ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Наркотикаш йохкархо чувоьллина Шеларчу суьдо


Шеларчу гIалан суьдо хан кхайкхийна наркотикаш лелорна бехке веш хиллачу Исламов ИсмаьIилна.

Нохчийчоьнан прокуратуро бинчу хаамца, и стаг хьалха а кхел йина хилла, амма цхьана ханна набахте ца хьажош арахь витина хилла иза суьдо.

Исламовс, эца а йоьцуш, юхкуш хилла къомал. Иза цуьнгара дIаяьккхина полисхоша. Зулам дарна кхо шо ах хан тоьхна Исламовна Шеларчу кхело. ТIехула тIе гIуда а тоьхна цунна.


Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG