ТIекхочийла долу линкаш

«Шеран тоьлла банкан да» хаьржина Путинан хьехамчин кIант


Патрушев Дмитрий.

Патрушев Дмитрий.

«Шеран тоьлла банкан да» цIе йолу совгIат делла Оьрсийчохь «Россельхозбанкан» урхаллан гIантдена Патрушев Дмитрийна. Иза ву президентан Путин Владимиран хьехамчин, Оьрсийчоьнан къоман кхерамазаллин кхеташонан секретаран Патрушев Николайн кIант.

Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран къоман кхерамазаллехула волчу хьехамчан кIантана Патрушев Дмитрийна делла совгIат кхоллинарг ю Оьрсийчура банкийн цхьаьнакхетаралла. Цу совгIатан цIе ю «Шеран тоьлла банкан да». Амма совгIат деллехь а, 38 шо долчу Патрушевс куьйгалла дечу пачхьалкхан банкан кхиамаш да воккхувуьйр волуш бац.

Россельхозбанк кхоьллина 2000-чу шарахь Путин Владимиран омраца. Цуьнан декхар ду Оьрсийчоьнан юьртбахамехь къахьоьгучу нахана ахчанца гIо дар. 2015-чу шарахь цу банкан цкъа а цахиллачу кепара дукха ахча дайна.

Дмитрийн да Патрушев Николай Оьрсийчоьнан федералан кхерамазаллин сервисан (ФСБ) директор хилла ву. Карарчу хенахь иза ву Оьрсийчоьнан къоман кхерамазаллин кхеташонан секретар. Патрушев Николай коьрта лоруш ву Украина бахьана долуш Малхбузенна дуьхьал латтаран Оьрсийчоьнан идеологин.

Россельхозбанкан веб-сайтана тIехь аьлла ду, Патрушев Дмитрийс къоман экономика кхиош, ша аьлча, юьртабахаман индустрин комплекс кхиош дакъалоцуш бинчу белхан лаккхара мах хадийна хилар жюрино. «Макроэкономикан хьелаш хала хиларе ца хьожуш, Iамерко а, Европо а, кхин йолчу а пачхьалкхаша кхайкхийна санкцеш хиллехь а цу банко 2015-чу шарахь алсамдаьккхина юьртабахамана ахчанца деш долу гIо» аьлла ду цу хаамехь.

Халонаш а, хилла зе а

Украинин ГIирма дIалаьцначул тIахьа дуьненаюкъалло беш болу экономикан Iаткъам ловш ю Оьрсийчоь. Цунна дуьхьало еш Iедалша омра дина хIинццалц импорт еш хиллачу юьртабахаман сурсатийн метта меттигера сурсаташ кхиаде аьлла. Цу хьокъехь махкарчу бизнесана гIо деш коьрта меттиг дIалоцуш ю пачхьалкхан финансийн институташ.

2015-чу шарахь бинчу белхан жамI деш Россельхозбанко билгалдаьккхира, керла кредиташ далар ша 25 процентана алсамдаьккхина хилар.

Россельхозбанко шен сайтана тIехь дуьйцучуьнца а догIуш, Малхбузерчу Moody’s а, Fitch а цIе йолчу рейтингийн агенталлаша ларарехь и банк спекуляци лелочу финансийн институташна юкъахь ю.

Патрушев Дмитрийна совгIат даларх лаьцна хаам бина дIадаханчу шеран ГIура-беттан 23-чу дийнахь. Амма цунна тIе шайн тидам хIинцца бен цабахийтина зорбанан гIирсаша.

Оьрсийчоьнан банкийн цхьаьнакхетаралло Патрушев Дмитрийн лаккхара мах хадийнехь а, цхьаболчу Оьрсийчура зорбанан гIирсаша тидам тIебахийтина, 2015-чу шеран хьалхара кхо квартал схьаэцча, Россельхозбанкана 67 миллиард 900 миллион сом зе хилла хилар. (Таханлерчу курсаца иза 901 миллион доллар ду.)

2014-чу шеран Товбеца-баттахь Iамерко а, Евробарто а санкцеш кхайкхийра Патрушев Дмитрийс куьйгалла дечу Россельхозбанк олучу Оьрсийчоьнан пачхьалкхан банкана. И бахьана долуш махкал арахьа болх бан йиш йоцуш ю иза. 2015-чу шеран Зазадоккху-баттахь Оьрсийчоьнан премьер-министро Медведев Дмитрийс хаам бира Iедало 10 миллиард сом лур ду цу банкана гIо дан аьлла.

Россельхозбанкан куьйгалхо хIоттийра Патрушев Дмитрий 2010-чу шеран Стигалкъекъа-баттахь. Цу хенахь цуьнан дара 33 шо.

Иштта чулацам бара Маршо Радион корреспонденташа Балмфорт Тома а, Вальсамаки Алисас а кечйинчу материалан.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG