ТIекхочийла долу линкаш

Шема - нохчий вовшех тасалур болу рогIера тIеман аре?


Шема -- Идлиб гIалана генадоцуш бомба кхуссуш ду оьрсийн тIеман кема, ГIадужу 5, 2015

Шема -- Идлиб гIалана генадоцуш бомба кхуссуш ду оьрсийн тIеман кема, ГIадужу 5, 2015

Цхьа кIира ду Оьрсийчоьнан тIеман кеманаш Шемахь бомбанаша а, ракеташ а етта. Коьртачу декъана цара тохарш деш ерш ю нохчийн тобанаш лаьтташ йолу меттигаш. Ткъа хIун хаамаш бу Шемара кхочурш.

Оьрсийчоьно Шемахь бомбанаш а, ракеташ а етта йолоро эргIад бахийтина бу дуккха а нах, коьртачу декъана суннатхой. Царна хетарехь, оьрсаша юьхьарлаьцнарг вуно харц тактика ю. ХIунда аьлча, оьрсийн тIеман кеманаш бомбанаш еттарш ю Асад Башаран Iедалшна дуьхьал лаьттачу гIаттамхоша дIалаьцна йолу провинцеш.

Цу меттигашкахь дIатарйелла ю коьртачу декъана нохчийн къомах болчу нахах лаьтташ йолу тIемалойн тобанаш. Цунах лаьцна дуьйцу Маршо Радион эксперто Вачагаев Майрбека. Царна юкъахь а кхаа тайпана тобанаш билгалйоху цо. Царах цхьаъ йиссалц, вуьйсуш "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанца уьйраш йолуш яц.

Цкъачунна билггала нохчашна юкъахь дараш ду аьлла хаамаш кхаьчна бац Шемара. Нагахь байина хилча, оьрсаша уггаре хьалха, хаам бина хир бара шайн цу кхиамах лаьцна бохуш, дуьйцу Вачагаев Майрбека.

Ткъа хIун яздо, хIун хаамаш бо шаьш нохчаша а, Iаьрбийн маттахь болчу зорбанан гIирсаша а, социалан машанашкахь хаамаш буьтучу наха а? И хаттар теллира Маршо Радион корреспонденто Эрсно Казбека.

Тамашийна дерг ду тIаьхьарчу хенахь Шемара нохчийн тIемалой хезаш цахилар. Цуьнан цхьа бахьана хила мега, тIеетташ бомбанаш а йолуш, интернетехь хаамаш бита уьш маьрша цахилар а, Iаьрбаша цхьацца бахьанашца (царах цхьа бахьана уьш дукха майра а, доьналла долуш а бу бохуш бийца баьхна хилар ду) царна гатто еш хилар а аьлла хета Эрснона.

Нохчаша Шемара тIом буьйцуш луш долу хаттар ду, хIун Iалашо йолуш бахана цига вайнах, Нохчийчура тIом а битина бохург. Коьрта бахьана цигахь ницкъ гулбар ду аьлла хета нохчашна. Цунах лаьцна а дуьйцу Эрсно Казбека.

Оршот дийнахь Iамеркин CNN телекампанино, Пентагонера хьосташна тIе а тевжуш, хаам бира, Оьрсийчоь Шема эскарш а, герзаш а тIеузуш хилар тоьшалла ду оьрсий, гIашсалташа дакъа а лоцуш, лаьттахула тIеман операци дIаяхьа кечлуш хиларна аьлла. Оьрсаша хIинцале а дIаоьзна цига яккхийн тоьпаш а, ракетийн системаш а, кхин долу а герз.

Оьрсийчоьнан президентан зорбанан секретаро Песков Дмитрийс шен агIор дIахьедар дина, иза бакъ дац аьлла. Амма Пентагонехь болчу хаамаша гойтуш ду гергарчу хенахь оьрсаша тIеман операци дIайоло мегаш хилар.

Иза иштта далахь, уггаре а хьалха оьрсийн эскархой (цхьаболчу хаамашца уьш нохчий хир бу) тIеIитталур бу Латакияна уллехь йолчу нохчийн тIемалойн тобанашна. ТIаккха хила мега Шемах нохчий вовшех тасалур болу рогIера тIеман аре.

XS
SM
MD
LG