ТIекхочийла долу линкаш

Берашна дихкина школа яккхар даздан


Нохчийчоь - Дешаран шо доьрзуш ду школашкахь, Соьлж-ГIала, 2013

Нохчийчоь - Дешаран шо доьрзуш ду школашкахь, Соьлж-ГIала, 2013

Оьрсийчохь доьрзуш ду рогΙера дешаран шо. Кестта школа ерзош, кхиаран тоьшаллаш-аттестаташ схьа а оьцуш, иза шайн, кегийрхой кепашкахь, самукъне даздийр бу мехкарша а, къонахоша. Амма мустбина оцу синкъераме сатийсам нохчий дешархошна. ЦΙе яккха да вац, хьан омра дина, амма дихкина берашна Нохчийчохь ког хеццна дешар билгалдаккха а.



Муьлхха а керланиг дахаре дерзош, Iедалехь болeчара Нохчийчохь шуьйра пайдаоьцучу некъах бу, официалан цхьа омра я сацам тIе а эцна, юкъараллехь тIеоьцуьйтуш а, тIедожош а хIума а доцуш, Оьрсийчоьнан низамо бохург а, адамийн бакъонаш талхор а чоьте а ца оьцуш, бахархошна зил-дозанаш деттар.

Цу декъех уггар чIогIа тIеIаткъам бечарех ю махкара доьшийлаш. Къаьсттина маьхькамхоша а, динан урхалло а бехкамаш кхийдош, хаддаза шайн бIаьргаy Iуналлехь латтош ю школаш. Гуттар кегийчу дешархошна –зудаберашна а тIедиллина ду дегIана хьулам беш, кучамаш а, йовлакхаш а лелор.

ХIора шарахь а керла-керла цхьацца «хьекъале» хIума юкъадаккха кIадо ца йо Iедалехь болeчара. МогIарерчу бахархошна хетарехь? Пачхьалкхан ЦIийнехь, муфтиятехь я дешаран а? Iилманан а министараллехь охьахевшина цхьа бала кхочурш хир бу-кх, тIекхуьучу тIаьхьенан ойла еш, уьш иманехь совбаха, зенах-зуламах ларбан гIерташ.

Rхушара царна дагадеъна школера бевлла кIентий а. мехкарий а тIаьххьара горгали тоьхначу дийнахь Iаламе ца бовлийта. Цара, Iедалехь болeчара, кхеторехь кегийрхойн гIуллакх дац хи йистехь а, хьуьнхахь а Iаламан тийналле а, олхазарийн эшаршка а ладегIа, я лома тIебевлла, «оццул доккха-м хирг хир ма дац хьо дуьне, дIо-о анайистехь кхачалуш дуй –те хIара», аьлла, дуьне ма-дду дIаса а хьаьжна, бIаьрсина маршо яла.

«Бераш самукъадаккха шаьш хьуьнха я хи йисте дохуьйтуш дан а дац. Цаьрца хьехархой а, дай-наной а хуьлу. Кхарна дага а ца догIуш хIума дан а дац. ХIара хьаькамаш тIаьхь-тIаьхьа хьерабуьйлуш бу. Тхан бераш школера девлла. Кхин цкъа а массо а ишта цхьаьна а кхетта, самукъадоккхур дац цара. Дай-наноша кхача а кечбеш, локхучо эшар а локхуш, волкуг хелха а волуш, царна садаьIча хьанна новкъа ду? Цунах ца кхета тхо!» Ишта къамел до шайн берашка кхийдориг харцо лоручу Новр-кIоштерчу цхьана хьехархочо.

КIоштийн дешаран урхаллашка а, муфтияташка а школан директорш а, динан баххаш а, истори а Iамош болу хьехархойн а дIа а гулбина, дIахаийтина бах дешархой хьуьнах бахийтахь мегар дац, аьлла. Ишта дихкина, дийцарехь, цаьрга жижигах, шашлык а, кхечу кепара а кхачанаш байтар. Стенна? И хаттар диллина дуьсуш ду.

Ма-дарра аьлча, массарна а, забаренна а доцуш, халонга баьлла, официалехь а доцуш, барта арабаьккхина рогIера сацам. Лакхахь хьахаделла ма хиллара, цу кепара, цхьа эладита санна, дIаса а даржадой, назамца бIоста нисло керла хIуманаш юкъадалор кхузахь цуьрриг керла дац.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG