ТIекхочийла долу линкаш

Шайн махкахь шаьш хьошалгIахь хета немцошна


Германи -- Малхбузе бусулба ян гIертарна дуьхьал марш. Дюсселдорф (Duesseldorf),12 Дечк.2015

Германи -- Малхбузе бусулба ян гIертарна дуьхьал марш. Дюсселдорф (Duesseldorf),12 Дечк.2015

МухIажарш бехачу юкъараIойлашна цIе тийсар, тIехьаьжча кхечу къомах ву аьлла хетачу воьду-вогIучу некъахочунна коча ихар, бусулба духар доьхначу зударшка маьттаза мотт лебар я царна тIера духарш дIасаийзор – тIаьхьарчу шина-кхаа шарчохь и тайпа талорш, и тайпа маьттазлонаш Германин а, Австрин а гIалийн урамашкахь сих-сиха нислуш ду.

Цхьаьна агIор йоллучу Европехь аьтто-хьежамаш болчу партийн ницкъаш а, тIеIаткъам а алсамбалар, вукху агIор даханчу шарахь дуьйна къаьстина бусулба дин лелочу мехкашкара Европе схьаоьхучу мухIажарийн терахь алсамдалар а ду цу гамонан бахьанашкахь.

Еарин дийнахь Лейпцигерчу университето зорбане баьккхинчу керлачу талламо гойту, бусулбачийн терахь Германехь дукха сов даларо нийса ах немцошна шаьш шайн махкахь хийра хеташ хилар.

Цу талламан жамIаца, Германин орамерчу бахархойх 50 процентана шайн махкахь аьхна ца хета, бусулба нах цигахь цIеххьана тIехсов баларна. Ала дашна, шо хьалха цу кепарчу талламо гайтинера, иштта бусулбачийн терахьо сингаттам кхуллучу немцойн дакъа 43 процент хилар. И бохург ду, бусалба динца а, и дин лелочаьрца а гамо а, царах кхерар а шо шаренга мел долу а кхуьуш ду бохург.

И хийцамаш дукха дика шайн яIни тIехь го Германехь а, Австрехь а бехачу бусалба нахана. Къаьстина, хиджаб я кхин бусалба духар доьхначу зударшна сингаттеме хьал кхолладелла цу шинна а махкахь. ХIунда аьлча, урамехь йоьду-йогIучу хенахь мичча а мIаьргонехь аьтто-радикалан хьежамаш болчарна я тIебаьхкинчу нахаца гома болчарна шаьш тIенисдала сахьт доцийла хаа царна.

Немцойн Мюнхен гIалина уллохь тIаьхьарчу 14 шарахь ехаш йолчу Сатабаева Румисата дийцира Маршо радионе, шегахь а, шена бевзачу дуккхаъчу зударшкахь а вуно боккха сингаттам бу, Германера а, йоллучу Европера а бусалбачаьрца йолу юкъаметтиг гамоне ерзар бахьана долуш, аьлла. Кхера а кхоьру ша къаьстина садайначул тIаьхьа чуьра араяла боху Румисата.

Сатабаева Румисат: „ВаллахI, тIаьхьарчу хенахь дукха халонаш ма ю бусалбачеран кхузахь. Дукха нах бу къаьстина йовлакхаш лелочу хударшца гамонаш йолуш. Иза суна а хаало, суна санна кхечу зударшна а хаало. Со сайданачул тIаьхьа чуьра араяла а ца йоьхьу уллехь боьрша стаг воцуш. Я боьрша стаг хилча а ца йоьхьу, хIунда аьлча, цхьаммо цхьаъ олуш хилахь, боьрша стаг цхьа дуьхьало ца еш Iийр вац, тIаккха иза гуттар а гена дер ду“.

ХIинца Лейпицигерчу университето а, цул хьалха Германерчу цхьа могIа талламаш баран институташа а бинчу гойтуш кхин цхьа а вуно кхераме хийцам бу – нагахь санна масех шо хьалха хийрачаьрца а, бусалбачаьрца а цабезам болчара иза нагахь санна юкъараллехь гойтуш хиллехь а, вербала, аьлча а маттаца бен гойтуш ца хиллехь, карарчу хенахь и шайн цабезам латарца а, ницкъ барца а дIагайта кийча болчу аьтто-радикалхойн терахь хазанесанна алсам даьлла.

„Аьтто-экстремистийн шайн терахь хIара аьлла хийца ца деллехь а, амма и нах шайн интересаш чекхйахархьама ницкъ барах пайда эца кийча хилар алсам даьлла“, - иштта элира талламан авторехь цхьаъ волчу Лейпцигерчу университетан профессоро Декер Оливера.

Сатабаева Румисана хийла тIеIоттаделла хIума ду иза, цуьнан духар иза бусалба юйла гойтуш хиларна новкъахь йоьдуш-йогIуш я лулахь агрессивечу нах лата гIертар а, ур-аттала тур даьккхина, царах цхьаъ шена а, шен доьзална а чуидар а. Цо дуьйцу.

Сатабаева Румиса: „Сарахь балхара со цIайогIучу хенахь ши гIат долчу цIерпошти чуьяьллера со, уггаре а дукха адам цу чохь хуьлуш йолу хан ю иза. Охьайосса дагахь со неIаре йолаелча, суна букътIехьа хичаш йира цхьана наха. Со юхайирзича, буйнаш а дина, сох латакийча бара уьш. Со йист ца хуьлуш, охьайоьссира, ас цхьаъ аьлча и хIума генадалар кхоьруш.

Цкъа тхан цхьан лулахочо боккха тешнабехк беш бара тхуна, шен кадаьллехь тхо дайъа дагахь хиллера иза Доккха тур даьккхина, цхьа самурайн тур олуш дерг дара цуьнгахь, суна а, сан берашна а чухьаьддера иза.

Бусалба нах ца безаш хиллера и стаг. Юха лулахоша Iедале телефон тоьхна, иза лецира. Кхеле а даьлла и хIума, арахь яккха цхьа шо хан туьйхира цунна, цIий Iанарна тIе ца даьлла аьлла, набахте ца вуллуш витира. Цу тIе кхаччалца дIа-м дахнера иза“.

Ша Германехь ехачу 14 шарахь хIинца тIаьхьарчу шина-кхаа шарахь санна гамо а, юкъараллехь цабезаман атмосфера а гина яц шена бохуш дийцира Румисата кхин дIа а. Бакъду, мелла а дешна, социалан а, културан а лакхарох тIегIанерчу нахер ...

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG