ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iама ца туьгурш Iаморхьама


Къилбаседа Кавказерачу мехкашкара кегий нах динан радикалан тобанех ца беттабалийта дан дезачух лаьцна рапорт зорбане даьккхина кхаарийндийнахь «Дуьненаюккъерачу кризисан тобано».

«Дуьненюккъерачу кризисан тобано» зорбане яьккхинчу рапорт тIехь боккха таллам бу, КъилбаСеда Кавказехь лаьттачу хьолан. Дуьххьара иза телхина хилар бахьана ду аьлла хета и болх бинчу эксперташна, регионера божарий динан радикалехь дIа а кхетта, Шема а, Иракъе а тIемашка эхарна.

КъилбаСеда Кавказерачу Iедалшка оцу хьокъехь дан дезачунах шайна хетарг ду оцу рапорт тIехь цара дуьйцуш, хIора урхалло а, хIора махкахь а хIун дича гIоле хира дара а бохуш.

Оцу тобанера эксперташа билгалдоккху КъилбаСеда Кавказехь, кху тIаьхьарчу массийта шарахь, тIемалойн жигаралла дIаяьлла хиларна. Дукха а тIемалой Шема а, Иракъе а дIабахна дела ду иза, боху цара.

Оьрсийчоьнан ницкъаллийн структраша Сочи-ГIалахь Олимпиада дIаяхьале, пачхьалкхан дозанаш дIадиллинера, тIемалой цига дIабахийта. Иза Оьрсийчоьнан толам бац, иза эшам бу. ХIунда аьлча, пачхьалкхан чоьхьара хилла и проблема, хIинца цуьнан дозаналла ара а ялла, дуьненна бала хила дIахоьттина, алла кхолделлачу хьолан мах хадабо «Дуьненаюккъерачу кризисан тобано».

ТIекхуьуш болу кегирхой ДАIИШ-ан могIаршка ца хIиттийта, шена хеташ болу некъаш а билгалбоху цуьнан эксперташ. Массийта агIор болх а го царна цу тIехь бан безаш.

Iедалхой а, диндай а, Iилманчаш а юккъахь а болуш керла стратеги кхолла еза. Машаре кхойкхучу салафийн диндайш а цу юккъехь бечу белхан боккха мах хир бу. Уггаре а коьртаниг ду, радикалан кхайкхамех а тешна Шема а, Иракъе а тIемашка бахана берш цIаберзоран, нийсонан тIехь каналаш кхоллар.

Оцу тIегIанехь, пайда оьцур бу, шаьш лелийначунах дохко а бевла цIа бирзинчара шаьш иза дийцича.

Рапорт тIехь, радикалан ойланаш ца хилийта хIун дан деза а ду дуьйцуш. И хьехам Оьрсийчоьнан Iедале бу. Демократийн некъашца доIуш ма хиллара, динан агIонаш къуьйсучу тобанашна юккъахь барт бар а, регионехь коррупци дIаяьккхар а, иза лелочарна догIуш долу таIзар дар а, кхетош-кхиоран болх жигар баккхар а.

Иштта, доккха гIо дийра ду аьлла хета «Дуьненаюккъерачу кризисан тобанна» цIабирзинчеран хьокъехь, цара тIаман дуьхьал пропагандехь дакъалацахь, кхелаш кегий хенаш еттаро. Машаре а, тIаме а кхойкху салафиташ къестор а, коьртачарех хIума ду боху эксперташ.

Нохчийчуьрчу тергамхоша а теллина «Дуьненаюккъерачу кризисан тобано» гIараяьккхина и рапорт. Цу юккъахь нийса хIуманаш ду. Муьлха а дов а, чолхе хьал а, кхин дIа а ца дестийта дан дезарг ду иза. Амма тидаме ца оьцу, и бала цхьана КъилбаСеда Кавказерачу кегирхойх а, ша шех а кхоллабелла ца хилар, бохуш, цунна иштта комментарий йо политика, тергамчас Мачигов Альберта.

Мачигов: «И мел йолу проблема, кегийчеран хьекъал дац олий дIадерзадо. Амма коьртехь берш цхьана нийсачу новкъахь дIа ца хIиттабахь, цуьнах гIуллакх хир дац. Масала, оцу рапорт тIехь бохуш ду-кх, Сочехь Олимпиада йолчу хенахь, «Олимпийн машар» бу аьлла, Оьрсийчоьнна духьала хIума ца хилийта тIом сацийра ханна. Иза мархийн баттахь а сацош бацара.

Эрдоган Оьрсийчохь вуьйцу массара а. Амма цо Малхбалено шайна ца оьшу боххушехь, туркойн агIора газан биргIа йилла йолийра. Массарел хьалха цо Туркойчуьра Севастополе хIаваъан кема а хьажира, Путина ГIирма схьаэцча. 2015 шарахь 10 миллиард доллар лур ду аьлла Iаьрбойн инвесторш бевллера Оьрсийчохь.

ТIаккха а, вайна дагадогIу-кх министр ву бохучо царна хьалха охьа а хиина «тентагаш» бохуш къамел дира. И нах хьекъале ца бахкахь, кегий нах Iехош бу бохуш хIуманаш дIадер а дац».

Тахана массанхьа кхолладелла чолхе хьал, политологна Мачигов Альбертна доьзна ду аьлла хета, яьккхий, дуьненанан урхалла дан луучу пачхьалкхаша шаьш вахьа а хевшина хIума къастош ца хиларх. И хьекъал тоьар, оцу пачхьалкхийн хьалха хиллачу куьйгалхошна, аьлла билгалдаьккхира цо.

Мачигов: «Уьш бара табан безаш.Важа ша шех нислур ду. Ялтера коннференцехь Сталинний, Черчиллий, Рузвелттий, охьа а хиина къастийра, шаьш дола дендолу меттигаш. Кхечу агIора хилахь, гIуллакх хир дац».

Ша ерриг «Дуьненаюккъерачу кризисан тобано» Къилбаседа Кавказерачу хьолах кечйинчу рапорт тIехь 12 артикл ю, Оьрсийчоьнан Iедало шайн пачхьалкхехь динан радикализм кхин а ца яржийта хIун дан деза некъаш гойту.

Ткъа, иза хаза а хезна, тIе а эцна, цуьнах пайда оьцур бу аьлла чIагIдеш ала ца хIутту цхьа а.

XS
SM
MD
LG