ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIун дагахь ву Кавказ Имаратан куьйгалхо Умаров Докка?


Къилбаседа Кавказерчу къайлах лелачу тIемалойн лидер «Кавказ Имамаран» куьйгалхо Умаров Докка терроран тIелетарш кечдеш ву Сочи-гIалахь Олимпийн ловзар дIадоьлхуш аьлла хаам бина The National Post олучу газето.

Цу газете и хаам бина хьост тIетевжина Канадин талламан сервисана. Цу тайпа дIахьедар динера Умаров Доккас кху шеран Товбеца-беттан 3-чу дийнахь kavkazcenter.com интернет сайт тIехь гучуяьллачу видео тIехь.

Умаровс кхайкхам бира шен агIончашка, цуьнан дешнашца аьлча, «Оьрсийчоьно байинчу кавказхойн даьIахкаш тIехь Олимпийн ловзарш» ма дайта аьлла. Цуьнца доьзна ду оха кху кIиранах эфирехь дийцаре дан диллина хаттар.

ХIун Iалашо йолуш деш ду аьлла хета шуна Умаров Доккас цу кепара дIахьедарш.
Хетачух лаций телефон тоха тхоьга. Горгали а баийтина, охаьйилла а мега телефон, тхо тхаьш девр ду шуьца зΙене. ПрахIе зΙе тухуш:
Чехин код +420, цул тΙаьхьа 7 2 4 0 1 9 8 3 2. Боцца горгали схьахьажийча а тоаме хир ду, тхо тхаьш девр ду духьал зΙене.


СМС яийта а тарло тхан Москохарчу телефон тΙе – 8 926 23 60 4 65.

Хаттаран хьокъехь яздан йиш ю тхан сайте а: www.radiomarsho.com
XS
SM
MD
LG