ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

104 ДАIИШ олучу тобанера тIемало вийна боху туркоша


Шема -- Стиг. 25, 2016
Шема -- Стиг. 25, 2016

«Исламан пачхьалкх» шех олучу тобанера 104 тIемало вийна дуьненаюкъарчу коалицино бомбанаш а, ракеташ а, Туркойчоьнан эскарша яккхий тоьпаш а йиттина аьлла, хаам бина Туркойн хаамийн гIирсаша, Туркойчоьнан тIеман министраллана тIе а тевжаш. Оццу хьостано дийцарехь, и тохарш дар бахьана долуш йохийна «Исламан пачхьалкх» олучу тобанан штаб дIатарйелла хилла 7 гIишло.

Хаамийн гIирсаш дийцарехь, туркойн эскарша яккхийн тоьпаш етта йолийна Шемарчу тIемалойн позицешна Шеман территори тIера Килис олучу гIала ши ракета хецначул тIаьхьа. И ши ракета иккхича лазийна ву 5 стаг.

Цкъачунна и хаамаш тIечIагIбина бац дозуш доцучу хьостанаша. Кхеташ дац муха аьтто баьлла Туркойн тIеман министраллан векалийн байина нах багар бан.

ПIераскан дийнахь хаамаш баьржинера «Исламан пачхьалкх» шех олучу тобано тIеман операци йолийначул тIаьхьа Туркойчоьнан дозанна тIегIоьртина ву 100 эзар сов мухIажир аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG