилам къаьмнаш юкъадоьллачу девнах стенна тарбина?
Светниченко: «Иза дуьххьара хуьлуш доцу дела. Тхан кΙентий хьийзабо и санначу летаршца...шашаха нислуш дац наггахь а. Наха уьш арабаха боху. И саннарг кхин ца нисдалийтархьама. Дерриг и лелориг тΙебаьхкинарш бу. Бухахь беха дукха хенахь дуьйна баьхкина нохчий, ткъа шо а ду уьш беха. Церан юкъарлонаш ду бухарчу оьрсашца. Массара а дешна цаьрца, ас а дешна, масала. Амма царна тΙеоьху церан махкахой. И нах богΙу кафешка, цара доладо, уьш бу девнаш доладийраш».
Пугачев-гΙалин газетан редакторан гΙовс Светниченко Светлана, цо дечу къамело гойту, дуьхьал ю махкахь нохчий бехаш хиларна, цо къобалдо гΙаларчу гуламхоша нохчий арабаха бохуш ден дΙахьедарш.

Мехкан а, кΙоштан а дай, полици, Саратовра нохчийн диаспоран куьйгалхо Элесов Сайд-Ахьмад - массо а гΙерта Пугачевра дов дижо. Арахьара тΙекхачийначу полицин дакъоша доза хΙоттийна нохчийн бехачу меттигашний, царна чугΙертачу меттигерчу оьрсийн, гΙезалойн кегийрхошний юкъа.

Пугачеврчу а, гонахарчу а гΙаланашкара националистийн лидерш бу хΙинца нах меттах бохуш, алссам гулбаларе кхойкхуш. Нохчий а, кхиболу «Ιаржанаш» а етташ, бойъуш, лахка беза, бохуш даражадо цара интернетехула.

Саратов-мехкан кΙошташкахь алссам беха нохчий дукха а шераш хьалха дуьйна. Доккхачу декъанна даьхний лелош хенера буьйлу уьш. Шен а, ша санна шена гергахь бехачу нохчийн а дахарх лаьцна иштта дийцира Маршо Радионе Ртищево-гΙалина гена воццуш вехачу Абдулаев Хьамзата.

Абдулаев: «89-чу шарахь дуьйна веха со кхузахь. 200-250 километр юьстах ю Саратов. Кху Ртищевон а, уллерчу Екатериниски а кIошташкахь тхо алссам ду. Некъ буьллу хьукматаш а, кхийолу яккхий фирманаш йолуш а нохчий бу кхузахь. Кхузахь берш оьрсий бу. Пугачевхь гΙезалой, гΙалгΙазакхий бу. Идеалехь цхьа а вац, диканаш а бу, вонаш а бу вайлахь. Беш болх бу вайнчаьрца, вон ма лела, олуш. «Арадовла», «ча ма дуьйла» бохуш, и хIуманаш кхузахь хилла дац.

Дола до оха кегийрхойн, Саратовра диаспоран лидер Элесов Сайд-Ахьмад а вогΙу. КIеззиг а хIума иккхича, оха цуьнга а хоуьйту. Кегийнаш – кегий бу, тасабаларш хуьлу. Амма вайн тахана дуьйцучу тIегIане а доккхий ца хуьлу тхан хIумма а. ЦΙахь хьал уггаре а галъялла йолучу заманахь суна орцахбевлла хьийзара сан лулахой-оьрсий, боьлхуш чу а оьхуш. Хьайн бераш, Хьамзат, тхо долчохь совцаделахь, бохуш. ...Сингаттаме хIуманаш ду Пугачевхь. Аяцков куьйгаллехь волчу халачу хенашкахь а ца хиллера кхузахь ишттаниг».

Саратов-махкахь иккхина дов тергоне эцна Соьлж-ГΙаларчу Ιедалша а. Кхелхинчу Маржановх кадам а беш, хиллачунна дерриг а нохчийн къам бехкедар нийса дац, аьлла, дIахьедина Нохчийчоьнан администратора Кадыров Рамзана.
XS
SM
MD
LG