ТIекхочийла долу линкаш

...Ткъа Европехь шарΙ лела-м ю дуккха а хан


Немцойн матте даьккхина бусулба жайна, 08Заз2012

Немцойн матте даьккхина бусулба жайна, 08Заз2012

Ши кIира хьалха инзаре дIахьедар дарца, Оьрсийчохь керстанаш хьовха, бусулбанаш а цецбехира хIинцалц шарIан бакъо йовзарца цкъа а билгалваьлла а ца хиллачу адвоката Хасавов Дагира. Иза ша цул тIаьхьа катоьхна Европан агIор къайлаваьлла. Ткъа нагахь санна цунна шарI а, цуьнан башхаллаш а, ткъа иштта бусулба дин коьрта дин доцчу юкъараллашкахь шарI лелоран башхаллаш а евзаш хиллехь, цунна хуур дара, оццу Европехь шарIаца доьзнарг муха нисдеш ду.


Тайп-тайпанчу хьостанаш дийцарехь, йоллучу Малхбузерчу Европехь карарчу хенахь вехаш 54 миллион ца кхочуш бусулба стаг ву. Царех цхьа дакъа бусулба пачхьалкхашкара орамаш долу мигранташ бу, амма иштта кIезиг дац бусулба дин тIеэцначу меттигерчу бахархойн терахь а. Кхеташ ма-хиллара, тайп-тайпанчу Европерчу пачхаьлкхашкахь бехачу бусулбанийн меттигерчу дуьненан кхелашкахь къаста ца луш долу я меттигерчу кхелахошна цакхетаме, ца девзаш долу хьелаш нисло, девнаш хуьлда уьш, я декхаршца доьзна Iоттабакхамаш хуьлда уьш, я доьзалшкара цакхетамаш. И санначу хьелашкахь Европерчу дукхаъчу пачхьалкхашкахь тоххарехь лелаш ду шарIан кхелана тIе тевжаш сацамаш бар.

Масала, Британехь а, Белгехь а, Германехь а, Австрехь а, иштта цхьамогIа кхечу пачхьалкхашкахь дукха хьалха дуьйна цхьаццадолу девнаш шарIан кхелашца къастадо. „Цхьаццадолу девнаш“ бохург – иза даккхийчу зуламашца доьзна доцу гIуллакхаш бохург ду. Британехь, масала, карарчу хенахь Iедалан кхелашца цхьана болх беш ю 40 сов шарIан кхел. Цара луьсту девнаш, дукха хьолехь, зуда ялор-йитарца а, йохк-эцар лелорца а, весеташца а доьзна хуьлу.

Германехь масса шарIан кхел ю бохучун статистикан хаарш дац, амма цу махкарчу Iедалан кхелаша кеста-кеста шарIан низамера масала оьцу бусулба доьзалийн девнаш луьстучохь. Меттигерчу кхелахойн коьрта Iалашо ишттачу хьелашкахь нийсо юхаметтахIоттор а, меттигерчу низамашна шарIан сацамаш бIостане ца хилар а ду.

Вевзаш волчу немцойн бакъонан Iилманчано Вольф Юргена дийцарехь, и хIума дуьненан юкъарчу бакъонан Iадаташна тIетевжина ду. Нагахь санна цхьана пачхьалкхарчу кхелан бакъонашца кхечу пачхьалкхара кхелан бакъонаш цхьаьнайогIуш елахь, я уьш вовшашна гома яцахь, тIакха меттигерчу кхелахойн бакъо ю, кхечу махкарчу Iадаташна тIе а тевжина, сацамаш тIеэца. Аьр вай, Германехь мисармахкахочун дов хоттуш делахь, кхелахочо и гIуллакх Мисарахь муха толлур дара бохург тидаме оьцу, гIажарочун дов хоттуш делахь, цигахь кхело бенболу сацам тидаме оьцу. Коьртаниг – и сацамаш немцойн конституцица цхьаьнабогIуш хилчахьана.

Вольф Юрген: „Цхьа зулам толлучу хенахь, таллам дIабахьар цу зуламан закъалтан дешнех а, тоьшаллех а доьзна хуьлу. Амма, нагахь санна, цхьаъ, шен динца догIуш ма-хиллара, ахчанца бинчу бекхамах тоам а бина, и закъалт тоьшалла дан ца туьгуш дуьхьал валахь, тIаккха немцойн гIудатохаран система а, юстици а цхьа а аьтто боцуш юьссу, зуламхочунна йогIу кхел ян“.

И цахилийтархьама, Вольф Юргенна хетарехь, цхьаболу сацамаш шарIан низамашна тIе а тевжаш бар массо а агIонашна а товш ду.

Изза хьал ду Австрехь а. Венехь шуьйра вевзаш ву бусулба жигархо а, шарIан бакъонаш йовзархо а волу Муххьамад Нуруми. 67 шо долу и Мисар махкара орамаш долу Iеламстаг Австрехь веха 30 шо сов хан ю. Цу махкахь бехачу бусулбанийн вовшашлахь нислуш долу девнаш къасточе кест-кеста кхойкху Нуруми меттигерчу кхелийн балхахь дакъалаца. Бакъду, даккхийчу зуламашца доьзна девнаш ца хуьлу уьш.

Мухьаммад Нуруми:“ Нагахь санна хIусамдай -зудий девнехь делахь, я шина доьзална юкъа вас йоьллехь, я берашна юккъехь цхьаъ доьллехь кхойкху соьга. Я нагахь санна йоIана кIант везавеллехь, и шиъ бертахь а долуш, доьзал кхолла гIертахь, амма да-нана цу хIуманна дуьхьал делахь а кхойху. Я весетца доьзнарг цакхетаме делахь, и санна долчу гIуллакхийн декъа хила а кхойкху соьга“.

Нуруми Мухьаммад санна болу бусулба дин довзархой Европерчу кхелаша шайн балхана юккъаийзор тIаьхь-тIаьхьа алсам долуш ду. Дукха хан йоццуш немцойн Райнланд-Пфальц лаьттан юстицин министра Хартлофф Йохена дийцаре диллира, бусулбанийн векалш кхелийн белхашна алсам юкъаозон безаш хилар а, шарIан цхьаццадолу низамаш Германехь шуьйра къобалдан хьашт хилар а. Иштта, тIебогIучу беттанашкахь немцойн юстицин министраллехь лерина дарж кхуллур ду шарIан бакъонех Германин кхелашкахь пайдаэцар шордаран некъаш толуш волчу Iелам стагана лерина.
XS
SM
MD
LG