ТIекхочийла долу линкаш

Шредера Путин Владимир Хесторна Реза бац Немцой


Казахстан -Германин канцлер хилла Шредер Герхард а, Казахстанерчу "Казэнергин" куьйгалхо Кулыбаев Тимур а. Aстана, 25Ман09

Казахстан -Германин канцлер хилла Шредер Герхард а, Казахстанерчу "Казэнергин" куьйгалхо Кулыбаев Тимур а. Aстана, 25Ман09

Шредер Герхардан цIе яьккхича, Германехь дукха хенахь дуьйна кхардаме тIетухуш ду „ Путинан адвокат“ я „Путинан пресс-секретарь“. ХIинца кху деношкахь Шредеран Путинца долу гергарло бахьана долуш кхоллаеллачу кхардамечу цIералгашна тIекхетта кхин цхьаъ а: „Путинан уггаре а веза менестрель“. Ткъа "менестрель", цхьана таронечу стеган я элан долахь а волуш, цуьнан самукъадолу, цунна иза хестош эшарш лоькхучух олуш ду.

И тайпа цавашаре дешнаш немцойн канцлер хиллачу, ткъа хIинца, шарахь массех миллион евро алапа а долуш, Газпром концернан долахьчу цхьана фирмехь болх бечу Шредер Герхардан тIаьххьара интервью бахьана долуш аьлла ду немцойн политико.

ХIунда аьлча, шен меттигерчу журналисташца хиллачу къамелехь Шредера, Оьрсийчохь хилла харжамаш цIена бацара аьлла дан шегахь цхьа а тоьшалла дац, элира, ткъа Оьрсийчоь Путин Владимира хьоьгуш долу къа бахьана долуш кхиина йогIуш стабилалле пачхьалкх ю, аьлла. Журналисто, массех шо хьалха айхьа аьлла долу „Путин цIенчу хIух волу демократ ву“ боху дешнаш аларна дохко-м ца ваьлла хьо, аьлла, хаьттича, Шредера ша тахана а иза тIечIагIдан кийча ву, элира.

Шредер: «Сан цунна тIетIетоха а, тIера даккха а хIума дац. Со дукха чIогIа тешаш ву, Путин шен мохк бакъйолчу демократехьа берзош хиларх. Ткъа цу новкъахь бан безаш шортта болх хилар, иза цунначул дика цхьанне а ца хаьа. Иштта цунна гонахарчу нахана а хаьа иза. Ткъа харжамех аьлча, соьгахь сайн хьостанашкара информаци царах лаьцна яц, амма суна Германера цхьаццаболу харжамийн тергамхой, масала, фрау Бек я кхиберш гучу хенахь, сан ойла кхоллало, церан шеконаш цаьргарчутешаллел дукха юй-те, олий».


Шредера хьехош йолу фрау Бек Марилуизе, ала дашна, немцойн Баьццарчу партин цIарх Бундестаган депутат а, Европехь шуьйра евзаш йолу Оьрсийчоьнан аналист а ю. ХIора харжамашкахь тергамчас санна дакъалоцу цо, лерина Оьрсийчу а йоьдий. Ткъа тIаьххьарчу президентийн харжамашкахь Путин Владимиран лакхара жамIаш а, ткъа иштта Iедалхоша тергамчийн латкъамаш харцбаран а хьокъехь Бек Марилуизес иштта элира:


БЕК: «Иштта хуьлуш ду-кх иза, нагахь санна Харжамийн Комиссин коьртехь хьуна лууш долу терахьаш дIакхайкхон гуьнахь волу, хьуна муьтIахь волу стаг ахь хIоттийча».

Ала догIу, немцойн тергамчийн агIор Шредера аьллачун хьокъехь Германин канцлеран Меркель Ангелин векал волчу Зайберт Штеффана, цхьа а бахьана дац, элира, Шредерехь немцойн тергамчийн цIеналлех а, бозуш ца хиларх а шеконаш хила, аьлла. Ткъа Баьццарчу партин куьйгаллерчу Рот Клаудияс, шена хетарехь, цхьаццаболчу Путинан немцойн доттагIий шайн хьашташ лардеш бу, Оьрсийчуьрчу бахархойн хьашташца бала а боцуш, элира, ур-атталла Шредеран цIе яккха а дурс ца хеташ.

Делахь а, доллучу дуьнено а, оьрсийн оппозицин ницкъаша а, ткъа иштта бIеннашкахь бозуш боцчу тергамхоша а, могIарчу Оьрсийчоьнан бахархоша а цу харжамашкахь цкъа а ца хиллачу кепара харцонаш а, бозбуанчаллаш а лелор чIагIдеш делахь а, цу харцонийн тоьшаллаш шортта охьадохкуш делахь а, немцойн канцлер хиллачу Шредерна уьш ган ца луучух тера ду. Мелхо а, цо кхин дIа а чIагIдо, шега хеттахь а, ца хеттахь а, бен а доцуш, Оьрсийчоь Европана мел тешаме партнер ю, ткъа цуьнан куьйгалхой мел демократина тIетевжина бу бохург.

Цу кепарчу позицина критика еш берш бIаьрзе лору Шредера. Путин дукха дика кхеташ ву, тIейогIучу хенахь шен коьрта ницкъ ша Оьрсийчоьнна модернизаци ярна хьажон безийла, боху цо. Путинан коьрта кхиам – цо Оьрсийчохь стабилалла кхоллар лору Шредера. Бакъду, стабиллала уьшал чохь а хуьлуш хилар ца хьахадо Путинан Европера векал хила араваьллачу Шредера.

Цуо иштта ца хьахадо, стабилалла хилчахьана, демократи а, адамийн бакъонаш а цахилар бен а дац теша бохург. Цхьаболчу аналисташна хетарехь, Шредеран дешнаш, ма-дарра аьлча, шайца цавашаран а, расизман а хIо долуш ду, хIунда аьлча, цо дийцарехь, Европехь я Германехь мегар доцу хIуманаш Оьрсийчохь мегаш ду, я Оьрсийчуьрчу бахархошна адамийн бакъонашший, демократиййий оьшуш яц, царна яа хIума хилчахьана.
XS
SM
MD
LG