ТIекхочийла долу линкаш

Савченко бехкейийр хиларх шеко яц цуьнан адвокатийн


Оьрсийчоь -- Ростох-кIошт, Донецк, Савченкон кхелехь. 21.03.2016.

Оьрсийчоь -- Ростох-кIошт, Донецк, Савченкон кхелехь. 21.03.2016.

Савченкона суд еш вердикт кхайкхо йолийна Ростох-кIоштарчу Донецк-гIалин кхелехь. Савченкон адвокташа шаьш тешна ду боху иза бехке йийр хиларх.

Украинера эскархочуьнан Савченкон Надеждин адвокаташа дIахьедина иза бехке еш вердикт хир ю бохучух тешна ду шаьш аьлла. Савченко, хууш ма-хиллара, бехке еш ю Донбассехь Оьрсийчура ши журналист вуьш дакъалаьцна аьлла. Оршот дийнахь Донецк-гIаларчу суьдехь дIадолийна цу гIуллакхехула бехккъасторхоша йина вердикт дIаешар.

Хала хеташ далахь а, хIоьттинчу хьолана цхьа а Iаткъам бан таро йоцуш диссина шаьш элира журналисташка вист хуьлуш Савченкон адвокато Полозов Николайс. Шайна, шеко а йоцуш, хууш ду Савченко бехке йийр хилар бохуш вара иза.

Полозовс дийцарехь, Савченко дагахь яц шена йина кхел къобул ян, иза мухха а хилахь а. Кхелан сацамна латкъам бан дагахь а яц иза элира цо.

Оршотан Iуьйранна Донецкехь кхелан кхеташо йолаелча дуккха а зорбанан гIирсаша хаам бира суьдо бехке лаьрра Савченко Оьрсийчура журналисташ байарна аьлла.

Амма тIаьхьо суд йоьдучу хIусаманна чохь болчу журналисташа тоьшалла дира суьдхочо и дешнаш аьлла цахилар хьокъехь. Суьдхочо дешнарг хилла цунна буьллуш болчу бехках лаьцна кехат.

Оьрсийчурча талламхоша бехке еш ю Украинин эскархо 2014-чу шарахь Украинин территори тIехь Луганск-кIоштIахь ши журналист вуьш цо дакъхалаьцна хиларна. Цара дийцарехь, Савченкос хаам а беш, яккхий тоьпаш йиттина Украинин эскаран дакъоша, журналисташ а бойуш.

Савченкос шен бехк хилар тIецадуьту. Цуьнан адвокаташа чIагIдо иза йийсаре лаьцна хилла хилар Оьрсийчура журналисташ байале хьалха. Цул сов, Савченкос дийцарехь, иза нуьцкъала кхачийна хилла Оьрсийчоьнан территори тIе.

XS
SM
MD
LG