ТIекхочийла долу линкаш

Тахана Шейх Мансур ца вевзаш стаг каро вуно хала хир ду нохчашна юкъахь. Цхьаболчара цуьнан цIе бусулба дин даржорца юзу. Кхечара вуьйца иза, майра а, доьнал долуш а тIемало, буьйранча санна. Мила хилла Шейх Мансур?

Кху деношкахь, сан накъостан кхиина вогIучу кIанта хаьттира соьга, Шейх Мансурах лаьцна интернетехь дешнера ша, иза вуно сий долуш турпалхо хилла нохчийн къомах схьаваьлла волу, амма Нохчийчохь хьахош а ма вац иза аьлла? ХIун эр дара ас цуьнга?..

Шейх Мансур воцург тахана нохчашна Iамочу историн агIонашна тIехь хьахош боцуш а, хьахийча мостагIий санна буьйцуш а дуккха а бу нохчийн турпалхой.

И кхачамбацар дIадаккха дагахь, йолайо оха нохчийн историн агIонаш толлуш а, нохчийн цIе йокхуш хиллачу нехан кхолламех лаьцна дуьйцуш а йолу хIара проект.

Историн Iилманчо Вачагаев Майрбека тахана дуьйцур ду Шейх Мансуран кхолламах лаьцна.

Серверан гIалат

ГIалат даьлла! Бехк ма билла!

Please use Search above to see if you can find it elsewhere

Facebook Forum

XS
SM
MD
LG